Лаьмнашкахь ткъес - страница 43



– Къайсар, и шун Іиттарш кIордо йоьлла суна, – элира цо, маьнги йисте охьа и хиъна, Къайсаран бIaьргашна тIе бIаьргаш а боьгIна.

– Iиттарш йац уьш-м. Бакъдерг ду. Хьалдолчо шен хьал хестадо, мискачо шен къоьлла йалхайо. Уьш дуьтур вай. Хьо лаа варий?

Ког ларамаза гоьла тIe a бaьккхина тIаккха, шен когара хьаргIа басахь къиэгa эткаш гича, иза охьа а баьккхина, Къайсар цхьана минотана дIавирзича, резавоцуш шена тIерачу даточу бустамашца кечдинчу чоэ хьаьжира Овхьад. Баккъал а, йоккха башхалла йан а йара Къайсаран йакъайеллачу неIармачашний, чордачу машин йоманаш латийначу хечиний, эттIачу чоиний, Овхьадан духарний йукъахь.

Коьртара баьккхина сирачу холхазан куй, Къайсарна гучуьра баккха санна, шена тIехьа дIа а тесна, хаза хьовзийначу Iаьржачу мекхех куьг хьаькхна, шен хьекъале бIaьргаш сацамболлуш цунна тIeбуьйгIира Овхьада.

– Хьо лоьхуш веана co, Къайсар.

– Лаа?

– Вайн йукъаметтигах цхьа йист йаккха.

– И хIун мeттиг йу?

– Со шуна тIегIерта, шу – дIагIерта. XIун ду вайна йукъадоьллаpг?

Къайсар цкъа гIадвахана велавелира, амма Овхьадан даим дикаллех буьзна хуьлу бIaьргаш, цIе санна, богуш гича, забар йита йезийла хиира цунна.

– Хьо-м хьо вара, ткъа «тхо» муьлш ду? – xaьттира Къайсара.

– ХIара Гати-Юрт йерриг йу-кх, цхьа иттех цIа доцург.

– Хьуна ца хаьа?

– Суна-м хаьа. Шайл жимма а хьоле, гIоле верг аш шайн мocтaгI лору-кх.

– Къyьнан куй богу бохучу тIе догIу-кх ахь дуьйцург. Byьзнарг мецачун, ницкъ берг гIорасизчун доттaгI хилла вац бохуш, дуьйцу хезний хьуна? Ахь дуьйцучу иттех цIийнан шортта мохк, даьхний ду. Iедал цаьргахьа ду. Мацалла, къоьлла тхоьгахь йу. Iедална децаш, текхамаш беш а тхо ду. Сибрех а тхо хьийсадо. Хьуна хаа ма деза, Овхьад, хьайн ден бахам муха IаьIна. Паччахьан Iедало хьайн да а, цуьнан да а хIунда хьаьстина. Вукху бисинчийн бахам мичара баьлла. Нехан мохк ма бу Iедало церан дола баьккхинарг. Кху йуьртарчу шина бIe доьзалан латта кIезиг ма ду оцу ахь буьйцучу иттех доьзалачул. ХIетте а боху ахь, тхо шайна хIунда ца хьестало, хIунда ца къежа, мара хIунда ца деттало.

Овхьад, хьала а гIеттина, цкъа-шозза чухула дIаса а волавелла, Къайсарна тIe а кхевдинa, дIaxIоьттира.

– КІордийна, сих-похах чекхбаьлла суна и бахам! – мохь туьйхира цо. – Цара йен кураллаш а, аш йен Іиттарш а! Со мича гyьнаxь ву дас а, дендас а лелийначунна? Ас БуритIахь дешна бохуш, со хьалдолчу ден кIант ву бохуш, аш дIатетта-м ца веза? Шаьш вовшахдeттарг суна ца хууш санна!

Цецваьллачу Къайсаран бIaьргаш, къаьрзина, хье тIе бевлира.

– Ахь хIун элира?

– Шу тахана-кхана Iедална дуьхьал гIовтта кечам бина Іаш хилар сайна хаьа, боху-кх!

Хьалаиккхина Къайсар оьгIазе тIеволавелира цунна:

– Кхерам туьйсу ахь? Чехкка мотт эций гIуо! Мидал лур йу хьуна! Хьан дена а, дендена а санна! Шу-м мотт тоха, халкъана йамарт хила Iамийний цигахь.

OьгIазвахана, кIайвеллачу Овхьада хала сатуьйхира.

– «Мотт эций гIуо!» Сол хьалха хьо ваха а мега. Ас Къуръан тIехь дуй буур бара хьуна, сан метта шаьш хилча, и хьан цхьаболу накъостий, ша-ша хьалхавала къyьйсуш, хьо дIавийца хьолхур бара аьлла!

Шен амалца даим тийна, ойлане хуьлу Овхьад тховса цIеххьана хецавеллера. Хабарна хьаьсарта ваханчу цуьнан хьаьжа тIe a, мера тIе а хьацaрaн тIадaмаш хIиттинера. ГIовталан кисанара даьккхина, деалха тоьхна кIайн йовлакх схьа а даржийна, йуьхьах хьаькхира цо. Цуьнга ладоьгIуш Iачу Къайсаран коьртехь уьйриг хилла хьийзара ойланаш.