Болатан Зараъ. Повесть - страница 13
Эзарнаш салтий юьртара а юьртана гонд1ахьара а охьахьаьдира юьртана йисттехула боьдучу некъаца. Кхерабаларна лаьмнаш долчу аг1ора д1ахьаьдда цхьаболу салтий, эпсарша юьхь лоцуш буйнаш а детташ метта балабеш вукху аг1ора хьовсабора, массо а д1ауьдучу аг1ора. Кхин а ламанхоша ц1аьххьана т1елатар деш хилахь а аьлла жимма доьналла долчу салтех эскарна гуонаха г1аролаш-ч1аг1онаш х1иттайора эпсарша. Инарла хьалха ваьлла вара салташна, эскарна эрна арахь гонаха хьун йоцуш меттиг лоьхура цо. Иштта меттиг бара дикка генахь хина йисттехь: цхьана аг1ора лекха берд а болуш, вукху аг1ора шера майда, хьунна генахьуо. Оцу меттехь сацийра инарлас шен эскар. Т1ебог1ун салтий а ворданаш а якхийн тоьпаш а д1анисъеш шайн гуо ч1аг1 беш, меттабог1уш бара салтий а. Эпсарш а бара б1аьргах сараг кхетча санна хьийзаш, цкъа хьалха бовдуш, т1аккха т1аьхьабисиначаьрга хьовсуш. Цхьаберш говрашна т1ехь а бара. Кестта го а лаьцна ч1аг1о а йина д1анисделира эскарш. Дукха хьолехь лайш санна лелош болу салтий, мостаг1ехчулла а ч1ог1а шайн эпсарех уьш кхоьруш хилар дара. Ткъе пхеъа шарахь салтий а вина лелош волчу стагах, лай ца хуьлийла а дацара эпсарна йиттина вен а магош долу и синпекъар.
Де суьйренга г1оьртинера, жимма язъеллачу мархашна т1ехьа лечкъара малх кест-кестта.
Шадериг бохург санна, хьаннийн баххьаш д1алаьцна заза дара дитташна даьлла. Шадолу 1алам дара хаза бос эцна, аьхкенга г1оьртинера б1аьсте. Шаьш йохийна, ягийна эрча яьккхинчу юьртана, к1урана, ц1ерна, стенгахь бу ца хуучу ламанхойн т1емлошна а шаьш генабевлла хеташ сецна го ч1аг1бинера мостаг1ийн эскарша. Лазийнарг лозаран ц1енна улло г1ертара, мацевелларг юуург кечъечу даккхийн бухьахь ц1е латош яйнаш долчу г1ертара. Ч1енгийна т1ег1уртуш еха, хьийзина 1аьржа, юккъехь сира чоьш долуш, лергана т1ера ч1енгана т1е кхаччалца ахмаж а йолуш волу инарла вара, сихха д1ах1оттийначу четарна к1елахь шен эпсаршца къамел деш.
– Яккхийн тоьпех жоп луш мила вара шух? Муха нисделира и ламанхой-акхарой, бог1уш лаьтташехь, цхьа а дуьхьалло а йоцуш юьрта чу бахкар! – реза воцуш ц1ог1 хьоькхуш т1ечехара и, охкаделла ц1оцкъамашна к1елхьара, т1ебаьлла боккха ши б1аьрг а къерзабеш.
– Иза шен яккхийн тоьпашна уллохь кхелхина… иккхинчу х1оънаша гулдан х1ума ца дитина цунах а, цуьнан салтех а, – элира горга сийна б1аьргаш долчу эпсаро.
– Цунна «Георги» ж1ара йоьхура ю аса паччахье, цунах йисинчу зудчунна, берашна йохьийтура ю! шайн да турпалла мостаг1ех леттийла хаъан деза царнна. Цуьнан бераш хьалакхиъча кхуза дахкан дезаш ма ду, т1емлой а хилла! Х1окху акхаройн х1у кхача дан дезаш ду! Вайн садо1ан йиш яц, х1окху дуьненахь цхьаъ мукъна а нохчий дийна а волуш! Х1окху ялсамане санна хаза болчу махкахь бахан бакъо йолуш бац уьш! – геннара шен ойланаш йовзийтуш къамел дора инарлас.
– Бакълуьйш ву хьо, хьан лаккхара сийлалла, оцу акхарошна меттиг бац дуьненна т1ехь! – т1етадора дукхах болчу эпсарша а.
Эпсарий-м дера бара сахиллалц а инарлийн синхаъмашка ладуг1ура долуш, цуьнга шаверг а ламанхой а х1аллаквойтура волуш, цо шайна т1е ц1ог1а ца хьекхчахьана. Амма, ша нохчашна ден долу та1азарх дийцина ваьлча, эпсаршна а кхечира цуьнгара бес-бесара къаьхьа дешнаш.
– Г1аролана къаьсттина т1е тидам бахийта, и акхарой кхин а т1елатан ойла йолуш хила мега! Яккхийн тоьпашна хаьштигаш кийча хилийта даима! Мукъа ду шу! – омра дина, эпсарш д1ахийцира цо, дов дерзош.