ЧIир. Роман - страница 7



– Яша, дагадогIий хьуна ас хIетахь хьоьга дуьйцуш сайн кIант Iамаьрка деша вахийта лаьара сайна бохуш? Гой хьуна, Дала йаздина хилла хьуна мухха хилла а сан лаам кхочуш хила, амма суна-м иза бакъ волу нохчо санна кхио ма лаьара, ткъа хIинца цуьнан амалш муха йу а ма ца хаьа. Вуй те иза со реза волуш? Хаьий те цунна нохчийн мотт? Буй те цуьнан Даймахка цIа верза лаам? Эзар хаттар ду сан коьртехь, Яша.

– Руслан, хьуна хаьий иза мичахь Iаш ву?

Руслана дIакховдийра шен телефон.

– О, Валенси! Селхана хилла-кх со цигахь. Кхузара шовзткъе итт чаккхарма бен генахь йац иза. ЧIогIа синтеме а, хаза а, жима гIала йу иза. Калифорнера уггаре а тоьлла ишколаш йу цигахь, иштта Исбаьхьаллин институт а йу.

– Хьо лаа хиллерий цигахь? – хаьттира Руслана.

– Цигахь вехаш цхьа кIант ву скейтбордист. Цунах лаьцна кино йоккхуш ду тхо. Иза вуно чIогIа похIма долуш жима стаг ву. Скейтер хиларал совнаха, актеран говзалла а йу цуьнан. Кхечу фильмехь коьрта роль ловзайе аьллера цуьнга, амма кIант дуьхьал хилира, шен да цомгуш ву аьлла. Ткъа кино тхо Колорадохь йаьккха дагахь ду, цундела Валенси боьду некъ сайн цIехьа боьду некъ санна дика бевза суна.

– Мел дика кIант ву иза. Шен ден ойла йина-кх цо. Дала дукха вахавойла цуьнан да. Маса шо ду цу кIентан?

– Йалхийтта йа, вуьрхIийтта ду моьтту суна. Собар дехьа, Руслан. Даима хьан кIант вуьйцу вай. И зуда йеллачул тIаьхьа ахь кхин…

– ХIан-хIан, Яков, ас кхин зуда ца йалийна, йа цкъа а йалор а йац – йукъахдеккхира Руслана накъостан къамел. Бэлла дагайеача, цхьа къаьхьа къурд хьаьдира цуьнан легашка. Кисана кхевдина, цуьнан сурт схьалаьккхира Руслана. – Ас даима сайца лелош ду Бэллин сурт. Сайн ойланашкахь цуьнца къамелаш а до ас. Ас дош делла цунна Микаил каронза со Iийр вац аьлла. Руслана цIеххьана шен къамел сацийра, Яков цецваьлла суьрте хьоьжуш а гина. Цхьаъ дагадеача санна, Яковс шен ноутбук а латийна, иза Руслан волчу агIор дIайерзийра. Къоначу скейтбордиста масех хьуьнар а гайтина, йуха камера йолчу агIор а вирзина ши пIелг ирах айбира, «машар» бохучу дешан маьIна гойтуш. И кIант Микаил вара. Йалхийтта шарахь Русланна гIенашкахь дуьхьал тиссина хилла Микаил.

Йехха соцунгIа а йина, Руслан эххар а вистхилира.

– Яков, со отелехь садаIа дагахь вара, амма хIинца соьга паргIат буьйса йаьккхалур йац. Ас доьху хьоьга, муьлхха а бахьана а лехна, кхуза схьавалаве иза. Хьо цхьаъ дIайала йезаш ву ала цуьнга. Машенан корахула гина а, тахана иза сайн бIаьргашна ца гича, са тохалур дац соьга.

Яков кхетара Руслана бохург ца дича ша вер воций. Цуьнан накъостана гуш кхин хIумма а дацара, шен кIентан дагна гергара сибат доцург.

Яковс кIанте телефон туьйхира.

– Алло, Микаил?

– ЛадугIуш ву!

– Микаил, со ву иза, Гельдман Яков.

– Яков, маршалла! Хьо дагавеанера суна тахана. Iуьйранна цхьа инзаре чIогIа ши трюк Iамийна ас, уьш хьуна гайта сатесна ву со. Кино йукъайахийтича дика хир дара уьш.

ЦIе йаьлла кхехкара Русланан кийра. Ма тера дара Микаилан аз шен ненан озах. Самабевллачу дагалецамаша йуха а къийзош, мIараш туьйссура Русланан догах. Цара вадийна вигира иза Нохчийчоьнна Iаьржа деана хиллачу эзар исс бIе дезткъе пхийттолгIачу шаре…

Корта II


Руслан а, Бэлла а.


I

Руслан а, Бэлла а, Соьлжа-ГIалин массо а вахархо санна, шайн са дадийна лелара, цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа йоьхна гIишлош а хуьйцуш. Цара безамца дола деш, лелийна хиллачу хIусамах йиссинарг цхьа херцар бен йацара, ткъа йерриге а Нохчийчоьнах йоккха тIеман аре хиллера. Руслан а, Бэлла а гIалара лома хьаладахара. Цхьалха йехачу цхьаьна йоккхачу стага тIеийцира и шиъ. Кхузахь цкъачуна кхераме дацара. ТIом хIинца а ца баьржинера лаьмнашкахула. Чиркхан бен серло йоцучу кхузахь, Iаьнан доцачу дийнахь бода сиха баьржара, цундела шатайпа сингаттаме а хуьлура, амма Iаламан хазалло а, цIеналло а ша дерриге а дицдора. Лаьмнийн ирачу баххьаш тIехь лепаш санна хеталора хIора буса стигла къагош долу дашо седарчий. Стигла а йара цхьа шатайпа цIена. Соьлжа-ГIалара стигла-м молханан кIура Iаржйинера, ткъа хIора а дийнахь гучудовлучу кеманаша, мархаш этIош санна хеталора. Адаман дахар кегдеш, лаьттахула Iожаллан хIу тоссуш болчу къизачу тIамна тIехь толам баккха ка йолуш цхьа хIума ду. Герзан а ницкъ ца кхочу и сацо. Цуьнан цIе йу сатийсам. Русланан даг чохь а бара сатийсам. Иза тешара мацца баьлла а тIом дIабаьлча, ша лаьмнашкахь хIусам а йина, шен доьзалца цигахь ваха хуур ву. Итт шо дара Руслан Бэллица доьзал кхоьллина Iаш волу, амма хIинца а бераш дацара церан, хIете а Руслана сатуьйсура кхолламан совгIате.