Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - страница 21
Лахьанан беттан хьалхарчу дийнахь Заурбекан хIусамехь шортта адам вовшахкхеттера ИбрахIим новкъаваккха. Сарахь уьстагI бийначул тIаьхьа, баккхийчу наха мовлид йийшира. Массара а довхачу дашца, хазачу ловцаца дог хьостура кIентан. Баккхийчу наха хьехар а дора мичча а кхачахь а нохчаллех ца вухуш, чекхвала бохуш.
Сарахь шен доьзалийн гуонехь виссира ИбрахIим. Дукхачара шаьш Iуьйранна кхин цкъа ИбрахIим ган догIур ду элира. Массо а гIайгIане буьйсанашкахь санна, кху буса а вижанза шиъ вара. Амма хIуммаъ синтемехь Хеда а йацара.
Сатоссуш дара. ХIинца а баьццара лаьттачу байтIехь къоьжа йис туьссуш, йеара гуьйренан Iуьйре. Шатайпа синхаамех кийра буьзна самавелира ИбрахIим. Дуьххьара маьIне хилам бу тховса кхуьнан дахарехь кхочуш хуьлуш. Иза корах арахьежира. Ма цIена йара гуьйренан стигла, ма цеIна йара ИбрахIиман ойла а, синкхетам а. Iуьйренан ламаз а дина араваьллачу шен дена тIаьхьа аравелира ИбрахIим. Шина шарна цIийнах а, йуьртах а къаста везачу кIантана лаьара хьомечу хIаваах доггах Iаба, ткъа гена йоцуш шен оганехь лаьтта Абрек а йара ша тергал ца йина реза йоцуш хIур-хIур деш.
– Абрек! – ИбрагIим доггах марахьаьрчира тешаме доттагIчуна, – Йало, вайшиъ жимма долалур ду! Ахь суона сагатдийр ма ду, дуй? – ИбрахIима хьоьстуш арабаьккхира дин. Гуьйренан хьалхара йис тессиначу байтIехула говраца волавелира ИбрагIим шен ойланашка а вахана…
Абрек-м дIаэккха кийча йара, ИбрахIимца аренаш толлуш, амма къастаро жимма гIайгIанашка вахийтина волчу ИбрахIимана ца лаьара шен дог Iовжо. Жимма волавелла а, чуйалийра ИбрахIима говр…
Ткъа Заурбекан керта-м кху Iуьйранна саццанза нах бара оьхуш. Ма дукха адамана лиънера ИбрахIимаца шайн йолу дегайовхо гайта. Нохчийн гIиллакх ду эскаре воьдучунна новкъа йаа хIума йалар. Цундела шортта совгIатащца керта оьхура лулара зударий.
– Вай, дIадовла! Аш-м кху шина шарахь дийнна эскарана тоьъал рицкъа вовшах ма тоьхна. Суна-м цхьа цIерпошт а тоьар йац – забар йора ИбрахIима.
Къона саьлтий вовшахкхетачохь ИбрахIим новкъаваккха йеара цуьнан нана а, воккхах волу ваша СаьIид а, йиша Зарган а, иштта гергарчу нахана йукъара масех жима стаг а. Массо а новкъабовла кечбелла, керта арабовлучу хенахь, Заурбек чохь виссира. Цунна хаьара ша волчу чу ца вогIуш кIант аравер воций. Нохчашна йукъахь товш дац дас шен берашца йолу марзо гайтар, къаьсттина кIенташца.
ИбраIхим чоьхьаваьлча, Заурбек шен тасбиIан тIехь доIа деш вара. Цо иза дIадерзолц собар деш лаьттара кIант.
– ИбрахIим! – Заурбек хьалагIаьттира. – Со тешна ву хьан гIуллакхаш дика хир ду аьлла, амма нене кехат йазда мало ма йе. Хьуна ма хаьа цо мел чIогIа сагатдийр ду.
– Суна хаьа… иза ас цкъа а диц дийр а дац.
ИбрахIим йуьстах велира, Заурбекана аравала некъ буьтуш. Цу тIехь церан къамел чекх а делира. Йуьхьанцара хеталора ма шийла йара кIентан а, ден а Iодика йар, амма ишта ду и нохчийн Iадатан доза. Цу дозанера ца вохар дезох ду безамал а, дегайовхонал а.
Заурбека араваьлла ИбрахIимаца ларам лаьцна керта баьхкинчарна баркалла элира, тIаккха шен воккхах волчу кIантана СаьIидана тIедиллира машенаш чехка ца хохкуш, новкъах ларлуш хила аьлла…
Невра кIоштан тIеман комиссариатехь саьлтишка тIеман билеташ дIа а делла тIеман комиссара эскаре кхайкхинчу кегийчу нахе вистхуьлуш, шен къамел дIадолийра. Цо дехха дуьйцура Даймехкана хьалха долчу декхарах лаьцна а, советан саьлташна хьалха лаьттачу мехала Iалашонех лаьцна а.