Дарц - страница 7
– Схьагайтал документ! ХIapa дуьне дуьзна бунтовщикаша. Обаргаша, народникаша, эсдекаша. Уьш берриш а цхьаъ бу. Къуй а, бандиташ а.
Некъахочо, кисанара схьаэцна тIаьрсиган бохча схьа а диллина, цу чуьра даьккхина паспорт а, цхьа кехат а дIакховдийра.
Подпоручик вехха Iийра кехате хьоьжуш, балдаш хьедеш.
– Мелхо а, дика ду, ас хьо нуьцкъах дIавига ца деза, – паспорт а, кехат а йухадерзийра цо. – Цуьнан оьздаллина хаьий хьо вогIийла?
– Хаа декхар-м ду. Иштта веза хьаша вогIуш, Iедало хьалххе хаам бо бухарчу хIусамдега.
Шаьшшиъ дIаволавелча, некъахочо ойла йора хIетта шен бIаьргашна гинчу суьртан. Кхузахь а, Сибрехь а – массанхьа а массо къомах болу салтий а, эпсарш а, полицейский а, жандармаш а цхьаъ бу-те? ТIулган дегнаш долуш? Йа xIоpa дийнахь шайна гучу оцу харцонех а, къизаллех а боьлла-те уьш? Ишттачу тешаро уьш шаьш а баьхна-те оцу харцонан, къизаллин новкъа?
ХIун хуьлуш ду-те оцу адамех а, кху дуьненах а?
Хехь волу эпсар, некъахочун бакъонан кехаташка а хьаьжна, уьш карахь начальникан кабинета чу вахара. Масех минот йаьлча, сени чу а ваьлла, вист ца хуьлуш, хIокхуьнга неIарехьа корта тесира цо.
Некъахо, меллаша чоьхьа а ваьлла, тIе сийна исхар тесначу йехачу, шуьйрачу стоьла тIе йуьхьарвахана, хьалха Iуьллучу папки йукъара кехаташ хоьрцуш Iачу подполковнике маршалла луш вистхилла, неIарехь сецира. ХIетта сирйала йоьлла, кIужалш хьийзина йуькъа хьаьрса месаш, йуьхьигаш кIеззиг хьалахьовзийна мекхаш, цIена йаьшна йуьхь, стомма шалго чIенг, дуткъа балдаш, оцу дерригенца ца богIуш, шуьйра мераIуьргаш йолуш, буткъа мара а.
Цхьана кога тIера вукхунна тIе а вазвелла, чухула бIаьрг туьйхира некъахочо. Iедалан муьлххачу а администраторан кабинета чохь хуьлуш долу императоран доккха сурт дара подполковникан букъа тIехьа пенаца кхозуш. Цхьа пен дIалаьцнера империн доккхачу картано. Цунна уллохь пенах йоьллина йоьзан тIемаш долуш ши неI йолу сейф а.
Эххар а, кехаташ тIера ши бIаьрг дIа а ца боккхуш, охьахаа аьлла, неIарехьа лаьттачу гIантехьа корта тесира подполковника. ТIаккха, цхьа хан йаьлча, буьрса xIокхуьнга схьахьаьжира иза:
– Фамили?
– Гатиев.
– ЦIе?
– Мансур.
– Ден цIе?
– Гатиевич.
– Вина меттиг?
– Ведана округ. Манди-кIотар.
– И цIе йолуш йурт а, кIотар а йуьйцу ца хезна суна.
– ТIеман тIаьххьарчу шарахь йагийна иза, йуха метта ца хIоттийна.
– Толлур вай. Вина шо?
– 1860.
– Да-нана дуй хьан?
– Дац.
– Вежарий, йижарий?
– Бац.
– Гергара нах мичахь бу?
– Хаац. ТIаьххьара гIаттам хьаьшначул тIаьхьа царах хилларг хаац суна.
Хьаьжайукъ хабийна, пхьидачарех тера шен ши бIаьрг некъахочунна тIебуьйгIира подполковника:
– Аьшпаш бутту ахь, господин Хортаев. Xьo Теркан областан махка тIе ваьллачу дийнахь гулбина оха хьох лаьцна хаамаш. Хьо Хортаев Овхьад Хортаевич вy, Гати-Юьртахь вина. 1877-чу шарахь пачхьалкхана дуьхьал хиллачу мятежан уггар а жигарчу коьртахойх цхьаъ ву. Уьш къайладаьхна ахь. Кхузара ведда Гуьржех вахчахьана, ахь дIа мел баьккхина ког хаьа тхуна. Йуьхьанца Хевсуретехь ваьхна, тIаккха Тифлисехь халкъан ишколехь хьехархо хилла. Цигарчу крамолечу тобанан декъашхо лаьттина. И тоба йохийча, ведда Баку вахана, мехкадаьттан промыслашкахь болх бина. Белхалойн цхьана стачкин куьйгалхо волуш, полицица тасадаларш хилча, жандармский эпсар вийна ахь. Иза бахьанехь итт шо каторгехь, итт шо ссылкехь йаккха хан тоьхна хьуна. Ссылкехь социал-демократашца зIе латтийна ахь. Хьо Соьлжа-ГIала кхаьчча, кхузарчу социал-демократашца уьйр таса а гIоьртина хьо. Хьайх лаьцна и хаамаш къайлабаьхна ахь, господин Хортаев. Амма тхуна ца хууш цхьа а къайле йисац.