Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) - страница 2



Шен дийцар долош, Хьаьлима юьхьанца гойту вайна, мела а оцу къизчу хиламашна йистехьуо нисбеллачу ламанхойн 1ер-дахар.

Йагин Бийтар-эвлахьцкъачунна тийна дара. Эвлахь кест-кестта д1айоккхучу токуо а, лахара хьала хезаш долчу къамелаша гойту х1окху тийналлина а т1ег1ерта йоккхачу пачхьалкхехь а, къаьсттина Нохчийчохь, хилла хийцамаш, бохамаш.

Амма Хьалима кхуллу метан говзачу исбаьхьаллин г1ирсашца шатайпа сурт, хьалха санна коьрта турпалхо Йага а волуш, кхоьллина басарш ма-торру юьстаха а тоьттуш. Беламе дийцаршкахь бохаман суьрташ гайта къаьсттина дика пох1ма а, йозанан говзалла а, адамийн амалш евзаш а, адам дезаш а хила веза яздархо. Ткъа Хьаьлим х1окху дийцарехь дика ларавелла и декхарш кхочушдеш. Цо беламе гойту цхьаберш, иза доггаха воьлу вукхарах, амма яздархочун беламна юккъехь, дикка цуьнга ладоьг1ча, къаьста оцу адамах цуьнан шен дог лазар а, боккха къинхетам а.

Йага-м шен зудчо Босбикас лелийначу урда т1ера далараш санна йолу хьаьжк1аш чуерзийна, оцу рицкъанах а воккха а веш 1аш вара. Амма Йага санна болу ламанхой карзахбоху лахара рицкъах йоьттина машенаш цхьаберш хьалакхийла боьлча, Йагина дагайог1у хьалха обаргаша Теркал дехьара кхийлина реманаш. Яхье волу шен доттаг1ашца Хьаппица, Мушуца, Шовхалца а. х1ара, наха лелочуьнга хьожий, ойла ца еш, юкъаг1урту, ткъа цунах х1ун хуьлу вайна гур ду дийцаран чулацам вай теллича.

Гуьмсе-г1ала Йага д1акхаьчча, цецволий вуьсу. Ерриге а Нохчийчуьра гулделла адам хуьлу, аьчканекъан бохалла д1а а, схьа ц1ераш ягош 1аш. Х1оккхузахь ву Йагин кхоъ накъост а, цара шайн доттаг1чунна хьоьху вагонаш т1ера х1ун мехала ю а, яц а.

Йоттуш шашлык а хааели, малар а ду, шелонца къийса атта хилийта. Беламца гойту яздархочо кхузахь адамийн амалш талхар йоццучу хан-заманахь. Иза гайта аьтто болу х1окху наха, синкъерам бу бохуш оцу юккъехь маьттаза лела адамаш, дуьйцу къамелаш гайтарца. Къоман сийлахь йолу амалш, оьздангаллаш хьоьшу кхуза гулделлачу адамо. Схьахетарехь, иштта кхин генадалахь Нохчийчуьра массо маь11ера кхуза схьагулбеллачу наха, берриге махкахь даржор ду и къам маьттазадоккху долу х1у! Иман даржош йолчу халкъан институтан векалш а хаало йистехьуо назманаш олуш. Йагин аьтто а болу цаьрга хаттар дан. Халкъан оьздангалла яржош хуьлучу синкъерамехь шена цакарийнарг а, лоху Йагас дешначу нахехь. Амма кхуза гулбелла бакхий нах а бу шайн рицкъ кхузахь ду моьттуш, Дала шайна делла. Шайна бег1ийла хеттачу аг1ор дерзадо цара, рицкъа х1ун ю аьлла, олучух шаьш кхетар а. Ц1ера арадаьхначу хенахь шайгара даьккхина, лулара къаьмнаша шайна дерзийна рицкъ а долучух тера ду цхьаболчарна х1инца а дагадог1уш. Уьш бу и рицкъа ц1ера арадаьккхинчу къомана Дала х1инца юхасхьахьажийна моьттуш, шайн дог оцунах 1ехадеш. Милла ца дала а, шайна мелана а олий, оцу адамаша-м зуькаран ч1уг а хьовзайо.

Х1инцале а шайх дог даьккхина, шайн харц дог-ойла гайтина нах, ц1ерпошт генна 1аьхаш хезча кхин а ирча беламан суьртаца гойту авторо. Чуетташ яккхий тоьпаш елахь а, юкъахдоккхуш доцу ламаз санна, деза лоруш долу зуькар деш берш, цхьамма омра дича санна, совцу. Уггаре инзаре беламехь ду, оцу Далла г1уллакъдеш болчу баккхийчу наха, ц1ерпошто дохьуш дерг шайна зуькар дарна мелана дохьуш саг1а ларар. И нах-м болчух тера дац ялсамане т1е кхаччалц хьежа шайн зуькарна ял схьаэца.

Амма оцу т1ехь а авторо гойту кхин а къиза а, беламе суьрташ. Чухецаделлачу адамаша сецначу ц1ерпоштан вагонийн не1арш йоьллу, дог1анаш дохош. Чухьаьддачу адамо когаш к1ел воьжнарг а г1атта ца вуьтуш, хьоьшу, т1е когаш бохуш, т1ехлелха уьш вагонашна чу. Ткъа дамех юьззинчу вагонан мах а къиза хадабо цара: «Ж1аьлеша даарг, деккъа цена дама бен дац кзу чохь-м!»