Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - страница 24



– Со вала велла! Кута ма ву иза! – йоккхуш йерг шен цIе йоцуш санна меттаха ца волуш Iаш волчу нохчочунна тIера бIаьрг ца боккхура эпсара.

– Мила Кута? – цецваьлла хьоьжура шен веше Татархан.

– Нохчийн обарг Кута ву-кх! – шен ваша ша дуьйцучух ца кхетарна оьгIаз оьхура Джансуг.

– Хьуна вевза иза? – йуха а цецваларца веше хаттар дира Ислама.

– Вай хьанна ца вевза иза? – цIеххьана мохь беттачуьра соцуш, меллаша жоп делира Джансуга.

– Ма эхь ду иза! Суна-м ца воьвзу иза – цхьаъ дагадеана леррина нохчочуьнга хьоьжура эпсар.

– Со кхуза чоьхьа воллушшехь и сайна мичахь гина те бохуш, цуьнан терго еш Iаш вара со – велакъажарца стоьла хьалхара гIоттуш, хьешашна тIеволавелира эпсар, ткъа йуха Куте куьйг кховдош, цо элира:

– Буро а, Грозная а гIопашкахь массо а меттехь хьан суьрташ ду, ткъа хьан коьртах хIоттийна боккха мах а бу. Оьрсий кхоьру хьоьх, амма ламанхоша хьан сий до.

– ХIан! ХIинца вайна массо а вовше дика вевза – велавелира вист ца хуьлуш, Iаш хилла эла. Гулбеллачара йуха а дийцаре дира Кутас деана гIуллакх.

– Ислам, хьо тан доттагIа ву. Тхан дас Тенгиза чIогIа гергарло лелийнера хьан деца. ХIинца дуьйна хьан накъост Кута а тхан доттагIа хир ву. И кIант цу йийсарера маьрша ваккха мел а дукха ахча кхоор дац оха – шайн къамелана реза болуш, вовшашка хьоьжура ДадешкелианигIар.

– Ас кхана Геловани эла волчу а вахана дуьйцур ду кIантах дерг – ша бина сацам бовзийтира Татархана.

Iуьйре йекхна йара, амма делкъехь чIогIа йохлур йу. Сванетехь бIаьсте хьалххе йеанера Кавказан дукъа тIехьачул. Эланан кертахь заза даьккхинера стоьмийн дитташа, ткъа керла йаьллачу бецан баьццарчу куза тIехь даьржинера бес-бесара зезагаш. Геловани волчу массо а цхьаьна гIур ду аьлла сацам бира хьешаша. Дадешкелиани шен хьешашца а, иштта кхин болчу уллора накъосташца а эла Геловани Илико кхечира. Кхаьрга хьоьжуш хилча санна, сиха схьадиллира кевнаш. Геннара гуш вара кертахь стоьла хьалха Iаш вара ойланашка вахана къена эла. Говрашкара буьссуш, уьш эланна тIебахара. Керта богIу нах гича, эла меллаша хьалагIаьттира, ша карахь ловзош хилла шаьлта йуьстах а йоккхуш.

– Маршалла ду хьоьга, сан хьоме Илико! – куьйг кховдийра цуьнга Татархана. Къеначу элане маршалла хаьттира Ислама а. Кутас корта таIийра, амма куьйг ца кховдийра.

Массаьрга а лерина хьажарца, гуьржийн элас уьш стоьле кхайкхира.

– Хьо лаа веаний, Татархан со волчу? ХIун гIо оьшу хьуна соьгара? – щен хьешан бIаьргийн хьежарехь цхьаъ деша гIерташ санна хаьттира къеначу элас.

– Соьца сан накъостий бу, кхарачойн эла Крымшамхалов Ислам а, нохчо Кута а – бовзийтира Татархана шен накъостий.

– Суна вевзара кхуьнан да – Исламе дIахьаьжира гуьрже. – ЧIогIа гергарло лелош вара тхойшиъ, ткъа нохчийн обарг а вуьйцуш хезна – элира элас.

– Илико, хьуна хаьа тхойшиъ хIун гIуллакх эцна араваьлла. Айхьа хIоттийна мах ала, тIаккха оха кIант дIавуьгур ву. Иза шен нахана дIавала веза. Берашца тIом беш а ца хуьлу, берашкара чIир оьцуш а ца хуьлу – эланна тIера бIаьрг ца боккхуш, элира Татархана.

– Ас дукха хан йу массаьрга а дIааьлла: кIант со волчохь вац. Шаьш ца тешахь, хIара керт талла – жоп делира элас Куте а хьоьжуш. Кхета мегар дара элас кIант дIалур воций. Хьеший хьалагIевттира. Кутас ша кертара араволуш, йуха а хьаьжна элира:

– Диц ма делахь вайшиъ йуха а гур хилар! – кхин вист ца хуьлуш кертара аравелира Кута. Воккхачу стеган Iодика а йина шайн доттагIчунна тIаьхье аравелира Ислам а, Татархан а.