Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - страница 23



ТIаьххьара шен безначарна мара а кхетта, ИбрахIим саьлтишна йукъа дIахIоьттира. Цу минотехь дуьйна, замано дIалистира цуьнан дахаран рузманера керла агIо.

Цу сарахь ша санна бIеннаш кегий нахаца цхьаьна ИбрахIим кхечира аьчка некъан Соьлжа-ГIалара вокзале. Уьш плацкартни вагонашкахь дIатарбеллачул тIаьхьа, цIерпошта дIаболийра шен некъ. Кегирхошна хезара гергарчара шайна тIаьхьа бетта мохь, гуора церан гIайгIане йаьххьаш а, цара лесто куьйгаш а, амма цIерпошт-м бен доцуш хецайелла йоьдура дашочу маьркIажена дуьхьал шен сира кIур бетташ. Корахула арахьаьжча цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа хийцалора Iаламан исбаьхьа суьрташ – гуьйрено можачу духарца кечъйина хьаннаш, йист йоцу аренаш, хиш. Дукха хан йалале Соьлжа-ГIала а геналлехь йиссира.

Оборонин министерствон хIоттамца, эскаре кхайкхинарш ницкъ ма кхоччу шайн Даймахкана гена бохура. Иштта Кавказера кегий нах СССР-н уггаре а генарчу гIаланашка а, йарташка а кхочура, ткъа Сибрехара а, Украинера а саьлтиша шайн тIеман декхара Кавказехь дIакхоьхуьра. Йуьхаьнцара хаттар кхоллалора оцу кепара шена харж а йеш пачхьалкхас стенна деш ду те иза олий? Амма дуккха а шераш девлча, ИбрахIимана карийра цу хаттарна а жоп. Иза хиллера шераша зийна, дикка ойла йина кхочуш йеш йолу политика. ИбрахIим цунах кхийтира телевизорчухула Советан Iедал дохале хиллачу хиламийн терго йича. Иза дара Бакухь а, Тбилисехь а, Вильнюсехь а эскар маьршачу бахархошца герзаца дуьхьалIоттадалар. Дуьхьал летачарна йукъахь меттигера бахархой бен бацара, ткъа уьш совцо арадаьллачу эскарна йукъахь Советски Сойузан регионашкара саьлтий бара.

И кхетам цуьнгахь чIагIбелира Ельцин Борисан Iедалан муьрехь Россехь хуьлучуьнан терго йан ша волавелча. ИбрахIим тешна вара Москван урамашкахула гIовгIанца хецайелла йоьдучу танкан куьйгалла деш верг оьрсий вац, хIунда аьлча ша вина а, ваьхна волчу гIалин Парламентан ло санна кIайчу гIишлонна тIе герз хьажийна иза цо йохор йац, йа йоха а лур йац. Ша бакъ вуй ИбрахIим кхийтира Соьлжа-гIалин Iожаллин теш ша хIоьттича.

ТIеман куьйгаллин мекара ойла хиллера иза – къона саьлтий Даймахкана гена баха, хIунда аьлча цара дика теллинера къоман син-кхетам. Саьлтий берриге а махкахула дIасакхуьссуш йайна харж, пачхьалкхас дукха сихонца меттахIоттош хиллера. Ша ваьхначу гIалина тIе цкъа а топ хьажор йац цхьаммо а ша кхетам чохь а волуш. Нохчийчоьнах цIе тасса арабевлларш а ма бацара нохчий. Дер бацара. Соьлжа-ГIала чим бина йагийнарш а нохчий ма бацара…

II

ЦхьайттолгIачу дийнахь эшелон Генарчу Малхбален Хабаровск гIала кхечира. Аьчка некъан станцера уьш дуьхьал йаьхкинчу тIеман грузовикашчу дIа а тарбина тIеман декъе дIабигира.

ИбрахIим ахшарна деша сержантийн ишколе кхечира. Иза чекхйаьккхинчул тIаьхьа, цо сержантан даржехь тIеман декхара дIакхехьа дезаш дара.

Шен хоршехь дIадоьдуш дара ИбрахIиман эскарера дахар. Йа командирашца а йа тIеман накъосташца а йолу йукъаметтигаш эскаро тIедожийначу барамал сов ца йевллера ИбрахIиман. Амма цхьацца дар-дацар доцуш а ца хуьлура, амма ИбрахIиман даима доьналла тоьура шен а, шен накъостийн а гIо даккха.

Кхарел хьалха эскаре баьхкинарш леташ меттиг а нислора, амма хIорш а ца буьссура декхарийлахь.

Иштта, цхьаьна дийнахь тактически Iаморашкахь сержантана лиира массарна а хьалха ИбрахIим охьатаIо. Амма мочхал лазош шена кхеттачу буйно сиха кхетамчу валийначу сержанта дукха чехка хийцира шен къоначу курсанташца йолу йукъаметтиг.