Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - страница 17
ИбрахIиман къамело Iадийнера гулделла адам. Цуьнан къоначу кийрахь дехачу цу кепара лаккхара доьналло цецбаьхнера хIара дуьне кIордоллалц диъна, хийла замано зийна болу къаной. Олхазаро тоьхна тIам а хезар болуш тийналла хIоьттира цу кертахь.
И тийналла йохийра Ахьмадан векал хилла веанчу къаночо:
– Нагахь санна кхин совнаха хьекъал а, кхетам а болуш нах кхузахь бацахь, суна бIегIийла ца хета кху сонтачу жимхаца хIара къамел дан. Амма дIахаьийла шуна! ХIара тайпа къамелаш оха дойтур дац. Шуна дицделлехь а, дагадаийта лаьа суна – вай Советски союзехь дехаш ду, цуьнан Iедало ма-бохху закон а лардеш…
– ТIаккха, СаьIидбек, хьо советан Iедалан векалшца ван везаш хиллера, соьца а ца вогIуш, – ша реза ца хилар гайтира Абу-Хьаьжас, – Жимачу стага нийсонца догIуш бовзийти шен доьзалан лехамаш. Амма со дахарехь дукха зеделларг долуш стаг ву, айса дуьненчохь йаьккхинчу хенан лакхенца дустича хIара кIант сонта вац шуна, цо дуьйцург нийса а ду шуна! Нагахь санна цIий Iана шайна ца лаахь, цуьнга ладоьгIча дика хир дара аш а, вай массара а.
Вайна массарна а ма-хаьъара Заурбек нехан стаг вийна, чIир хьаьрчина вара. Ша чIирхоша витина воллушшехь, цунна товш ца хетара Iадатаца доьзна къамелашкахь дакъа лаца, шен хIусамехь нахана хьалхахь! Иза хIусамден доккха гIиллакх ду.
Сан цуьнца болу ларам кхин а чIогIа алсамбаьлла, цо хьуна дуьхьал дош ца аларна, и ала шегахь доллушехь. СаьIидбек, кхетаве и эхь-бехках воьхна волу Ахьмад ша диначунна жоп дала дезаш вуй, шайна тIехь долу декхара кху доьзална дIа а ло.
Нохчаша цхьаьна зудчух ши стаг вуьйш хилла чIиранна. Шуна харжам бан аьтто белла! Амма со тешна ву хьалхара билламах – КъорIанах дуй баийтар шуьга шу тайпанера цхьа жима мукъне а йаьхь йолчу наха пайда оьцуьйтур бац, хIунда аьлча и дуй баарца аш шайн зударшна тIекховда бакъо ло хьанна а. Ас делла и хьехар соьгара совгIат лара мегар ду шуна. Ткъа хIинца бахьана даьллачура кхуза вовшахкхеттачу кегийчу нахе хьехам беш, масалийна цхьа дийцар дало лаьара суна:
– Цкъа мацах ламанца Iаш цхьа къен жима стаг хилла. Цхьаьна оьздачу доьзалера йоI йезайелла хилла цунна.
ЙоIа дош дела хилла кIанте йогIур йу ша аьлла. Амма церан ирсана дуьхьал кхин цхьа стаг ваьлла. Жималло, хьал долуш хиларо сонта ваьккхина иза Iемина хилла даима шена йезарг йаьккха. Цо дукхозза а захало тIехьош хилла цу йоIана, амма хIоразза а йоI йехна йу, дош делла йу олий жоп догIуш хилла дуьхьал.
Цкъа талла ваханчохь йоьIан везар тархатIера тассавелла бердах чуиккхина хилла, шена тIаьхьа инзаре даккхий тIулгаш чу а эгош. Цу тIулгаша тIетаIийна Iуьллура иза бердан бухахь. Цхьа ког тIулгаша йукъаIевшинера, ткъа куьйг аьтта, дерриге а дохийна дара…
Шен йезаре болчу безамо ницкъ лора цунна дахарах тийссавала а, диканах дог ца дилла а. Шаьлта тоьхна кхоьссина дIадахийтира цо тIулгаша дохийна куьйг а, ког а. Шен са ма-дду тийсалуш схьалавелира иза цигара, амма заьIап виссинера. КIанта йоьIе йолу ойла хийцира. Цунна ца лиира шен йезаран дахар заьIап стаг лелош кхоло. Цо геланча вахийтира йезар йолчу иза шен безамах ша мокъа йуьту, кхечуьнга маре йаха бакъо луш аьлла хаам эцна. Амма йоьIан ойла хийца ца йеллера, цо дуьхьал жоп даийтира ша цуьнга йогIур йу аьлла иза мухха велахь а. Цул тIаьхьа цхьаьна дийнахь шовданера хи эцна йогIучу цунна дуьхьал велира хьол-да. ЙоьIан куьйгах кIоршаме ка а тухуш цо элира:
– ХIинца-м соьх йаьлла цхьанхьа а гIойла дацара хьан! Ас хьо сийсаза йина – ас куьйг Iоьттина хьоьх, цундела соьга бен маре гIойла дац хьан цхьаьнга а.