Болатан Зараъ. Повесть - страница 2



Церан шина дена юккъехь долу гергало бахьанехь Виситий, Зараъий а дара ваш-йиший санна цхьана хьалакхиина. Хала киртиг яра жимачу стаганий, йо1аний дахарехь т1ех1оьттинарг.

Говраш д1а1алашйина девлича, Зараъ лохачу раг1ун к1ела яхара, к1антана юург охьайилла. Ткъа Висита ц1ийнат1ехьахула хьаьдда доьдучу сирлачу татолана т1е вахара, юьхьах хи тохан. Жима стаг раг1у к1ела веъча Зараъас лохчу истолан т1е йиллинера, суьйрана кечйина х1инца а шелъелла яланза сискал, т1оберам, сихха к1еглеш т1ехь деттина схьадолуш дара дакъадина жижиг а.

– Со ойла еш яра, – элира Зараъас г1айг1анечу озаца, юьхьаха гата а хьокхуш, раг1уна к1ела вог1учу Вистига. – Ахьа дийнна рема схьа а яьккхина битинчу нехан а ма ду бераш а, берийн бераш а хир ду. Церан ойла ян а йой техьа ахьа а, хьо санна болчу т1елатархоша а?

Раг1уна к1елахь Зараъас латийна чиркхана серлонехь соцунг1а хилира Висита, йо1ийгара дагахь а доцуш иштта хаттар шена хезча. Амма и хаттар-м цо ша-шега дуьххьара деллачух тера дацара. Халла раг1уна к1ела тарлуш онда вара жима стаг.

– Паччахьан эскаршна хьалха а лелхаш, вайн лаьтташна т1едог1у некъаш а гойтуш, вайн адамаш а дойъуш, вайн а, шайн а берех бобераш а деш, харцонаш лелийначу г1алг1азкхийн, г1алмакхойн реманаш, бежнаш ду оха царех таса а луш, цаьргара дохурш. Вай ца бина царех мостаг1ий, цара бина вайна а, шайна а бала. Уьш паччахьах бевдда баьхкича, вайх царнна тешамен лулахой хиллера. Амма паччахьа шаьш хьаьстича, сиха 1ехабелира уьш, сихбелира вайн ярташ ягон а! Дала бекхам бийр бу церан т1аьхенна а техь! – олуш шен майра сирла б1аьргашца йо1е хьажира Висит.

– Хьо хьанна луьйш ву, ва к1ант? – къамело 1ехийначу Зараъаний, Виситиний дагахь доцуш, дийкира воккхачу стеган аз.

– Адамаллех, къинхетамах лаьцна цхьацца ойланаш йора оха-м, ваша, – олуш лохачу г1анта т1ера г1аьттина дег1 нийсдира Виситас.

Жимчу стеган шена хезначу къамелан кийсагах жам1 динчу воккхачу стага элира:

– Дера, г1алг1азкхий-м къонаха къам дара, вайна юккъехь-м ц1ий ийдина гергалонаш а дара хьалха заманчохь. Царнна хьалхабевллалеларш хир бу-кх церан б1аьрса дайъинарш. Охьалахлол, Висита, х1ума кхаллал. Йо1, суна а доттал г1алмакхчай, – олуш истолан йистте д1атарвелира воккха стаг.

Висита а хиъира охьа цул т1аьхьа.

– Ваша, говраш а, бежнаш а юьртарчу мискачу нахана д1анийсаян, юьртара баккхийчу нехан г1о оьшура суна. И хьайна т1елоцур дацара техьа ахьа? – дехар деш хаьттира жимачу стага юучу х1умана т1е а кхевдаш.

– Кхана 1уьйрана чукхойкхура бу аса баккхийнарш, – цхьана х1умана ойлане а хуьлуш элира Болатас, жимма 1ийна т1етуьйхира: – Висита, мискачу нахана ахьа а, хьан накъосташа а динарг доккха г1о ду. Т1аьххьара вайна паччахьан хьадалчаша кховдийначу т1емаша г1орасиз даьккхина дукха адам. Вайн наха вовшен г1о дахь а, хала киртиг ю дукха нахана т1ех1оьттинарг. Иштта делахь а, со дийна волучура хьан ден меттана а хилла 1аш а хиларна, цхьа хьехар дара сан хьуна а, хьан накъосташна а дан лууш. Дайшкара даьллачу г1алатех кегийра бераша, зударша жоп далан дезаш дац, муьлхха а къоман г1иллакхе даьккхича а. Вайн бераш бахьана долуш нехан берийн багара сискал яккхар нийса дац. И аша дийриг, т1ом боьдуш болуш хилча а, инзаре х1ума ду. Цулла совнаха, шун дахарна кхерамен х1уманаш а ду уьш. Герз д1аса тухучу меттехь даима а бац д1атохан аьтто болуш. Вайшинна юкъалелан вайн кхин зударий а бац, цундела со ца аьлча а ца волу. Хьайн х1усама а кхоьллина, вахаран т1е ойла а яхийтан дезара ахьа.