Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - страница 20
Заурбекан доьзалан доьналло, комаьршаллас, син-оьзадангалас, собаро толам баьккхира цу къиссамехь. ЧIиран бакъо шайгахь йоллушшехь, цара куьйг ца Iоьттира цу йоьIах, хIунда аьлча цунна тIе ницкъ баро, церан доьналлин ницкъ алсам боккхур бацара. Амма йоI ишта а хиллера сийсаза. Цуьнан сий дайинарш нехан нах бацара, цуьнан сий даийнарг цуьнан да вара.
Заурбека шен тайпанера къаноче Асбин Ахьмудан кIанте Бетерсолте куьйгаца хаам бира и зударий мокъа бита аьлла. Бетерсолтас уьш схьабахкийна хиллачу божаршна улло дIа а бигна элира:
– ДIагIо! Оха некъ маьрша буьту шуна. Шуьца догуIш кхин а хIумма дац тхан.
Минот а ца йелира «хьеший» шайца цхьаьна шайна тIедеана эхь а хьош, йуьртара къайла бовла. Йуха а массарех а хьаьрчира тийналла. Де суьйренга лестара. ЦIийелла йогура стигал. Алу хилла догура гулбеллачеран дегнаш. И деган лазам бIаьрхишца Iийдалора церан кхохкийначу йаьххьаш тIехь. Цара тахана делхош дерг сий дара, Ахьмада а, цуьнан тайпано а охьайиллина нохчалла йара цара йелхош йерг. Кхузахь, таханна хIоьттина хиллачу суьрто дукха Iадийна, цец баьхна уьш, цхьа а вовше вист ца хуьлуш, дIасхьакъестара. Ахьмадан векалш хила баьхкинарш массо а цIехьа бирзира, цхьа Абу-Хьаьжи виссалц. Иза вехха лаьттара Заурбекан кертахь лаьттан бIаьра а хьоьжуш. Дукха гинера, дукха лайнера, кхолламо а, адамаша а, замано а хийлозза цхьатерра къизаллица зийначу къаночунна ца моьттура, берхIиттара ваьллачу жимхан доьналло ша тховса Iадор ву. Цу кIанта гулделлачу халкъана хьалха и тайпа къамел деш лардеш дерг шен йишин сий хилла ца Iара, цо къуьйссуш дерг нохчийн къоман сий дара, цу къиссамехь кIанта дьоьналлица толам а баьккхира. Абу-Хьаьжи кхетара цунах. Воккхачу стагана хIара доьзал а, хIара керт а тховса боккъалла а сийлахь хетара, хIунда аьлча цара шайн доьналлица, шайн лаккхарчу син-оьздангаллица нохчаллина цкъа а бухур боцу хIоллам боьгIнера кхузахь. Цунна ца лаьара кхузара дIаваха. Цунна лиира кху нахаца марзо оьцуш пхьор дан а, кхин а хан йаьккха а. Шина доьзало гайтира мел къаьсташ хилла царна «Сий» боху и сийлахь кхетам. Шен сий кIезиг хеташ верг бен кхевдар вац нехан сийнна тIе. Цуьнан къеггина тоьшалла дара тховса Ахьмада динарг.
ИбрахиIм кхин меттах ца волуш лаьттара. Иза генарчу паналле хьоьжура, суьйрено Iанийначу боданехь дагна гергара дерг каро гIерташ санна. Бетерсолта тIевеара цунна. ИбрахIим къевлина шен мара а вуллуш, воккхачу стага элира:
– Сан хьоьца болу ларам тахана чIагIбелла… сан бIаьрг буьзна хьоьх!
Бетерсолта гена ваьлча, ИбрахиIмана хезира шен лере а таьIна, воккхах волчу вашас аьлларг:
– Баркалла хьуна собаре хиларна. Суна хаьара хьо цкъа а ледар хир воций.
Буьйсано йуха а шен йийсаре лецира и хIусам, амма кхузахь вижанза шиъ вара… церан дагара дийца шортта хIума а дара…
Эскар
I
ИбрахIим массо а эскаре кхайкхина кегий нах санна хIинцале чекхваьллера тIеман-медицински комиссих а, тIеман комиссаран хьехаре ла а доьгIнера цо.
ТIекхечира гуларийн де. Соьлжа-ГIалахь тIаьххьара медицински комиссих чекхваьллачу хIора жима стагана тIеман билет схьаэца тIедожош долу тоьшаллин кехат деллера. Цу гIуллакхна царех хIора а билгалйиначу хенахь гуларийн меттиге схьакхача везаш вара. Иза дара 1979-чу шеран лахьанан беттан шолгIачохь. Нохч-ГIалгIайн Республикас хIора шарахь гурахь а, бIаьста а эскаре кхойкхучу муьрехь, кхи йолчу республикашца дустича хIоттийна Iалашо совнаха кхочуш йора. Иза ларамза а дацара – вайнехана йукъахь даима а эхь хиллера Даймехкан декхара дIа ца луш, ведда лелар. Цундела билгалйинчу хенахь, Кавказера эскаре дIаоьхура доьналлех, ницкъах буьзначу кегий нахах йоьттина эшелонаш…