ЧIир. Роман - страница 17



– Ткъа шахматы хIун бохург ду?

– Кравцовс хаьттира шахматех ловза хууш мила ву? Рязановс а, Бердяевс а хазахетта куьйгаш айдира, шаьшинга ловза боху моьттуш, ткъа Кравцовс элира – дIогара кубрик гуш йуй шуна? Аьнгали кара а эций, цIенкъа цIанйе, лепаш хилийта иза. Са хиллалц цIенкъа горгамш хьийкхира цара, хIете а билгалйиначу ханна ца ларийра, цундела хьуна ма-гарра муцIарш а йохийна хьийзаш бу.

– ЛадогIал соьга, Витек! Цкъа делахь, шун муцIарш йац, шун йаьххьаш йу, массо а адамийн санна. ШолгIа делахь, таханлерачу дийнахь дуьйна цхьа а шахматех ловзуш а вац, машен хохкуш а вац, йа нIаьна санна Iоьхуш а вац. Хьо кхеттий?

– Ши бIаьрг а къарзийна, Iадийча санна лаьттара Витек.

– Руслан, хьо лартIахь вуй? Цара вай дойур ма ду тIаккха…

– Ас аьлларг дехьа! Кхана-лама баркалла эр ду ахь суна. – йукъахдеккхира цуьнан къамел Руслана.

– Дика ду! – ца ваьлла реза хилира Витек, цунах дош хир доций ша кхеташ воллушшехь.

Суьйренан таллам биначул тIаьхьа, капитан Гончаровс массеран а буьйса декъала а йина араволуш Руслане а хьаьжна элира:

– Дала аьтто бойла хьан, Дадиев!

ДIадуьйша омра диначул тIаьхьа, салагаш сиха шайн метта хьалабевлира. Руслан маьнги тIера йургIа дIасхьа а ца даржош, йуьхь-куьйг дIадила сехьа чувелира. Цигахь хезира цунна Кравцовн буьрса аз:

– Синош, дIахIиттал могIаре! Мичахь йу и керла йеана йолу боьха хIума?

– ХIан… хан тIекхечи – ойла йира Руслана. Хьалхарчу ярусера меттиг йоккху хан бокъалла а тIекхаьчнера.

Руслан меллаша чоьхьавелира. Цунна гира Кравцовна хьалха лаьтта виъ бIаьхо.

– Шу виъ сихонца шайн маьнганашна тIе схьала а довлий, дIадуьйша. Аш кхин цкъа а машенаш хоьхкур йац! – элира Руслана.

– ХIун элира ахь? – Iуьргара лаьхьанаш санна, гучубевлира баккхийнаш.

– Шуна хезнарг элира-кх. – кIоршаме жоп делира Руслана, ткъа йуха кхеравеллачу Витекана тIевахара иза, цуьнан жимма а сатеда.

Русланна гира шена тоха Кравцовс айдина куьйг. Руслан охьатаьIира, ткъа цу мIаьргонехь Кравцовн моччахалах буй тоьхна, иза вожийра цо. Минот йалале тIеведда волу кхин сержант, буй къовла а ца ларош Кравцовна улло охьавуьйжира, Руслана тоьхна тIара бахьана долуш.

Тийналла йоьссира казармехь. Цхьа а ваьхьаш вацара Русланна улло гIорта а. Тийналла йохош кхин цкъа омра дира Руслана массаьрга а дIадийша аьлла, ткъа ша Кравцовн маьнга мичахь бу а хаьттина, цу тIе хьала а ваьлла дIавижира. Руслан велакъежира, Гончаровна хазахетар дуй хууш. Русланна хезаш дара казармичуьра къамелаш:

– Шарахь вай мел лелийнарг эрна хилла, жима кIанта оцу кепара ша дерриге а дохо?

– И кIант бакъ долуш, боксер ву шуна. Вай вейтта массо а цхьаьна тIекхетахь къарвала а мега иза, ткъа вуьшта-м цо Iойла дойур ду вайн. Хьуна ца гира цо хьо муха вожийра, ша кино чохь санна. Иштта Сальков а вожийра. Цхьаьна кIирнахь собар дан деза вай Рыжий схьакхаччалц. Цо шен метте дIахIоттор йу салага. ТIехула тIе Соьлжа-ГIалара а ма ву иза. ДагадогIий хьуна Кутуевс мел чIогIа хьийзош вара Рыжий? Хьакъ долуш хьийзош хиллехь а, амма вайна цунах гIоле ма ца хуьлура. Рыжийга дIаэр ду вай хIара Соьлжа-ГIалара ву, тIаккха цо цу мIаьргонехь хIаллак вийр ма ву иза.

Руслан кхийтира Рыжийца дерг къасто дезаш хилар.

– ХIумма а дацара иза-м. Рыжий а цхьаъ хир ву-кх. Гича хуур ду-кх – набарна тевжира Руслан, дукха ойланаш ца йеш.

III

…Капитан Гончаров саьлтий хьалагIовтта итт минот йиссинчу хенахь вогIура даима а. Уггаре а хьалха цо самайоккхура сержантски состав, ткъа цунна йукъара уггаре а хьалха Кравцов самавоккхура цо. Гончаровс иза башха лоруш вацахь а, амма шена тIедиллинарг кхочуш деш вара лаккхара сержант. Цуьнан маьнги улло вахча, Гончаров цецваьллера, шена гуш дерг гIан ду моьттуш – Кравцовн метта вижина Iуьллуш вара Дадиев.