Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - страница 21
– Кута, хIара Хергиани Дато ву – сан бераллера тешаме доттагIа. ХIара ца хиллехь со кхуза тахана кхочур а вацара – элира Мушнис, зоьртала дегIехь, куц долу ламанхо Кутина тIе а валош.
Дато леррина хьоьжура шена дуьххьара гуш волчу Кавказехь цIейаххана волчу нохчийн обарге:
– Суна дукха хезна хьоьх лаьцна дуьйцуш. Фатикас хьоьга доккха салам-маршалла а ло бахара, хьо вихкина а Сванети дIакхачаве а бахара цо – элира гуьржичо Кутига куьйг а луш.
Хьеший йоккха чоь дIалаьцна охьахевшира. Пенна хьалха лаьттачу пешахь, цIарул цIен суйнаш дIасхьа а кхуьссуш самукъне лелхара дечиг. Беха некъ бина гIелбеллачу хьешийн догIмаш мерзачу кхачано а, хIусамера йовхоно а малдинера. ХIусамда вистхилира:
– Кута, вайн хьеший гIелбелла. Хетарехь, вай тховса садаIа деза, ткъа кхана паргIат вайн гIуллакх дийцаре дийр ду вай.
– ХIан-хIан! Оццул гIелвелла а вац со, Кутас со хIунда кхайкхина хIинццехь ла ца доггIал – элира Мушнис, лерина шен нохчо доттагIчун бIаьра а хьоьжуш. Цуьнца реза хилла корта лестош вара Хергиани Дато а.
– ТIаккха-м, хетарехь вайн суьйре дикка йахлур йу аьлла хета суна – велакъежира Ахия.
НеIсагIехь лаьттачу шен вешин кIанте а хьаьжна, хIусамдас элира:
– Цундела чай даима а довха а хила деза!
Буьйсанан тийналла хьаьрчира хIусамах. Массо а Куте ладогIа кийча вара. Нохчийн обарга дийца долийра ша хIун гIуллакх эцна араваьлла ву:
– Ши кIира хьалха цхьа нохчо волчохь со хьошалгIахь волчу хенахь, суна хиира Геловани Илико гуьржийн эла волчохь закъалтана лаьцна нохчийн жима кIант хилар. Иза Нохчийчу цIа а вигна, шен волчарга дIавала веза ас. Амма цкъа суна хаьа деза и кIант дийна ву йа вац, боккъалла а и эла волчохь ву и кIант йа вац – Кута сатийсамца хьоьжура Сванетера шен накъосташка.
– Тхуна хаьа цунах лаьцна – гIайгIане шен доттагIчуьнга Датога хьаьжира Мушни. – Масех бутт хьалха, нохчийн цхьаьна совдегара дукха ахча дара цу кIантах луш, амма къена эла ша аьлачунна тIера вер волуш вац – элира Мушнис, геналле бIаьрг бетташ.
– КIант иэцалур вац. Иликонна ахчанан мах ца хета дукха хан йу – къамелана тIевирзира Хергиани. – Суна хетарехь и хаттар ДадешкеланигIара къастор дара. Ма-дарра аьлча, цара дакъазадаьккхина а дара ГелованигIеран тайпа. Цхьаьна хенахь Дадешкилиани Тенгиза цхьа чIогIа доккха гIуллакх дина хилла боху Геловани Иликонна, цундела иза цунна хьалха декхарийлахь ву. Ша Тенгиз хIинца вац, амма цуьнан кIантана Татарханна хууш ду ша дерриге а. Нагахь санна хьан цу ДадешкелианигIарна тIекхача аьтто балахь, ахь хIумма а хала ца воккхуш, кIелхьаравоккхур вара и кIант – хехар дира Кутина Датос.
– ДадешкелианигIар болчохь кест-кеста хьошалгIахь хуьлу кхарачойн эла Крымшамхалов – элира Мушнис.
– Крымшамхалов Ислам суна дика вевза! Тхойшиъ доттагIалла лелош а ву – хазахийтира Кутина. ХIинцалц вистхилар доцуш хиллачу хIусамдас элира, Кутина сатийсам бохош:
– Схьахетарехь, Илико Геловани кIоршаме стаг а ву, ша аьллачунна тIера вер волуш а вац. Нагахь санна цо ДадешкелианигIеран дехара а жоп ца луш дитахь, тIаккха хIун дийр ду вай? Цу тIехь ойла йан йеза вай!
– ТIаккха вай нуьцкъала цуьнан хIусаме чу а девлла, кIант Куте дIалур ву-кх – дIахьедира Мушнис.
Ах буьйса йаьллера. Пешахь лелхачу дечиган тата бен ца хезаш, йуха а тийналла йоьссира.
– Со бахьанехь цхьаьна а стагаца шу девне ас довлуьйтур дац. Суна хаьа сванийн йукъараллехь чIир боху дош муха маьIна йолуш ду. Суна шуьгара оьшург гIо бен дац, ас цIий Iанаде ца боху шуьга. КIентан да а вийна элас шен цхьаъ бен воцучу кIантах чIир эцна. – Алу хилла догура Кутин бIаьргаш. Нохчийн зудчун дахар гIеметтахIоьттинчу шина къонахчун дахаран меха ду – элира Кутас, къона нохчийн зуда йалар дагчуьра ца долуш…