Болатан Зараъ. Повесть - страница 7
– Вайна хьалха йолу юрт мостаг1чо йохийна! Цу юьртара бевдда к1елхьарабевлла зударий-мах1ажарш бу гена боцуш х1окху некъа т1ехула схьабог1уш. Уьш ломахь к1елхьара бовлу дагахь бу! – элира доцца, Висита кхетавеш, Лечас, шен хьаьжюьккъера шед а ца бостуш.
– Мичхьа бу и зударий? Гайтал тхуна! – олуш, шен говра некъат1ехула охьайолаялийтира Виситас.
– Гена бац! – олуш Аьрзус шен сиха дин хьалха кхоьссира Виситина. Лечас а шен говр д1аэккхийтира Аьрзуна т1аьххьа.
Кестта дошлошна гира ворданий ч1ургаша т1ехь ларнаш йитинчу некъахула хьалха г1ерташ йолу зударийн, берийн шиъ-кхоъ б1е хир йолуш йоккха тоба. Царех цхьаберш чевнаш йина болучух тера а дара, цхьацца бехчалгашца дихкина ког-куьйг дара церан ц1ех дуьзина. Дуьхьала бог1уш т1емлой гича, зударий некъана йистте дитташна юккъе а бовлуш сецира, сапарг1ат садо1ан. Уьш бевдда к1елхьара бевлла к1адбеллачух тера дара. Шаберш бохург санна бецана т1е охьалахбелира уьш. Хьалха йог1уш хилла куьйг дихкина йолу йоккха стаг Хьава, цунна г1одеш г1ортор хилла йог1уш хилла кхиъна йог1у йо1 а д1анисъелира дитта к1елахь бецана т1ехь. Висита вог1уш лаьтташехь говрара воьссина улло хилира зударшна. Цхьаболчу зударийн б1аьргех хинт1адамаш оьхура, амма церан белхар г1овг1а йоцуш тийна дара. Кегийрачу берийн ц1ог1наш-м дара кхераделла а, мацделла а хьоькхуш.
Йоккхачу стагна Хьавана улло вахана Виситас хаьттира:
– Баба, куьйг лозийна ду хьан? Лозий хьан и? Дика д1адихкича х1ун дара техьа?
– Куьйг-м ца лозура сан, жима стаг, дог лозу-кх, х1ара адамийн бала гуш. Вайга х1ун де боху техьа оцу боьхачу адамаша! Олуш, дуьйцуш х1ума а доцуш, 1уьйрана малх г1оттуш юьртана гуо а бина, яккхий тоьпаш йиттина адам х1аллак ди-кх оцу дела воцучу хьакхарчаша! Ягийна д1аяьккхи-кх цара и вайн юрт!
– Божарий стенга бахана, баба? Дийна стагга а ца висина? – хаьттира Виситас.
– Мила дийна ву а ца хаьъа, мила вийна а ца хаьъа! Яккхийн тоьпаша х1оъа бетташ б1арзвинера шаверг а! Божарша а, дукхачу зударша а герз карахь дуьхьало йира оцу т1еман к1урна юккъехула. Царах х1ун хилла а ца хаьа тхуна-м, – легашкахь хорам хилла хала дара Хьавана къамел дан.
Йоккхачу стаге садо1ийтуш Висита айбавелла некъаца охьахьаьжира. Йист ца гуш дукха бара мух1ажарш. Дошлой а говрашкара биссина шайн гергарнаш лохуш буьйлабеллера.
– Баба, тхо даханза ца довлу… шу ломарчу ярташка хьалакхачалур дуй-те? – хаьттира Виситас.
– Х1умма а дац, жима стаг, тхо-м т1амана к1елхьара девличахьана меллаша д1аг1уртура дара. Шу ма к1езига ду-кх оцу Делан мостаг1ашна дуьхьала, яккхийчу тоьпашна дуьхьала. Шортта т1емлой а гулбина дан дезар-кха царнна та1азар, оцу хьаькхийн хьожа йог1учу эскарна, – шен корта, лозуш санна, лестабора йоккхачу стага.
– Баба, шун некъ цу Везчу Дала нийсбойла! Тхо ца дахача ца довлу х1инца! Тхайга х1ун дан ло хьовсур тхо! – олуш айбавелира Висита.
Оцу хенахь жимма дехьа, хьуьна юккъехь ц1аьххьана зударийн тийжар хезира, цхьаммо-м мохь а олуш. Висита улло г1оьртира, цигахь Ваха а гира х1окхунна, иза воьхна хаалуш а вара.
– Х1ун хилла, Ваха? – хаьттира Виситас.
Куьйгашца корта а лаьцна хьуьна юккъе д1аволавелира Ваха, дуьхьала х1ума а ца олуш.
– Зударий, х1ун ду кхузахь хилларг? – алан кхиъира Висита, зударий д1аса хилира сихха.
Доккхачу наж диттана бухахь юькъачу бецана т1ехь 1уьллура куьйгаш д1аса а тесина вуьрх1ийтта шо хир долуш йо1. Цуьнан г1ода юккъехь озийна йихкина шаршу хилла к1адийн кесаг яра. Оцу юккъехула х1инца а охьаледаш ц1ийн т1адамаш дара йоь1ан аг1онца. Висита кхийтира хилларг х1ун ду, йо1 садоь1уш яцара.