ЧIир. Роман - страница 20



– Реза ву, товарищ подполковник! – хазахетарца жоп делира Руслана.

– Даздаран хьелашкахь кхайкхош хуьлура и санна дерг, амма тахана ишта нисделла хIара гIуллакх – велакъежира Гундарев.

Русланан дахарехь хийцалуш дIаэхнера сирла а, ирча а мIаьргонаш. Карарчу хенахь бер санна воккхавеш вара иза. ХIинцале бевзинера Русланна эскаран чам, цхьацца хIуманан маьIна дан а ларийнера иза. Цкъа а ца моьттура цунна ишта сиха сержантан цIе шена лур йу, цундела Руслана хIоттийна коьрта Iалашо йара – ротера дедовщина орамца дIайаккхар.

Гундаревгара погонаш схьаэцна, кхин дIа хIун дан деза ца хууш, лаьттара Руслан.

– ТIаккха, Дадиев? Итт минот тоьур йуй хьуна погонаш тIетега? Йа ас тега йеза хьуна уьш? – велавелира командир.

– Дика ду, товарищ подполковник!

– Дика хIун ду? Соьга тега боху ахь? – забар йора командира.

– Ца боху дера, товарищ подполковник. Айса тоьгур йу ас.

ХIетахь дуьйна ден а, кIентан а санна тешаме, йовха йукъаметтигаш кхоллайелира царна йукъахь. Ма-дарра аьлча, Гундарев массо а саьлтийшца вара тIекаре а, дика а.

Командир волчура керлачу погонашца араваьлла Дадиев гича, Гончаров цецваьллера.

– Хьоьгара суна цхьа шиша йогIу хьуна, Дадиев.

– Дика ду, товарищ капитан, амма со ца кхийтира…

– Кхетта йа, ца кхетта?

– Ца кхетта, товарищ капитан, стенна йогIу соьгара шиша?

– Хьо вуо лелла аьлла командира суна дов дина, ткъа хьоьх сержант вина. Нийсо мичахь йу?

Гончаровна моьттура цу забарах Дадиев велалур ву, амма иза бос байна лаьттара.

– Дадиев, хIун хилла хьуна?

– Ойла йира ас… нагахь санна Рыжийн вада аьтто ца баьллехь хIун хир дара? ХIетахь цунна тIекхаьчна ма ваьллера со, оцу мIаьргонехь цу капитана со сацийна ца хиллехь. ХIетахь къаьсташ хилла-кх сан кхане а, сан дахар а – корта оллийна, вистхилира Руслан.

– Хьо сацийна волу капитан Власов тIеман училищера дуьйна сан хилла накъост ву, цундела тхойшинне йан йеза ахь шиша. И боьха хIума массо а хIуман тIехь соьл тоьлла йу, рота а йу цуьнан дикаллица цIейаххана. Бакъ дерг дийцича сан санна къаркъа мала ницкъа-м ца тоьу цуьнан – Русланан самукъадаккха гIертара Гончаров. – амма хIинца со тешна ву, вайн рота уггаре а тоьлла хир йу аьлла а, иштта мокъа деношкахь ротехь вовшийн батош йохор йоций хууш паргIат садаIа сайн аьтто хир бу аьлла а. Ларор вуй хьо, Дадиев?

– Ларор ву, товарищ капитан! – жоьпаллица дIахьедира Руслана.

– Масех де даьлча, аса Рыжий дIавоккхур ву вайн ротера. Цунна бIаьрахьалха ца нисвала хьажа. Кхин цхьаьнца а девне а ма вала. Дика дуй, Руслан?

– ДIа ма ваккха Рыжий вайн ротера. Масане хуьлу, бийца мотт каро а мега тхуна.

– Карор бац хьуна цуьнца бийца мотт, Руслан. Хьуна иза адам ду ма моьтту, ткъа иза адам ма дац. Хьоьгахь санна адамалла ма йац цуьнгахь. Ахшо хьалха вехна а волуш, цхьаьна саьлтичун Шелеповн пхьарс чуьрабаьккхинера цо. Къарс аьлла иза каглуш массарнна а хезинера. Иза ротехь а волуш паргIат наб кхетар йац суна. Хьо цуьнца кхин девне ца валахь а, амма иза чIогIа мекара ву, цундела шуьшиъ цхьаьна ротехь вита мегар дац, ткъа иза аса сайна тIелоцу.

Капитана ма-аллара, итт де даьлча, Рыжий кхечу роте дехьаваьккхира. Массара а доккха са даьккхира, ткъа Руслан отделенин куьйгалла дан волавелира. ШолгIачу дийнахь Кравцов а, Дадиев а шена тIекхайкхира Гончаровс.

– Накъостий сержанташ! Вайн коьрта бала ротера дIабаьккхина вай, амма кхин цхьаъ биссина – шун йукъаметтигаш. Суна шина къонахчо санна дош дала деза аш таханлерачу дийнахь дуьйна вовшашна гIо дийр ду аьлла. Кхеттий шуьшиъ? – ши сержант вистхуьлуш вацара.