Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - страница 16



– Кута ву иза! – хезира цунна тобанна йукъара цхьаьна балкхархочун аз.

– Кута ву тов! Мила ву и Кута? – ца вешаш вистхилира маларах кхетта цхьаъ. Къаьсттина иза вара массо а балкхархой сванна дуьхьал бохуш хилларг.

– Нохчо обарг Кута ву иза! – хазахетарца мохь туьйхира цхьаммо. – Ассаламу Iалайкум! – тIевеара Кутина дика вевзаш волу Бесленеера цхьа чергизо. Шен куьйг шаьлтанан мукъа тIе а дуьллуш, нохчийн обарганна улло дIахIоьттира иза.

Дуьхьал хIоьттина лаьттачу цхьаьна тобанера балкхархочо Кута вевзина, цуьнга куьйг кховдош, хаьттира:

– Кута, хьо цаьргахьа ву? Хьо тхуна дуьхьал ваьлла? Сван бахьанехь хьайн накъостех лата воллу хьо? – боккъалла цецваьллера иза.

Кутина гуш дара хIара дерриге а хьал дарделла хилар а, шина а тобано Фатиках ца довла дуй биъна хилар а.

– Со сайгахь ву! – кертахь тийналла йоссош мохь туьйхира нохчочо. – Суна Фатика цкъа а гина йацара, амма цуьнан хазаллах лаьцна йерриге а Кавказехь дуьйцуш ду. ХIинца сайн бIаьргашна иза гича, сан сацам хилла иза сайна йига.

Цецдаьллачу адамийн тобанна йукъахь гIугI даьржира. Ахиян вежарий дукха цецбевлла, багош а гIаттийна лаьттара, ткъа шаьлтанах тассавелла сван накъосташа сацийра. Маларах кхетттачу балкхарца йуха а шениг дуьйцура:

– Тхуна бен дац сван вийча а, нохчо вийча а, амма Фатика оха цхьанна а дIалур йац.

Кутина а, цунна уллохь лаьттачу чергизочунна а тIевеара балкхаройн эла Урусбиев. Цо куьйг айдира, вистхила шен болу лаам гойтуш. Гулбеллачарна йукъахь тийналла хIоьттира.

– Кута сан хьаша ву! – Элас бIаьрг туьйхира гулбеллачу нахе. – Фатика хьаьнга маре гIур йу шаьлтанаша къастор дац, иза цуьнан дас къастор ду. Шен дас Мухарбис дIайеллачуьнга маре гIур йу Фатика – йоьIан да волчу агIор бIаьрг туьйхира элас. Тоба дIасатеIира. Мухарбинна тIевахара Навруз:

– Лараме Мухарби! Хьан йоI кхиъна йаьлла. Цуьнан безам бахьанехь шайн синош дIадала реза бу Кавказан уггаре а тоьлла къонахий. Ас сайн цIарах йоьху хьоьга иза сайн хьаша а, доттагIа а волчу нохчийн обаргана Кутина. Цул тоьлла хIусамда хьан йоьIана карор вац хьуна!

– Цу нохчочунна хууш дуй сайн йоI ас йорах дIалур йоций? – велакъежира иза, шен къоьжачу мажах куьйг а хьокхуш.

– Массо а харж ас сайна тIелоцуш йу! – кхоладеллачу хьолах воккхаверца жоп делира балкхаройн элас.

– ТIаккха суна вайн барт хилла аьлла хета. ТIедогIучу кIиранан дийнахь шайн нускал дIадуьгур ду-кх аш – хьалагIаьттира Мухарби, шен кIенташка шаьш дIадоьлхуш хилар хоуьйтуш.

Циггахь говрашка а хевшина, шайн накъостаца сванаца дIабахара Ахиян вежарий а.

– Цу нохчочунна хууш дуй нускал дIадигале той балкхаройн лаьттахь а дан дезий? – саца туьгуш вацара маларах кхетта балкхархо.

– Шуна цкъа а ца гиначу кепара той хир ду-кх шуна – велавелира гIебартойн эла Клишбиев Аслан шен доттагIчун Кутин куьйг а лоцуш.

Шайн кIотара Кюнлюме сванаца цхьаьна Ахиян вежарий буьйсанна схьакхечира. Ахия цIахь вара:

– ТIаккха? Муха дара той? Гирий шуна Фатика? – хаьттира Ахияс чоьхьаваьллачу шен вешига Асхате, бIаьргашца боданехь цхьаъ лоьхуш санна. – Кута мичахь ву? – хаьттира цо шен вежаршка а, царна уллохь лаьттачу сване а.

– Шен нускалца хир ву-кх велар иккхира цуьнан воккхах волчу вешин.

– Фатика ган а, цуьнга хьажа а хIинца хьан доттагIчун Кутин бен бакъо йац, иза цуьнан нускал ду – Асхата аьллачунна тIетайра церан щича.

Ахия хIумма а кхеташ вацара, амма балано макхвинчу Ратиани Мушнига хьаьжча гуш дара цу тойнехь цхьаъ хиллий.