Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - страница 7
ХIора а ламазехь ма доьхура цо Деле шена гечдаре, хIунда аьлча кхана догIур долчу Къемата дийнахь а ша жоп дала дезаш вуй хууш.
Цу сарахь сагIа а даьккхира, гергара нах а, лулахой а кхайкхина, Дела а, цуьнан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлид йийшира. Ах буьйса йаьлча дIасабахара хьеший. Амма Заурбекан корехь стогар хIинца а дIабанза бара. Хазахетар лан а оьшуш хилла-кх бала лан санна онда ницкъ. Наб озийна хIусам буьйсанан тийналлица ийра. Амма цу чохь вижанза шиъ вара – Заурбек а, цуьнан жимох волу кIант ИбрахIим а…
II
Дуьненан йеаъ маьIIе Советски Союза шен аьчка мIаранаш дIатуьссуш, дуьненахь машар къуьссу шатайпа зама йара и. И къовсам хийцалучу кхиамца боьдуш бара: новкъарло еш НАТО пачхьалкхаш йара, къаьсттина Iамаьркан Вовшахтоьхна штаташ. Амма иэшамша къовсаман шовкъ дIа ца йоккхура, иза мелхо а алсам йолура. Африкан а, Азиян а, Латинин Iамаьркан а мехкашка вежараллин гIо сацанза дIакхачош дара, дукха хьолахь иза СССР-а Iаламат боккхачу барамехь арахоьцу герз дара. Иштта Советан Iедало царна ахчанца а, тIеман хьехамчийн девнашкахь дакъа лацарца а гIо дора. Бартхоша баркаллица и Iго тIеоьцуш, шайн ницкъ ма кхоччу чоьхьарчу мостагIийн кепехь йолчу «неIалт хиллачу» империализмаца къиссам латтабора. И «вежараллин» гIо саццалц, цуьнца уьйр латтийначу агIонаша «дуьненна машар» Советан Iедалан кхайкхамца шайн жигара къиссам дIахьора. Амма и гIо сецначу мIаьргонехь Советски Союзан селханлера «вежарий» цуьнан мостагIий хилий, сихонца шайн меттамот хуьйцуш капитализмехьа бовлура.
СССР-н арахьарчу политикехь кхин а чIогIа дагахьбалламе гIалаташ а хуьлура, масала Венгрехь, Чехославакехь а, кхин йолчу социалистически пачхьалкхашкахь хилла революциш.
Кхузахь галбаьллачу пачхьалкхан дIахIоттамна шен «вежараллин гIо» Советски Союза ша цхьаммо хилла ца Iаш, Варшавски ЧIагIаман декъашхой йолчу пачхьалкхашца цхьаьна дора. ГIаттам йа, революци социализман мехкашкахь къизаллица йохайора.
1978-чу шарахь Советски Союза «машар» бан гIортар бахьана долуш хIаллакьхила бисте кхечира Афганистан. Дерриге а дуьненна дIахьединера Афганистанера хьал Советски Союзан къилбера дозанна кхераме ду аьлла а, иштта СССР «декъазчу» афганцашна халкъана ницкъ беш болчу пачхьалкхан дIахIоттамах кIелхьарадовла гIо дан декхарийлахь йу аьлла а.
Партийн гуламашкахь а, кхеташонашкахь а партис а, правительствос а дина дIахьедар хазахетарца тIелецира къинхьегамхоша. Интеллигенци ша интеллигенци хиларе терра йист ца хуьлуш, оьзда Iаш йара, ткъа наггахь цхьалха диссидента туху мохь дерриге а халкъан хазахетаран цIогIанехь хезийла а дацара.
Оцу кепара дийнна халкъо къобал а деш 1979-чу шарахь СССР шен берриге а тIеман ницкъаца Афганистанна тIелетира, Iедало хьийзош долу цуьнан къам кIелхьарадаккха Iалашо йуьхьар а лаьцна. Къиза а, ирча а тIеман зама кхайкхаза хьаша хилла йоьссира Афганистане. БIе эзар маьрша адам хIаллакьхилира, иштта эзарнаш, эзарнаш интернационалисташ-тIемалой а эгнера цу муьрехь. Амма Афганистанна дуьхьал ша долийнарг сий долуш чекх ца делира йа советски политикина а, йа цуьнан герзана а. Феодализман муьрехь хиллачу Афганистанаца биначу тIамехь СССР эшаран бахьанаш иза дукха ойла йан хьакъ долу чолхе хIума ду.
Кхузахь билгалдаккха хьашт ду цу толамехь куьйг бехкениг уггаре а хьалха ша Афганистанан къам а ду, иштта итта шеран йохаллехь цу къиссамехь царна гIо дина йолу пачхьалкхаш а йу. Ткъа кху сохьта тIом болалуш бен бацара…