Лаьмнашкахь ткъес - страница 55



Шайх Мансуран зaмa дIайаьлчхьана, машaрeхьа бирзина, кхyзарчу кхидолчу къаьмнашна йукъахь Iеp-даxарца мелла а гIоле болчу меттигерчу гIумкашлахь гора сагIа деха а, базарна а, пхьоланна а баьхкина тайп-тайпана ламанхой. Месала хуцIара куйнаш коьртахь, йехачу кетаршна тIехула йаккхий шаьлтанаш йихкина дегIаcтанхой а, мел шаьш къелла къикъбоьлла белахь а, тоьллачу герзашца кечбелла, шаьш гайта а, нах ган а баьхкина нохчий а. Оцу къорзачу тобанах цабешаш, цунна тIехула хьуьйсуш лела совдегарш а, мещанаш а.

Амма кхин ду полковникан синтем байъинарг: тIом. Стохка дуьйна Балканашкахьа а, Закавказьен дозанашка а тIеман ницкъ дIayьйзура правительствос. Батьяновна бевза дуккха а эпсарш бу цига дигнaчу эскаршца. Ткъа селхана Турцига тIом хьебина Россис. ТIаме ваха атта лаац цхьанне а. Дика-м, дера, хIокху къорачу кIаженгахь пaргIат Ieр ма дара. Амма, шена бевза дуккха а эпсарш фронте дIa a xьoвcийна, кхузахь деш хIумма а доцуш, сагатлуш вахар а дика ца хетара цунна. Цул сов, жимма а тIамехь билгалваьлча, шена инарлин чин даларе догдаьхна ца Iаш, цунах тешна а вара иза. Шеко йацара, туркойн фронте бахана чинeхь цул лахара а, цуьнга нийсса а эпсарш, лакхабевлла, цIабоьрзург хиларан…

ГIушлакхе баьлла, корах чухьоьжучу бIaьстенан малхо цхьа тамехь бохбора полковникан шуьйра букъ. Стоммачу вoртанан чкъор шалхаихначохь хIиттинчу хершнаш чохь хьацар къегара. Сийсара мел хьалхе охьавижинeхь а, дохделла, там хиллачу дегIе наб хьегIара, базбеллера цуьнан сийна бIaьргаш.

Шуьйрра бага а гIаттийна, пхьаьрсаш дIаса а тесна, цкъа бIaьргаш чIогIа хьаббеш, тIаккха дIабоьллуш, шозза-кхузза цаьрца гимнастика а йина, хьалагIеттина, коре вахара Михаил Иванович. ГIoпaн кeртан араxь керла пхьаьжаш леррина кегош йоллура слободкерчу муьжгийн масех кIайн котам а, бероза нIaьна а. Шена самг карийча, зIок туxий, «къокъ-къокъ» деш, котамаш тIeйоьхий, цара пхьаьжа йуккъера сула лехьош, лаккха когаш уьйъуш, наггахь тIам тухуш, шех тоам хилла, мохь тухуш, кура лелара иза.

Дехьо йаккхийчу тоьпашна чилгIош хьоькхуш воллура масех салти. ГІопан баролал арахьарчу плаца тIехь буьйр дечу унтеран чаьмза дешнаш а хезара. Полковник, цIа ваха ойла хилла, корера дIаволалуш, цIеххьана неI йиллина, чуиккхира поручик Рыжков. Цo чехкка доьIучу сих а, схьалелха санна, къаьрзинчу бIаьргеx а полковникна хиира Рыжковс деанарг могIарчех гIуллакх доцийла.

– Господин полковник! – мохь белира цуьнан. – Округан начальник подполковник Петухов вийна! Цуьнан гIоьнчина капитанна Юзбашевна чов йина!

Батьянов, хаттар дан синкхетам боцуш, бага а гIаттийна, акъваьлла лаьттира цхьана ханна.

– И муха хилла? – xaьттира цо эххар а.

XIинца мелла а саметтавеанчу Рыжковс паргIат дийцира хилларг.

Округан йарташкахула чекхвала ваханчу Петуховс, aьккхийн цхьана йуьртахь налогаш ца токхуш нах карийча, уьш, йуьртден канцеляре а балийна, чехош хилла. Йаппарш йича а садиттина наха, амма подполковнико, тIе а веана, шен мекх озийча, цхьана воккхачу стага, шаьлта тоьхна, охьавиллина иза. Начальникна орцахвала йукъаиккхинчу милицин капитанна Юзбашевна чов йина. Иза Кешане гIопехь Іyьллуш ву.

– Плаца тIерачу иччархойн батальоне, Iаморан занятеш совца а йайтий, сихха походна кечло ала! – омра дира полковнико, шен коьрта фуражка а туьллуш.

Поручик, гиччошка куьг а даьхьна, аравелира.

«Ванах, баккъал а бунт йу-те хIара? – ойла йора полковнико. – Ма тапъаьлла тийна дара Нохчийчохь, атталла эсаран мох а ца хаалуш. Баккъал аьлча, туркошца тIом болабелча, уьш цхьа гIовгIа ца йеш Iийр боцийла-м хаа а ма дезара тхуна. ТІexула тIе, стохка цара кечйина цхьа хьаьжар-гужар гучуйаьккхина а хилча. Нагахь мятеж хилахь, хIун дан деза? Кхузара-х дуккха а эскарш Закавказье дIахьовсийна. Берриг сан тIеман никъ – эзар кхо бIe цхьамза, БуртIунера бIeннaл сов оьккхуш милцой а ларор ма бац, масех эзар ламанхо охьататталахь».