Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 2
ДИЙЦАР
Ибн Мас1удера, Аллах1 реза хуьлда цунна, деъна цхьана стага хийрачу зудчунна батт йаьккхина хилла, т1аккха Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу веана, цуьнга дийцира цо ша динарг. Т1аккха Аллах1а эццахь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аят доссийра:
«Ламаз х1оттаде дийнан шина йуьххьехь (1уьйрана а, суьйрана а), буьйсанах цхьадолчу сахьташкахь а. Баккъалла а, дикачу 1амалша д1айоху вон 1амалш».
Стага хаьттира: «Суна цхьаннийна дуй х1ара, х1ай Аллах1ан Элча»?
Делан Элчано, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Сан деригге а умматана ду».
Х1ара масал ду хьуна, Дала ламазашца къиношна гечдеш хилар. Дала къуръан чохь аят доссийна-кх, дикачу 1амалша вон 1амалш д1айоху аьлла. Ткъа доккха х1ума дац цу стагана хилларг, цо ламаз дина аьлла цуьнан къина Дала геч дина хилча! Дала цу цхьана стагана ца делла иза, вайна массарна а делла. Делера боккха къинхетам бу иза вайна. Цундела, ламаз деш хила веза бусалба стаг. Гуттар а ц1ена, хаза, дика, нийса, шен хена чохь ламаз деш хила веза бусалба стаг.
ЛАМАЗАН ЛАКХАЛЛА
Лараме бусалба ваша, йиша! Дала ша вайна т1едуьллу х1ора х1ума Джабраил малийке а олий, Делера салам хуьлда цунна, ткъа иза Пайхамарна, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, т1е а дуссий, цо цуьнга д1аолуш хилла Дала бохург. Иштта т1едиллина вайна деригге а шарий1ат. Шарий1атехь долу деригге а х1ума Джабраил малийко, Делера салам хуьлда цунна, Делера схьадахьаш хилла вайн Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Масала, закат а, хьадж а, Рамадан бутт кхабар а, кхин деригге бусалба динера х1ума а Веза-Сийлахьчу Дала Джабраил малийкехула, Делера салам хуьлда цунна, иштта т1едехкина вайна. Амма ламаз т1едуьллуш Веза-Сийлахьчу Дала Ша т1едиллина иза Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, Джабраил малийкехула, Делера салам хуьлда цунна, ца дуьллуш. Веза-Сийлахьчу Дала Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ворх1 стигал хьалаваьккхина, Шена дуьхьал х1оттийна т1едиллина цунна пхи фарз ламаз. Веза-Сийлахьчу Дала ламаз стиглара охьа ца доссийна, делахь а Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, стигал хьалаваьккхина т1едиллина цунна ламаз. Цо гойту ламаз мел деза ду Веза-Сийлахьчу Далла гергахь. Кхидолу бусалба динан белхаш санна Веза-Сийлахьчу Дала латта т1е охьа ца доссийна ламаз, х1унда аьлча ламаз 1аламат ч1ог1а деза долу дела. Веза-Сийлахьчу Дала Джабраил малийкан, Аллах1ера салам хуьлда цунна, т1е а ца диллина Пайхамарна, Аллах1ера салват а, салам а хуьлда цунна, ламаз т1едиллар, Ша т1едиллина Веза-Сийлахьчу Дала ламаз Шен пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Гой хьуна, х1ай сан бусалба ваша, йиша, мел деза ду фарз пхи ламаз. Цул совнаха, Веза-Сийлахьчу Дала хьалха шовзткъе итт5 ламаз т1едиллина хилла, т1аккха Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, Деле ламазаш лахдар доьхуш пхеа ламаз т1е охьадалийна уьш Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: Цул т1аьхьа Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Пхи ламаз ду уьш, шовзткъе итт6 (ламаз) метта».
И бохург, пхи фарз ламаз дича, шовзткъе итт ламаз дича санна йал йу. Хьажахь Веза-Сийлахьчу Дала вайха биначу къинхетаме, шовзткъе итт ламаз а ца дуьллуш вайна т1е пхи ламаз диллина, амма пхи фарз ламаз дича шовзткъе итт ламаз дича санна йал йитина. Т1аккха дан ца деза вай фарз пхи ламаз? Оццул деза и хилча, оццул йоккха йал хуьлуш хилча, и пхи ламаз дан дог1ура вай, уьш фарз ца хилча а. Амма уьш фарз хилча вайн цхьа а харжам бац, лаахь а, ца лаахь а дан дезаш ду вай уьш, Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина декхар ду иза вайна х1ора дийнахь-буса. Ламаз до хан адам сема хуьлу хан йу, цундела Веза-Сийлахьчу Дала цу хенашкахь ламаз дар т1едиллина Шен лайшна, х1унда аьлча ламаз Веза-Сийлахьчу Делаца з1е йолу дела, ламаз Делаца къамел дар долу дела, ламазца лайний Веза-Сийлахьчу Деланий йуккъера йукъметтиг ч1аг1ло дела, цундела Веза-Сийлахьчу Дала пхи ламаз фарз дина т1едиллина вайна, Ша вайна даима дагахь хилийта, Ша виц ца валийта Шен лайна, Шеца йолу йукъаметтиг ч1аг1йалийтархьама цуьнан. Цундела, пхи ламаз фарз хилар Веза-Сийлахьчу Делера боккха къинхетам бу.