Ламазан догIа - страница 3
Амма ламаз оьцуш шозлаг1а я кхозлаг1а меже юьлуш лелина хи, я суннат лийчаран лелина хи – цуьнца фарз-ламаз эца а, фарз-лийчар т1ера даккха а мегаш ду, х1унда аьлча, фарзан меже ца йилина цу хица суннатан меже йилина, цундела фарзан меже юьлуш9 лелийна хи суннат я фарз долу х1умангахь лело мегаш дац, амма суннат долу х1умангахь10 лелийна хи – фарз меже я суннат-меже юьлуш лело мега.
– Амма Ламаз оьцуш я луьйчуш волчо хи куьйгаца пхьег1ан чуьра схьаоьцуш далахь, хи схьаэца дагахь волуш пхьег1а чу куьг 1оттахь хи ц1ена ду. Амма хи чу куьг 1уттуш хи схьаэцар дагахь доцуш куьг дилар дагахь хиллехь, т1аккха хи леладина хуьлу, кхин фарз-меже йила мегаш ца хуьлу цу хица, амма суннат меже. Цу т1ехь тидаме хила веза пхьег1а чуьра хица ламаз оьцуш я луьйчуш верг. Х1ара ду нагахь санна куьг чу 1утту хи 200 литр дацахь. Амма 200 литр далахь, куьг дила ниятац цу 200 литр йолчу хи чу 1оьттича х1умма дац.
Фарз меже юьлуш лелийначу хица нажас д1аяккха мегаш дац.
4-НАЖАС ХИ
Нажас хи – иза шена чу йоьжначу нажасо11 хин бос я чам я хьожа хийцина хи ду, иза дукха далахь я къезиг далахь башхалла яц. Иштта башхалла яц, цу нажасац хин бос а, чам а, хьожа а хийцаелча я царех12 цхьаъ я шиъ я кхоий хийцаелча а. Хин басах, чомах, хьожах муьлха цхьаъ нажасац хийцалахь и хи нажас хи ду, иза к1езиг далахь а я дукха далахь а. Нажас хи цхьанни х1умангахь лело мегар дац.
Амма ц1ена хи чу нажас йоьжнехь, делахь а цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, ишттачу хин ши хьал ду:
1-Хи ши б1е (200) литр дацахь цунна чу нажас йоьжнехь и хи нажас ду, нажасо цу хин бос я чам я хьожа хийца ца хийцнехь а, х1унда аьлча ши б1е (200) литр доцу хи к1езиг хи ду, нажасан дуьхьоло ца яло цуьнга, нажасан бос я чам я хьожа цунна т1ехь гучу ца яьллехь а.
Амма ши б1е (200) литр доцу нажасац бехделла хина т1е ц1ена хи доьттина нажасац бехделла хи ши б1е (200) литр я кхиъ сов далахь, т1аккха цу хица нажаси чам я хьожа я бос хаалуш бацахь, и хи ц1анделла ц1ена хи ду 1ибадатехь лело мегар долуш.
2-Амма хи 200 литр я кхиъ сов далахь цу чу нажас йоьжнехь, цу нажасо хин бос я чам я хьож ца хийцнехь, и хи ц1ена ду, 1ибадатехь лело мегар ду, х1унда аьлча дукха хи ду иза, нажасан дуьхьало йина, цунна т1ехь тоь́лу иза.
– Нажасац бех делла хи ц1ан делла хуьлу, нагахь санна:
1-хица йолу нажас ша д1аялахь т1аьхьа х1ума ца юьсуш, нажасан чам а хьожа а бос а ца буьсуш хица.
2-я хин т1е дуккху хи доьттина хи ши б1е (200) литр бараме кхачахь, нажаси бос а чам а хьожа а ца юьсуш, т1аккха хи т1ох1ур хуьлу, нажас хи чохь гуш ялахь а.
Амма нажасац хийцаделлачу хина т1е латта я миска я уксус я кхи йолу муьлха х1ума тоьхча13 нажас къайла ялахь а хи ц1ан делла ца хуьлу, х1унда аьлча, цу х1умнаша нажас д1ацайоккху амма къайла йоккху, т1къа цара нажас къайлаяьккхича хи ц1анделла ца хуьлу.
– Шина пхьег1а чохь ц1ена хи ду. Цершиннах цхьана пхег1ачу нажас йоьжна хи бехделла, амма муьлха пхег1а чу йоьжна ца хаа, бехделларг х1у хи ду ца хаа я ц1ен дерг х1у хи ду ца хаа. Х1ун дийра ду? Б1аьрса са долуш валахь цо хи цуьнан 1аламаташца толлура ду ц1ена дерг боьхачух схьакъасторхьам, т1аккха цу шина хих шена ц1ена хеттарг лелор ду ламаз оьцуш я луьйчуш.
Амма ши хи тиллича ц1ена хила мегарг къаста цалахь, шийи хи д1а1анора ду, т1аккха кхин ц1ена хи дацахь тема дийра ду14, цу темаца дина ламаз юха хица ламаз эцна доькхуш т1е дан ца деза.
Амма шина пхьег1а чохь долу боьхий ц1ений хи иэделларг б1аьрзе валахь, цо хи толлура ду цу шиннах ц1ена дерги боьха дерги къасторхьам. Цуьнга ц1ена хи боьхачух къасталахь, шена ц1ена ду аьлла билгалла даьлларг лелор ду. Амма цунна цершиннах ц1ена дерг билгалла ца далахь, цо и шиъ д1адуттура дац, б1аьрса са долчо бохург дийра ду цо.