Лаьмнашкахь ткъес - страница 66



Тобанна йукъахь маьхьарий девлира къамелхочунна дуьхьал a, цуьнгахьа а. Къамелдинарг дIа а хилош, цунна улло хIоьттинчу беркъачу хьаьрсачу беречо, чIy санна, дуткъа куьг хьала а лаьцна, мохь туьйхира:

– ЛадогIа, нах!

– ЛадогIa!

– Со зандакъо ву. ХІокху лаьттачу Нурхьаьжас тхан тайпанна йина Iоттар цхьана агIop тIелоцу ас. Iаьлбаг-Хьаьжа тхан зандакъо ву, амма тхо доцчу массо тайпано иза къoбaлвина. Цхьабакъду, массо зандакъо ца сецна шайн зударийн кучан йаххаш лаьцна. Тхан массо йуьртара мелла а нах бахана цуьнца. Таханлера де къонахий къаьста де ду.

– Ткъа зандакъой стенга ладоьгIуш Іa? – xaьттира Нурхьаьжас.

– Ма-дарра аьлча, къонах, тхуна атта дац, «хIуьск» ма-эллинехь, тоьпаш кара а лаьцна, аралелха. Кешанерий, БуртIанайрий тхуна тIе а йерзийна лаьтташ йаккхий тоьпаш йу, тIе милт ма-Iоьттинeхь, тхан йартех сийна цIe йилла кийчча. Цхьа пхийтта чаккхарма генарчу Хаси-Юьртахь масех эзар салт а лаьтта.

– Тхан Чеччалхе а йац, ткъа Зандакъах а, Ножин-Юьртах а aгIo тоьхна лаьтташ? – кIоршаме Іоттар йира Нурхьаьжас. – И салтий, йаккхий тоьпашший вешан махкара дIайаха ца гIерта вай? – TIаккха нахана тIевирзира иза: – Нах! Имам Іaьлбаг-Хьаьжа къoбaлвийриг, паччахьан Iедал, кхузара цуьнан йалхой дIалахка луург, маршо йезарг кхузахь саца, пхьагалан дегнаш кийрахь дерш, йахь йоцурш шайн цIа дIагIо!

– Тхо дерриг реза ду!

– КIиллой цIехьа йерза!

– Билтошна йукъахь вац кIилло стаг!

Тобанна йукъахь буьрса маьхьарий девлира. Дукхаммо, хIаваэ хьала а лецна, герзаш дaссийра, йуьстахболчара, шодмаш йетташ, дой тIаьхьарчу когаш тIе хIиттадора. Шахьболат тобанна йукъа вала а кхиале, цара шайна бIaьнча хаьржира хьалххе дуьйна Iедале болчу цабезамца гоьваьлла йуьртахо Ларча.

Совнаха адамаш дIаса а девлла, бартахой шаьш бисча, йукъавелира имаман векал.

– Нах! Вайн халкъан маршонан дуьхьа гIовтта кийча дуй шу? – мохь туьйхира Нурхьаьжас.

– Делла дIадовллалц!

– Йамартло йина, даг чу кIиллолла йоьссина, йухаваьллачун дуьнене даха дог доцийла, хаьий шуна?

– Хаьа!

– Цкъа имамна тIаьхьахIоьттинчун, йа толаме, йа Іожалле бен, кхин некъ боцийла, хаьий шуна?

Тобанна йукъахь маьхьарий, герзашший девлира.

– Нагахь шаьш лелориг даггара делахь, ас бохург дан дезар ду шун…

– Схьаала, дала а кийча ду тхо…

– Кхузахь висна оьрсийн пурстоп, лаьцна, имамна тIе вига веза аш.

– Иза-м хала доцург ду!

– Цул, вийна дIаваьккхича?

– И жIаьла кхобу Шахьболат а цхьаьна!

– Иза а къанвелла, Iедална вецаш!

– ЦІeнoш даго деза цуьнан!

– XIунда дагадо уьш? Вешан Iедал хIоттийча, вайна а дезар ду уьш. ТIe, имамо дихкина, кхиэл ца йеш, стаг вер.

Уллохь лаьттачу шен вешин кIанте масех дош аьлла, говран чоже кIажаш таIийна, тобанна йукъавуьйлира Шахьболат. Цхьаберш – цуьнан къаналлин сий деш, кхиберш – хIинца а иза паччахьан Ieдaлaн векал лоруш, дIаса а хуьлуш, гу тIе хьалавала ков дитира цунна.

Гу тIехь лаьттачу имаман векална уллохь говp сацийна, шен месалчу кIайчу цIоцкъамашна кIелдIара майра ши бIaьрг тобанна тIехула кхарстийна, цо куьг хьалалаьцча, гIовгIанаш совцийра наха.

– Йуьртахой! Шун маьхьаршка ладоьгIуш, йуьстахлаьттара со. Оьрсийн паччахьан Iедал аш дохо дисина дац. ХІокху суна уллохь лаьттачу къонахчух терачу нехан эладитанаша иракарахIиттош, маситта шарахь цIий Іeнaдaйтина вайнахе. ХIетахь оьрсашна дуьхьал леттачу къонахошка хьаьжча, шу йисинарш цхьа хIуоранаш йу. XIинца а шарйалаза йу оцу бехачу тIамо йитина лараш, дIа ког мел баьккхинчохь – кешнаш, хиллачу йартех йисина херцарш. Тоьур ду хIокху тайпачу нехан сонталло вайн халкъ ах хIаллакдар. Шаьш ма Iexaдaйта! Шайн-шайн цIа а дерзий, Iедало боxург деш, IадъIе…