ЧIир. Роман - страница 12



– Дада? Тера йуй? Ишта йарий сан нана?

– Йацара! – доцца хадийра Кантас. Цунна цкъа а ца лаьара Микаилан ненах лаьцна дийца. КIантана хаьа лаьара муха дара ненан бIаьргийн хьежар, муха дара цуьнан аз, йелайалар, эсала йарий цуьнан амал, амма Канта цу дехаршна даима а къора вара.

Тахана Микаил боккъалла а воьхнера. Русланах теша хала дара. Кхузара ведда дIаваха, хилларг гIан долуш санна дицдан лаьара цунна, амма кху хийрачу стага нана хьахийча, шеко йоьссира кIентан даге.

– Нагахь санна хьуна со хьайх тешийта лаахь, сан ненан сурт гайта тIаккха суна. Суна иза сиха йевзар йу.

– Шеко йац цу тIехь, Микаил. Дер йевзар йу хьуна иза. – Руслана сиха дIакховдийра цуьнга Бэллин сурт. Цу мIаьргонехь кIентан бIаьргаш хих дуьзнера. Руслан машеначуьра аравелира. Жимма арахь а лаьттина, йуха машенна чухиъча, цунна гира сурт а карахь воьлхуш Iаш волу Микаил. КIант шена тIеозош, иза доггах маракъевлира Руслана, ткъа Микаила дуьхьало а ца йира… Дегочу озаца цо «дада» олуш хезира Русланна.

Руслана итта шарахь сатийсинера Микаил дуьненчу валаре. Эххар а дуьххьара цо мохь тоьхча, Русланан дахар хийцаделира, дерриге а дуьне хийцаделира цунна. Кхо кила бен йозалла йоцу, и йовха ларча шега схьакховдийча, Руслан кхийтира шен дай лар йоцуш бовр бац – хIара йу церан кхане, церан тIаьхье. ХIетахь санна хIинца а маракъуьйлура Руслана шен кIант, Дала шолгIа совгIат деш, кхуьнан дахаре йухаверзийна волу кIант.

– ХIунда йеллера нана? Могуш йацара иза? – эххар а хаьттира Микаила.

– Оьрсийн маттахь хьуна деша хууш делахь, ас гойтур дара хьуна цо йаздина кехат – жоп делира Руслана.

– Суна хаьа оьрсийн маттахь деша! – хазахийтира Микаилна.

Руслана тIоьрмигчуьра схьаэцна, дIакховдийра цуьнга мажделла кехат – Бэллас Руслане аьлла тIаьххьара дешнаш.

«…Руслан, цкъа а диканах дог дилла мегар дац, цундела ас а сатуьйсу, со дийна а йиссина, хIара кехат ахь доьшур дац аьлла. Iожаллах кхоьруш йац хьуна со, со кхоьру хьоьх а, оццул дуккха а шерашкахь вайшиммо сатийсина хиллачу Микаилах а къаста…»

Йуха а охьахьевдира кIентан бIаьргара хиш, ткъа Бэллас кхин дIа йаздора: «Руслан, хилларг хилла даьлла, иза хийца вайшинан ницкъ кхочур бац. Сайн дахарна а, вайшинан кIентан дахарна а йукъахь, ас хаьржина кIентан дахар. Ас хьоьца ирсе хан йаьккхинера. Хьан безам а, йовхо а дуьненан мел даккхийчу диканех а хуьйцур бацара ас цкъа а. Со тешна йу ас вайн жимачу кIентан дахар лардарна Дала суна йал луш, вай йалсаманехь цхьаьнатухур хиларах. Эхартахь боккъалла а безначарца хир ду ма аьлла вай Дала. Со тешна йу ахь вайн кIантах хьуо санна къонаха кхиор ву аьлла. Ледар ма виталахь иза…»

Ойланашка ваханчу Микаила эххар а хаьттира Руслане:

– Кхин дIа хIун хир ду? Канте хIун ала деза вай? Иза муха кхетор ву ахь?

– Суна ца оьшу иза кхето. Цо со кхето веза хIун бахьана долуш ваьккхина цо со сайн кIантах?

Русланан къамелехь оьгIазло хаайелира Микаилна.

– Дада, суна ца хаьа хилларг хIун ду, амма иза нахана зуламе стаг хилла вац хьуна цкъа а, ткъа суна мелхо а. Дас-нанас шен беран йийр йоцу терго йина цо суна. Ас доьху хьоьга, сих ма ло цунна йемал дан. Цкъа ладогIа цо хьайга хIун дуьйцур ду. Дика дуй?

– Дика ду. – Руслан цецваьккхинера Микаилан чулацаме къамела. Руслан кхийтира жима велахь а, Микаилна дахаран маьIна дан хууш хиларах.

– Микаил, ахь Кантех дада олура? ХIинца хIун эр ду ахь цунах?

– Дада, со кхета хьоьх, амма хьо соьх а кхета. Кху йалхийтта шеран йохаллехь Кантас шен безам, шен комаьршалла ца кхоош, лелийна со, бовзийтина суна нохчаллин лехамаш, кхиийна соьхь Даймахке безам. Цо даима а олуш дара соьга, мацца вахана а, Даймахка цIа ваха веза.