Дарц - страница 61



– Делахьа Ахьмад, ма дика хаьа-кх суна иза. Сибрехь айса лайна ткъе берхIитта шо-м хьехор а дацара, оцу хьалхарчу цхьана шарахь а со дийна висарх цецвуьйлу. Къона хиларна лайна хир йу-кх ас и халонаш. Ткъа нахана йукъаваьлча, сайга хаттар дича, йа цхьаммо гуш лаьтташехь харц, питане хабар дуьйцуш, вист ца хуьлуш, пхьагал санна, дIа а тебна муха Iен веза? Ала дезачохь бакъдерг дуьххьал дIаала, боху Дала.

– ХIета, со пхьагалх тарви-кх ахь! – велавелира Ахьмад. – КIилло а хилла ца ваьлла со маршонехьа къийсамна йуьстах. Вайн къийсам а, оцу къийсамехь хIаллакьхилар а эрна хиларх кхетта со. Хьо лаьцначул тIаьхьа, Симсарара Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш, гIаттам хилира Нохчийчохь, коьртачу декъана – хIокху Нохчмахкахь. Хьекъале, майра кIант вара иза. ГIаттаман коьртехь хилла кхойтта стаг Соьлжа-ГIалахь ирхъоьллира, гIаттам хьошуш, дуккха а байъира, эзарнаш Сибрех бахийтира. Доцца аьлча, нохчийн къомана пайда ца бира оцу гIаттамо. Бохам бира.

– Дукхахболу бохамаш а, эшамаш а вайн вешан бехкенна а хилла, Ахьмад. Шемалан заманахь дуьйна схьа вайн баьччанаша кхеташ йа кхетамза дийлийтинчу гIалаташа а бина вайн гIуллакхна дуккха а эшамаш. Хьо керта вале оцу Овхьада Iаламат хьекъале къамел дира, амма цо дийцинчух нах ца кхийтира, моьтту суна. Нохчийн баьччанаша хьалха а, тIаьхьа а дийлийтинчу коьртачу гIалатех цхьаъ, суна хетарехь, бусалба динехь доцу лулара а, генара а къаьмнаш вайн мостагIий ларар, царна дуьхьал гIазотан тIом кхайкхор дара. Вайца тIом бечу оьрсийн эскарехь керста гуьржийн, эрмалойн, хIирийн, кхечу къаьмнех а инарлаш, эпсарш хилча, цаьрга цабезам а, мостагIалла а гуьржашна, эрмалошна, хIирашна тIедаржадора вай. Ткъа и къаьмнаш шаьш а, оьрсийн къам а ма дара паччахьан Iедалан лоллехь, Iазапехь. Царна а ма ца дезара и Iедал. ТIаьхьа хиира суна, вай паччахьан эскаршна дуьхьал тIом бечу xeнаxь и гуьржий а, хIирий а, оьрсий а хилла герзаца Iедална дуьхьало йеш. Ткъа вайна, цаьрца цхьабарт а бина, церан а, вешан а йукъарчу мостагIчунна – паччахьна а, хьоладайшна а – дуьхьал гIовтта ца лаьара йа иза дан хьекъал а, кхетам а ца тоьура. Иза дан, керста къаьмнийн къехошца цхьаьнакхета ца лаахь а, уьш вешан мостагIий кхайкхо ма ца безара вай, дIакъехко, дIакъесто ма ца безара. Цундела хуьлура вайн цхьаболу эшамаш.

– Бакъду иза, Iела. Иза керста хилчахьана, муьлххачу а къомах стаг вешан мостагI хетара вайна. ХIинца а хета.

– ХIинца мукъана а, хьалха ваьш бинчу некъе йуха а хьаьвсина, ваьш, галдевлла, бердах, цIерга мичахь, муха, хIунда лилхина а хьаьвсина, тIейогIучу хенахь оцу гIaлатех лардала деза вай. Оьрсийн мехкан а, оьрсийн паччахьан ницкъан а боккхалла, оьрсийн къоман дукхалла со Сибрех вахча хиъна суна. Нохчийн мохк церан уггар жимачу губернел а бац. Россехь масех бIе шахьар йу, йарташ хьехор а йац ас, церан цхьана шахьарахь болу оьрсий а бу берриг нохчел алсам. Гена гIиртина хIун до, хIокху вайн махкахь а бу уьш-м нохчел алсам. Нохчийн къам жима ду, цуьнан мохк а, ницкъ а кIезиг бу, тIамца иза ша цхьаъ ларор дац Россица, паччахьан Iедалца. Цундела, Ахьмад, ас ца боху нахе герз карахь паччахьан Iедална дуьхьал гIовтта. Иза олучарна а дуьхьал хир ву со. Оцу Овхьада ма-аллара, вай санна, паччахьан Iедалан лоллехь дохкучу Россерчу, вайл даккхийчу бусалба а, керста а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, царалахь хьалхенаш а ца йохуш, тIехьа а ца соьцуш, йуккъера меттиг дIа а лаьцна, цара дийрриг дан деза вай а. ХIинццалц санна, вешан ницкъ а, мостагIчун ницкъ а ца хууш, герз карахь дуьхьалонаш йахь, вайн къам эрна хIаллакьхир ду. Дала тоьхна цхьа де хир ду вайн аьттонна.