ЧIир. Роман - страница 13



– Микаил, тIаккха со ца кхета, стенна оьшуш хилла цунна иза ша дерриге а? Нагахь санна бер дезаш иза хиллехь, бер хилийта эзар аьтто ма бара цуьнан, хьо ца лачкъийча а. ХIун бахьана долуш, къаьсттина со дакъазаваьккхина цо нийсса йалхийтта шарна?

– Дада, суна иза ца хаьа, амма Канта цхьаьна а адамна вуо дийр долуш стаг воций-м хаьа суна. Дика стаг ву иза. Кхин ала хIума дац сан цуьнан хьокъехь.

– Хьо нийса луьйш хила а мега, Микаил. Дуккха а шераш хьалха, со зуламхоша лачкъийначу хенахь, царна йукъахь и цхьаъ бен вацара йуьхьтIехь туьтмIаьжиг йоцуш. И цхьаъ вара тхоьца къинхетаме. Цо тхуна тIехь Iазап ца латтадора, йаа хIума а лора. Дукха ойла йинера ас цу хьокъехь, ткъа цул совнаха кхин цхьа хIума а ду – нагахь санна цунна хьо суна каро ца лиънехь, цо цкъа а могуьйтур дацара ша телевизор чохь гайта, цул совнаха хьо цхьаьна а волуш. Йа иза боккъалла а Iовдал хила веза, йа соьга шу лахийта лууш хила веза.

– Дада, ас кхин цхьа хIума а эр ду хьоьга – Канта чIогIа хьекъале стаг ву хьуна.

– ТIаккха хIунда лиъна цунна соьга хьо лехийта?

– Суна ца хаьа!

– Хуур дац дер хьуна. Со а ма вац кху хьолах кхеташ.

– Пхи минот йалале дерриге а хаьа аьтто бу-кх вайшинан.

– Микаил, цкъа хьалха ламаз дан лаьара суна, кхузахь меттиг йелахь нагахь санна.

– Дер йу. ДIогахь жима гIишло гуш йуй хьуна? Цу чохь маьждиг ду хьуна. Йалх шо кхаьчначу хенахь дуьйна Кантас хIора пIераскан дийнахь вуьгура со цига. Ас ламаз а Iамийра, иштта Iаьрбойн мотт а. Суна КъорIан деша а хаьа.

– Дела реза хуьлда цунна.

Руслан кхетара, бакъ дерг тIе ца эцча, ша ца волий – Кантас дукха диканаш дина кхуьнан кIантана, амма хIун Iалашо хилла цуьнан жима бер дегара лачкъош? Иза йоккха къайле йара. Микаил карийна воккхавеш велахь а, амма Канте болчу цабезамах цIанбелла бацара хIинца а Русланан кийра.

Маьждигехь ламаз а эцна, ламаз дан дIахIоьттира Руслан, ткъа цунна улло лаьттара Микаил. Русланна дуьххьара гуш буйнал бен ца хилла Микаил, хIинца шен деца нийсса вара.

– АлхьамдулиллахIи! Ахь диначунна реза ву-кх со, АллахI! – дерзийра шен ламаз Руслана.

Микаил хIинца а Iаьбна вацара шен ненан суьртах. Иза вехха хьоьжура цуьнан эсала амате. И сурт карахь долуш, ненан карахь куьйг долуш санна хетара Микаилна. Ткъа Русланан ойланашкахь йуха а Канта вара. Иза кхетара зуламе стаго ишта лерина терго йеш кIант кхиор вацара…

Меллаша маьждигера аравелира Руслан а, Микаил а.

– Микаил, вайшиъ чоьхьаваьлча, Кантин чоь гайталахь суна, ткъа хьуо дIанехьа вала. Кантица шеца къамел дан лаьа суна, цуьнан бIаьра а хьоьжуш.

Руслана иза оьгIазлонца аьлла доццушшехь, Микаилан синтем бацара.

– Дада… дика хир ма ду ша дерриге а дуй?

– Дер хир ду, Микаил! Са ма гатде ахь.

И шиъ чоьхьавелира. Руслана доккха са даьккхира. Микаилан неIаран тIам озо дагахь куьйг дIакховдийча, иза сацийра Руслана:

– Собар дехьа, Микаил. Жимма хан йеза суна. Кхетий хьо соьх?

– Дер кхета, дада. Вайшиъ цхьанхьа а сиха ма вац – реза хилира Микаил.

Руслан йуха а вехха хьоьжура кIентан бIаьра. Дахар шина декъе декъаделлера. Цхьа дакъа йаханчу заманехь диссира, ткъа шолгIаниг Кантица къамел хиллачу мIаьргонехь долалур ду. Руслан ирзу долчу агIор дIавахана, бай тIе охьалахвелира, ткъа цIеххьана самадаьллачу иэса марсайаьккхинера кийрахь йаьлла цIе. БIаьргаш хьалха хIоьттира хIара дуьххьара эскаре кхаьчна денош.


Корта III


Руслан эскарехь


I

Руслан берхIитта шо кхаьчча, массо а нийсархой санна эскаре кхайкхира. Даймохк ларбар шен сийлахь доккха декхара хетара цунна, ткъа уггаре а чIогIа Афганистане кхача лаьара, мостагIашца нийсачу къиссамехь шен доьналла гайта.