Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - страница 10
Сий
Йийначу цхьаьна зудчун метта
ЧIирана нохчаша вуьйш хилла шиъ….
I
ХIора а къоман ду шайн цхьанхьа а йаздина доцу ламасташ а, йукъараллас тIеэцна дахаран кепаш а. Нохчаша цунах Iадат олу. Iадат иза – дахаран бакъенийн бух а, ламанхойн сий-оьздангаллин а, гIиллакхан а лард йу.
ИбрахIиман йишас Заргана дийхира вешига шеца луларчу йуьрта хьошалгIа вола аьлла. Цигахь Зарганан накъост йара маре йаха кечам беш. Зарганин хIусамден Мовсаран ша мокъа ца хилар бахьана долуш, аьтто ца белира иза эцна цига ваха, ткъа ИбрахIим хазахетарца реза хилира йишин дехара кхочуш дан. Цунна доккха совгIат хетара шен хьомечу йишина муьлххачу а агIор дог дика дан аьтто балар.
Уьш некъа йисте бевлира. ИбрахIиман хIинца а бакъонаш йацара шен машен лело. ХIара шиъ йукъараллин транспортан социйлахь лаьтташ дара машен кхетаре сатесна. Ткъа дукха латта ца дийзира. Сийначу басахь «Волга» сецира. Водителан уллохь Iаш схьахетарехь гIуллакхехь волу йуккъерчу шерашкахь стаг вара. Шен йиша цкъа хьалха охьа а хаийтина, ИбрахIим чухиира машенна. ХIетахь бен ца гира цунна дуьхал долу корайистехь Iаш кхин цхьаъ стаг хилар. Амма машен хIинцале дIайолайелира, цундела тIаьхьа дара йиша сехьа йаьккха. Цул совнаха, шайна гIуллакхна машен совцийначу нахана цатешам гайтина вас йан ца лууш, йитира ИбрахIима шен йиша шина боьршачу стагана йуккъахь. Ткъа Зарган-м уьйриг санна чIагъIйелла, шен ма-хуьллу кIезиг меттиг дIалаца гIерташ, вешина улло теIара.
ХIора а шен ойланан йийсарехь вара. Дуьткъа тай санна кхарна хьалха дIауьдура беха некъ. Амма машенчуьра тийналла дагахь доцучу кепара йуьйхира.
Хьалха Iаш волчу стаго цIеххьана схьа а вирзина, Зарганан вовшахдуйцина долчу шина куьйгах цхьа кIоршаме катуьйхира. ХIун бахьана долуш йоьссира цуьнан коьрте и тайпа ирча ойла? Йа йоI тIехэсала хеттера, йа цуьнан вешин доьналла кIезиг хеттера, йа муьлха а хIума шена бекхам боцуш дуьссуш хиларах воьллера? Даржо вахийнера, йа сов маларах кхеттера? Хийрачу стеган карара шен ши куьйг схьа а доккхуш, Заргане мохь белира…
Нохчочо дуьненчохь цкъа а дуьтур доцу хIума ду шен ненах, хIусамненах, йишех хийра стаго ларам боцуш куьйг Iоттар. Нохчий дуьненахь а гIарабевлла бу муьлхха а кхерамна дуьхьал кураллица корта ойуш хиларца. Нохчийн Iадат – иза къоман чоьхьара мах боцу хазна йу. И Iадат лардаро дозаллица ваха бакъо а ло, и Iадат дохийнарг йуьхьIаржонан новкъа а волу. Нохчий цкъа а ца хилла кураллина къен. Жималлехь дуьйна хIора а нохчочунна ша «нохчо» аьлла и сийлахь цIе дIакхехьа жоьпаллехь хетта. Иза йу и динан хьолаллаца нийсса, къоман кийрахь син-оьздангалла кхиош йолу исторически мехалла. И жоьпалла ларъйа оьшу и «нохчалла» – нохчийн маттахь бен маьIна дан йиш йоцу башха кхетам. Цкъа зовкхе олу вай мел сийлахь йу и Нохчочун цIе, ткъа йуха и цIе йицлой, хIумма а бехке ца хеташ, къинош летадо.
Шалхонаш лелайар иза Дела цхьаъ ца хетар санна ду. Иза догIуш дац бакъ волчу нохчийн къонахчун а, зудчун а вастаца. Дуккхозза йилбаз мох хилла дуьхьал даьллера хийла хIума нохчийн культурина, ламасташна, Iер-дахарна, динна. Тайп-тайпана ницкъаша тIеIаткъам беш, хийла дIасалестийна и нохчаллин гIортор хилла лаьттина дайн Iадаташ.
ХIора а къоман культурин шен башхалла йу. Кхи долчу къаьмнашна ца кхета а тарло и. Нохчийн къоман син-оьздангаллина, цуьнан Iадатана тIекхевдина долу куьйг таIзар доцуш дита мегар дац. Ткъа дикка хан йаьлла волчу стагера даьлларг вуно ирча а, цIармат а хIума дара. ЦIий Iанийча бен цIанлур доцу хIума дара цо динарг.