ЧIир. Роман - страница 9
– Руслан, кIант ма ву иза! – мохь беттара цо телефончухула.
– Кхин цхьа къонаха хир ву-кх вайн къоман! Варийлахь, ларлолахь. Ларвелахь сан кIант – элира Руслана. Бэла кхин а цхьаъ ала гIертара, амма дешнаш ца карийна охьайиллира цо телефон. Ма-дарра аьлча, Бэллина лаьара Руслан уллохь хила, амма иза кхетара шен хIусамда чолхе киртиг тIехIоьттинчу мIаьргонехь даима шен къомаца вуьссур хиларах.
Масех де даьлча, Бэлла йолчу медйиша йеара:
– Бэлла, Людмила Ивановнас ша йолчу чуйола боху хьоьга.
Ловв аьлла кийрахь цIе летира Бэллин. Цхьаъ тосаделча санна сингаттаме детталуш дара цуьнан дог, лор йолчу чуйоьдуш. Маршалла а ца хоттуш, чоьхьайаьллачу Бэллас сиха хаьттира лоьре:
– ХIун хилла сан берана?
– Хьан берана хIумма а ца хилла! – жоп делира лоьро.
– Далла бу хастам! Ма кхерайеллера со – дагах катухуш, гIанта охьалахйелира Бэлла.
Къена лор йехха хьоьжура цуьнан бIаьра. И тайпа ирча кхаъ ша хийлозза баьккхина боллушшехь, хIоразза а хала хуьлура цунна зударийн бIаьра а хьоьжуш, и шийла сацам царна бовзийта.
– Бэлла, хьан дахарна боккха кхерам бу. Айхьа дог лоцуш гирий хьуна хIинца? Дог могуш дац хьан. Йешшехьа хилла чолхе деган лазар ду хьан. И бер далур дац хьоьга.
– Ткъа берана хIун хир ду?
– Берана-м хIумма а хир дац. Хьуна кхераме ду иза дан. Хьо дийна йуьссий ца хаьа. Цундела хьайн дахаран ойла йан йеза ахь.
– Хьуна хетарехь хIун дан деза ас? – йоьхна хаьттира Бэллас.
– Бэлла, бер дIадаккха деза ахь.
ДогIанан Iовраш санна охьахьевдира Бэллин йуьхьтIехула бIаьрхиш, ткъа и къамел шена хезча санна, кийрахь тохаделира бер. Иза цхьа тамашийна детталора – ма даккха сан са, аш харц ду бахахь а, амма суна лаьа маьлхан дуьне ган – бохуш санна.
ГайтIехула куьйг а хьоькхуш Бэллас меллаша элира:
– Ас цкъа а дуьйр дац иза…
Меллаша йистхиллачу Бэллин озехь цо биначу сацаман ницкъ бара хаалуш, цундела Людмила Ивановна кхийтира цо ша аьлла дешнаш цкъа а йухаоьцур ца хиларах. Кхузткъа шарера тIехйаьллачу лоьра, шен дахарера ткъе пхийтта шо дIаделлера зударийн лоьран корматаллина. Ма дукха зударий гинера цунна, тайп-тайпана хенашкара, къомера, амма уьш массо а цхьаьнатухург уьш наной хилар дара. Цундела хIоразза а – хьан бер дIадаккха деза, йа хьан бер делла – ала чIогIа хала хуьлура цунна.
– Жимма а догдохийла йуй сан, и бер деш суо дийна йуьссур хиларан?
– Йац… сан корматаллин хааршца кхолладеллачу хьолан мах хадийча, догдохийла йан а йац – гIийла жоп делира лоьра.
– Людмила Ивановна, тIедогIучу деношкахь сан хIусамда ву кхуза ван везаш. Мацах цхьаьна хенахь шортта нах болуш хилла стаг ву иза, амма карарчу хенахь сан санна йа ваша а, йа йиша а йа да-нана а дац цуьнан. Азаллехь дуьйна ала мегар долуш, кху бере сатуьйсуш ву иза. Иза ду коьрта бахьана ас биначу сацаман, ткъа шолгIа бахьана – муьлхха а зудчунна санна суна лаьа нана хила, бер дуьненчу доккхучу Iазапан марзо лан а лаьа, мел боккха мах цунах белла а. Цундела цхьа доккха дехара ду сан хьоьга – ма дийца цуьнга хIумма а. Ткъа со дIайаьллачул тIаьхьа, ас йаздина кехат дIало цуьнга – легашкара къаьхьа къурд бостуш, йуха а охьахевдира бIаьрхиш…
Лазаран цIийнан учехула синтем бойна дIасхьаоьхура Руслан. Цо сатуьйсура шен кIентан дуьххьара мохь хезна, хазачу кхааца лоьраш арабовларе, амма корта оллийна йогIучу Людмила Ивановни боларах милла а кхетар вара, иза дика хаам бохьуш йогIуш ца хиларах. Русланна иза гIелйелла хир йу моьттура, амма хIете а цхьа шатайпа гIайгIа йоьссира даге.