Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - страница 18
Цу мIаьргонехь шена тIекхевдинчун хантIехь кхозуш хилла шаьлта схьа а йаьккхина, цуьнца тоьхна шен куьйг дIа а доккхуш, йоьIа элира:
– ХIинца со цIена йу! Ас ца йити сайн дегIатIехь сийсаза хилла меже…
– ХIай, адамаш! Дагахь латтаде шайна, цхьаьна Iилманчас ма-аллара хьарам долчунах ларлуш дуьненчохь ваха мел хала делахь а, амма цунах хин йолу йал оза терза карор доцуш йеза йу шуна. Ойла йе, адамаш! Ларло хьарам хIуманах! – дерзийра шен къамел Абу-Хьаьжас.
Йуха а тIекхечира буьйса. Массо а дIавахара.
Заурбекан доьзалехь йуха а вижанза шиъ вара. Заурбек вехха Iера шен жимох волчу кIантаца, цунна хьехамаш беш, КъорIан доьшуш, цуьнан доьхна дог оьцуш. Буьйса йукъайаьлча бен дIа ца вахийтира цо иза садаIа.
Шена тIехь йолчу хIуманашца дIатеIира ИбрахIим. Схьадиллиначу корахула хьоькхучу аьхкенан мелачу мохо ховха хьоьстура цуьнан йогу йуьхь. БIаьргаш дIа а хьаббина вехха Iиллира иза. Цхьа шатайпа синтем боьссира кийра. ЙухьатIехула охьахьаьдира дуьрачу бIаьрхин тIадам. Хеталора цу жимачу тIадама хIордан тулгIено санна шеца дIахьо кху масех дийнахь дагчохь даш санна базбелла лазам. ИбрахIим кхетара кху гIуллакхан хIинца а йистйаьлла йоций, кханалера Iуьйре а шеца гIайгIа йахьаш йогIур йуй, амма иза кийча ву кхолламан Iовжорах кхин цкъаъ чекхвала. Хеталора кху цхьаьна буса дахаро зийна, жималлин мур дIабаьлла, иза гIеметтахIоьттина.
Кху буса деца хиллачу къамело керла ницкъ а, кхин а сов доьналла а деллера кIантана. Ткъа ИбрахIима тахана гулбеллачарна хьалха диначу къамелан хьокъехь вистхуьлуш, дас элира:
– ИбрахIим! Хьо чов хилла экха санна лаьттара цу нахана хьалха. Адаман сибаташкара боьхна нах цхьогалшах тарло, шайна дуьхьал берзалойн сибате бирзина нах бевлча. Цундела дахарехь муьлхха а киртиг тIехIоьттича, адаман кепера ма вохалахь, адамалла ларъйелахь хьайгахь! Ца кхоьруш ваха лаахь, вала а ма кхералахь…
III
Йуха а йоьссира Iуьйре, лаьмнийн кIажехь Iуьллучу йуьртана тIехула шен сийналла йаржош. Заурбекан кертахь йуха а гуллуш дара адам. Хилларг цхьаьна мIаьргонна мукъне а дицдан гIерташ, дезарш деш дIасхьауьдура Хеда. Шен доьзална ша бахьана долуш эхь тIедаарна ойла йоьхна Зарган, нана йолчура ара йолуш а йацара.
Заурбекан хIусаме боьду и шуьйра урам дIалаьцнера схьаоьхучу гергара наха а, йуьртхоша а. Хилларг сихонца дIасадаьржинера халкълахь. Массарна а хаьа лаьара муха дIадоьрзур ду хIара гIуллакх, муха сацам бийр бу дагахь доцург дуьхьал даьлла, хIара чолхе киртиг тIехIоьттинчу шина тайпано, шина доьзало. ЦIенна хьалха йолу жима майда йеса лаьттара коьрта турпалхой вовшахкхетаре хьоьжуш санна. ИбрахIим шен нийсархошна жима йуьстах а ваьлла дIахIоьттира, корта охьа а бахийтина. Леккхачу дегIахь, мел хаза товш вара и массарна а йукъахь къаьсташ. Селхана-стомара бер санна хилла иза, тахана вуьззина къонахчун васт дара цуьнан. Даима самукъне къегаш хилла цуьнан и ши бIаьрг, тахана замано зийначу къаночун йуьхьтIера санна хьоьжура дуьнене.
Ша лаьттачуьра меттах ца велира ИбрахIим шена гена йоццуш масех машен сецча. Цу чуьра охьавоьссира кхарна дуьххьара гуш волу масех боьрша стаг. ТIекхечира и массара а сатийсина мIаьрго! Адамаш йуха а цIеххьана хIоьттинчу тийналло йийсаре лецира. Цигахь мел волу стаг цец воккхуш, машенан тIехьара неI схьа а йиллина, божарша арайаьккхира ИбрахIимана Ахьмадан чохь дуьххьара гина хилла и кхиъна йаьлла хаза йоI.
Заурбекан кертахь хиллачу наха цхьаьнаэшшара бIаьрг тIехIоттийра тIебаьхкинчу нахана. ЙоI схьайалош веанчух цхьаммо иза дIахIотта йеза меттиг билгалйира. Кхи берш корта хьалаайа эхь хеташ лаьттара.