Болатан Зараъ. Повесть - страница 3
Эхь-бекх лаьцна, Висита истола т1ера г1атта сихвелча, омран кепехь куьйг хьажийна, и охьа а хаъийтина, ша г1аьттина чу вахан д1аволавелира воккха стаг.
Виситас шен керта ца ялийра цхьа корта а говр, бежан. Амма Зараъина боьг1на хиллера буьйсана к1айн хеташ хилла сира дин. Оцу буьйсана говрашна Зараъас йол юьллуш дуьйна хаъалора, динан йо1е кхоллабелла безам. Йо1а шена хьалха йиллина йол ца хьанъеш, цуьнга леррина хьоьжура сира дин. 1уьйрана говраш мискачу нахана д1аса юьгуш, сира дин-м Зараъина уллора д1абаккхан а ца белира. Бера санна йо1ана т1аьхьа а баьлла лелара сира дин. И сурт гинчу баккхийнчара а дин йо1ана битан сацам бира. Сирдин аьлла ц1е а кхоллаелира динан оцу дийнахь.
Зараъеран кертахь Сирдин д1абоьхкуш а бацара. Ша юьрта йистте яжа а йоьдура говра, ша ц1а а йог1ура. Йо1а нускал санна хаза а, ц1ена а латтайора Сирдин. Заръина говра а езаелира барам боцуш, амма нахана гуш дийнахь иза т1ехиъна хахкар-м ца хуьлура цуьнан. Нохчийн йо1ана товш дацара и санна дериг, цундела Зараъ буьйса юккъе яхача, божарийн духарца, шен говра хуура. Сирдин-м оцу хенахь самукъадолий, т1ема балан боллу моьттуш хуьлура. Туьйранахь бийцина т1емаш долу дин санна лелара и лаьмнашкахь, ломана буьххье хьалахьодуш, т1емабаьлча санна охьахоьдуш. Ткъа Зараъ ша хуьлура оцу хенахь уггаре ирсен йо1 х1окху доккхачу дуьнен чохь! Хабарш-м дукха дера дара Сирдинах, Зараъах лаьцна, делахь шен б1аьргашна гинарг цхьа а вацара.
Иштта чекхъелира лаьмнашкахь ялсамане санна йолу йовха аьхке. Дитташна т1ера, маждеш, г1аш а эгийна, гуьйре а хьаьдда т1ехйолуш яра. Шелонан дуьххьара денош а дара малхаца къийсалуш чуьрадевлла. Жимчу Зараъин Сирдинан-м цхьанна самукъадолура г1аш эгна чекх са гуш елахь а, хьуьна юккъехула лам буьххье хьодуш, детин з1аьнарша туьйсуш долчу седарчашца а, боккха корта болу можачу баттаца а къуьйсуш. Тешамен а, самукъане а доттаг1-дин карийнера жимачу Зараъина, амма къоначу йоь1ан б1аьргашна чохь даима а хаъалора сингаттам. Накъостий мехкарий шайн безамаш карош а, маре оьхуш, шайн дахаран некъ билгала боккхуш бара. Зараъина кхочушдерг мехкарийн шабар-шибарш бен дацара. Висита кхин Теркана дехьа ца вахара, шен даьхни а, ирзо а лелош тийначу дахаре ваьллера и. Зараъ йолчу х1ора дийнахь бохург санна вог1ура жима стаг, амма шен йишица санна вара и даима а х1окхуьнца. Делахь а кхин цхьанна а йо1ана т1ехьаьвзина, захалу дийцина хаъавелла а вацара и. Зараъина-м и х1аваъ санна вара, схьахетарехь! Х1аваъ долуш, вай цуьнан тидам а ца бо, амма и доцуш цхьа минот а ца дахало дуьненчохь. Зараъас кест-кестта олура Виситига:
– Ванах, Виса, хьо цхьана а йо1ана т1ехьаьвзаш а ма вац! Хьо зуда ялон дагахь а вац?
– Амма Виситас бегаш бора дуьхьала:
– Сайн йише кхочуш ериг ца карийна суна х1инца а! – олий.
«Ткъа, нагахь Висас боккъал а зуда ялаяхь, аса х1ун дийр ду техьа?» – ойлано хьовзайора Зараъ наггахь.
Дуьххьара шийла денош а кхечира эххар а нохчийн лаьмнашка, дуьххьара ло а кхоьссира. Шелоно делахь а, т1емашкахь дукха хиллачу чевнаша делахь а воккха стаг Болат ц1аьххьана цамогуш хилла вуьйжира метта. Меттахь к1ира даьккхича цкха цхьана суьйрана Зараъица шаьш цхьана дисинчу хенахь, цо йо1е элира:
– Зараъ, сан йо1, хьо ч1аг1лолахь, хала денош т1екхочуш ду хьуна. Со меттара кхин г1атталура воцуш цамогуш хилла, хьо х1окху нана дуьненчохь цхьаъ йитина д1авахан дезаш ву со кестта. Хьо хьуо юьсура юйла хууш санна, аса цхьацца хьуьнарш-м 1амийнера хьуна, делахь а со ч1ог1а г1алата ваьлла. Х1инца, со к1елависича бен ца кхийти со. И сан бехк бу, суна къинт1ера ялахьа.