Хьехархочун дийцар. Дийцарш - страница 2



– Хьо экзаменна кечам беш-м вац? – хезира суна аг1онца кхоалг1ачу завучан аз.

Хазачу зезаган ц1е а йолуш, лекхуо, оьздачу дег1ехь, жима зуда яра и.

– Шадолчу дахарх еккъа ц1ена экзамен а хилла д1адаха х1ара сан дуьне-м, – бегаш бира ас.

– Махьмудна т1е а г1ой, хьо х1окху ишколан директор хила г1ерташ вац ала, хьайна х1ара концерт чекхъяла лаахь, – элира соьга зудчо, эсала ела а къежаш.

– Ой, – цецвелира со. Хьуна муха хиира со директоран меттиг къуьйсуш воций?

– Хьо Дала поэт хила кхоьллина ву. Нуьцкъала хьо директор х1оттийча а, ахьа баттахь а бийр бац х1ара болх. РОНО-хь а шарахь бен ца хьевелла хьо, итт шо хьалха делахь а, – кхин цкъа а оьзда елакъежира жима зуда.

– Ткъа стенгара даьржина и эладита, со директоран меттиг схьаяккха веина ву аьлла? – хаьттира ас хьекъалечу жимчу зудчуьнга.

– Хьайн лулахошца бертахь 1е, я меттиг хийца, – хьехар дира жимчу зудчо.

– Со бехк боцуш бехказа вийлалур вац цхьанна а хьалха, – элира ас.

– Суна-м хаьара ахь иштта жоп лур дуй. Х1окху харцдуьненан стаг вац хьо. Дала аьтту бойла хьан, – ойлане хилла, готтачу уьчахула д1аяхара хьекъале жима зуда шен кабинет йолчу аг1ор.

«Адамашца тарвала веза!» – тхайн ненан хьехар дагадеара суна хьехархойн чоьнехьа д1авоьдуш.

– Ваша, ваша, – т1аьхьакхойкхуш хийтира суна берех юьззина йолчу уьчахула со схьавог1уш.

Со вухавирзича, пхоьалг1ачу классера жима к1ант вара соьга цхьаъ-м ала г1ерташ.

– Х1ун боху ахь, жима стаг? – сецира со.

– Хьоьга арахь кхойкхуш цхьа ваша ву-кх, – хаийтира к1анта.

– Баркал, жима стаг, баркал, – мукъавитира ас к1ант.

Со ишколан уьйт1а ваьлча, соьга хьоьжуш лаьтташ со чохь 1аш волчу г1ишлон да вара.

– Делан дуьхьа, бехк ма биллалахь, х1ара ишта нисдаларна. Масех шарна аьлла чувахийтинера ас хьо х1усаме. Делахь а, и х1усам парг1атъяккха дезар ду хьан цхьана-шина дийнахь. И тхан к1ант аьлча а, оцу мер1уьргана зуда ялор чудоьссина-кх. Уьйт1ахь цхьа чоь мукъа а елара, хьо ара ца ваккха, – бехкала вахана кеп х1иттайора квартирин дас.

– Со х1усамехь 1ерна ишколо ахча д1аделлий хьуна? – хаьттира аса.

– Ахча-м, дера, хир дацара х1окху ишколера. Иза-м оьшуш а дацара, – бехказвуьйлура и.

– Дика ду, ас директоре сайна кхин х1усам лаха эр ду. Х1окху юьртахь еса лаьтташ дукха г1ишлош ю бохуш вара иза, – ас олуш къаьстира тхойшиъ.

Ишколехь-м директор карор вацара – ас мобилан з1е туьйхира Махьмуде.

– Еса лаьтташ г1ишлош шортта ю юьртахь. Ас завхозе омра дийр ду. Шек д1а а ма вала хьо! – дош луш, сан сапарг1атдаьккхира директора.

Амма де а д1аделира, шиъ, к1ира а. Завхоз а вара, эса дайна етт санна, корта а оллийна, бехкалвахана кеп х1иттош:

– Ванах, и цхьа ц1а доцуш висина накъост ма 1ийра вайн ишколехь, шена цхьа чоь а тойина. Божа вара и, Бомжа вара и – ц1е а яра цуьнан цхьа тамашийна. Оцу чохь цхьа зудчун бахьана а далийра цо. Хьуна кхин г1ишло караяллац цунах йисинчу чохь 1ийча х1ун дара хьо?

– Ткъа кхин г1ишло маца карор ю алалур дуй хьоьга? – хаьттира аса завхозе.

– Деллахь ца хаьа суна-м, – бехкалвахара завхоз.

Суна ишколан чохь нисйина чоь цхьа не1 уьчара чу, важа не1 аг1онца пенах луларчу пхьерийн чу а йолуш яра. Уьчахь – берийн г1овг1анаш, лулахь – ц1охарийн г1овг1а. Сан чохь ц1охаршна ток лун щит. Со вижина велахь а, г1аьттина велахь а, чай молуш велахь а, аг1онца пенахара не1 йоьллий, соьга салам а лой, шайн щит чохь болх бора белхалоша. Мала хи дезча а, меттара г1аттавой а, соьга доьхура. Бинт эшча а, соьга доьхура, не1 йоьллий, чоьхьа а бовлий.