ЧIир. Роман - страница 18



– Де ма эша хьан, сан махкахо, ма ледар вац-кх хьо! – велакъежира капитан.

Хилларг шена хIун ду ца хууш санна, сиха йуьстах велира Гончаров, ткъа йуха самайеккхира сержантски состав.

ШолIгачу кIирнахь Руслан тIетаьIIина тIеман баххаш Iамош вара. Денош мIаьргонаш санна дIалелхара. Цхьаьна дийнахь, мокъа хан йолчура садаIа маьнги тIе охьавижиначу Русланна наб озийнера. ГIенахь цунна дуьхьал тессира шен логах ирачу мIаранашца тассайелла Iаламат йоккха маккхал. Цо лазийна самаваьккхиначу Русланна гира шена тIехь лаьтташ волу ца вевза цхьа стаг. Цуьнан цабезамо разйаьккхинчу йуьхьтIера оьгIазе хьоьжура хIорд санна сийна ши бIаьрг. Цу бIаьргийн шелонехь хаалуш дара иза диканна араваьлла ца хилар. Руслан легаштIера а лаьцна, цуьнан садукъдеш вара иза. Руслан хьалагIатта гIоьртира, амма лам санна долчу цу стеган дегIо меттахвала а ца вуьтура иза. Хетарехь иза ши метр леккха а, бIе кила йозалла йолуш а вара. Русланна цкъа а гина дацара ишта даккхий адамаш.

ТIедарчех йуьзна йуьхь йолуш, гIодайуккъелц верзина ваьлла иза ша вампIал санна вара. Вистхилар доцуш, Руслан цхьаьна куьйга маьнги тIера хьала а айвина, такхийна пена йисте дIагIортийра цо. Садукълуш волчу Русланна гуш цуьнан и къорза йуьхь бен кхин хIумма а дацара. УргIал Руслан пенах а таIийна, кхин гIелвалар доцуш лаьттара, хетарехь цо ишта масех сахьт доккхур дара, кхин меттах ца волуш. БIаьргаш хьалха хIоьттинчу пардонехула Русланна гуш дара белакъежаш лаьтта «дедыш». Цара сатийсина мIаьрго ма йара иза – Русланна хуьлу бекхам ган. Садукъделла лаьттачу Русланна хезира:

– Рыжий, сенлуш ма ву иза! ДIахеца иза! Лийр ма ву и. Русланна моттаделера шена тIе лаьтташ даккхийчу тIемашца доккха малик ду. Цу мIаьргонехь кхетамчу веара иза. Де доьхна экха санна шийлачу цIенкъахь Iуьллуш вара иза, шена хиллачух ца кхеташ, ткъа йуха меллаша дагаэха доладелира хилларг. БIаьргаш схьабиллича, цунна гира толамхочун велакъажарца шега хьоьжуш лаьтта цхьа хьаьрса ургIал.

Рыжийн букъа тIехьа лаьтта Кравцов а, кхин берш а гича, дагадеара Русланна мел хилларг. Рыжий хIумма а шекваьлла йа ша диначунна дохковаьлла вацара. Русланан кийрахь кхерстира цабезаман алу. Адаман кепара вухуш, цу мIаьргонехь цIий Iано хьаьгна, къиза экха хилира цунах. Саьлтий болчу агIор дIатассавелира иза. Самукъадаьлла терсара уьш, амма церан белар цIеххьана сецира, Руслана гоьзанчана тIехьаьдда, цуьнгара урс даьккхича.

ЦIийх дуьзначу бIаьргашца, урс даьккхина тIеволавелира Руслан Рыжийна.

– КIентий, атас!!! – мохь белира цхьаьнга. Массо а уллора дIасхьаведда, ша виссира Рыжий. Кхеравелла, мохь оьхуш шолгIачу яруса тIе хьалакхоссавелира иза, амма Руслан саца дагахь вацара. Бекхамо вахийна, хьере винера иза. Рыжий дIасхьауьдура, ша мича эккхар ву ца хууш, эххар а казармера араведира иза, ткъа цунна тIаьхьа, урсаца ведда воьдура Руслан. Массо а Iадийна хьоьжура цаьрга, амма цIеххьана, Русланан некъ хадийра цхьаммо, цуьнан карара урс охьа а дожош. Иза хиллера капитан Власов – йерриге а тIеман частан дозалла.

– Саьлти, хьо хьерваьлла? – хаьттира цо Руслане.

ХIетахь бен ца кхийтира Руслан ша боккъалла а доккхачу зуламна бисте кхаьчна хиларах.

– КъинтIера вала суна, товарищ капитан – элира Руслана, ткъа йуха лаьттара урс схьаэцна, иза меллаша шен казарме дIавахара.

Дукха ойла йира Руслана. Минот йаьллехь, стаг вийна, цIий Iанош вара иза. Русланна ца хаьара цуьнан цIе муха йу а, иза мила ву а, иза шен боккъалла воккха а, луьра а мостагIа хилар доцург. Роте схьавеъча, гоьзанче урс дIаделира Руслана.