Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 4




5-Фудайлан к1анта 1алис, Дала къинхетам бойла цу шиннах, аьлла: «Суфъян Саврий сужудехь гира суна хьажийн ц1ийнан уллехь, ткъа аса ворх1 гуо баьккхира цо шен корта (сужудера) хьалаайбале».


Хьажахь лараме бусалба ваша, йиша, мел ч1ог1а дезаш хилла царна ламаз. Мел марзо оьцуш хилла цара ламазах. Цуьнга сатуьйсуш, иза деха деш, цунах д1ахада ца лууш. Иштта вай а хир дацара теша. Царех тера хила ма дезара вай а. Баккъалла а, вешан ламаз т1ехь ойла йан йезара вай. Вешан ламаз нийса, хаза, дика, парг1ата дан дезара вай. Т1аккха цунах вайна хила беза пайданаш схьаоьцур бара вай. Дала вайна пайдана бен т1едиллина ма дац ламаз. Шена вай герга дахкийта, Шеца вайн з1е ч1ог1а хилийта, вайн ийман тадалийта, вай Шех кхерийта, вайна къемата де диц ца далийта, кхин а дуккха а пайданашна т1едиллина вайна ламаз. Ахь ойла йахь и пайданаш билгалла бевр бу хьуна.

ЛАМАЗЕХЬ ДО1 ДАР

Лараме бусалба ваша, йиша, хьан дуккха а нисдалаза г1уллакхаш ду, хьоьгахь баланаш бу, халонаш йу, ткъа и деригге а д1адаларан бахьана ахьа до1а дар ду. Къаьсттина ламазехь сужудехь до1 дар гуттар ч1ог1а ду, Делера жоп хилар гуттар герга ду. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Лай уггаре ч1ог1а шен Далла герга хуьлу иза сужудехь волуш».


Ойла йе, хьо уггаре ч1ог1а Аллах1ан герга воьду меттиг хьо ламазехь сужудехь волуш йу. Ткъа цу меттехь до1а де аьлла ду.

1авн бин 1абдуллах1 бин 1утбата, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Шуьгахь бала латтош долу шайн хьаштанаш фарз ламазехь деха, баккъалла а фарз ламазехь дина до1а кхечу ламазехь диначу до1анал деза ду, фарз ламаз суннат ламазан т1ехь деза хилар тера».


Цундела, ламазехь дехалахь хьайна эхарт а, дуьне а, Дала жоп лур ду хьуна, Шен пурбанца.

Вайн ламаз нисделча, вай а нислур дара.


Юнус бин 1убайда, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ши х1ума ду, и шиъ лайнехь нислахь, цуьнан кхиндерг а нислур ду: цуьнан ламаз нисделча а, цуьнан мотт нисбелча а».


Субхьаналлах1, валлах1и доккха х1ума ма ду х1ара, стага шен ши х1ума нисдича кхидолу деригге х1ума нислур дара цуьнан. Ахьа ойла йича иштта кара а до вайна иза. Цу т1ехь нисдала дезара вай, т1аккха вайн деригге а х1ума нислур дара.

ЛАМАЗ ЛАРДАР

Лараме вежарий, йижарий! Ламаз лардан дезаш ду вай. Ламаз лардар вайна т1ехь фарз ду. Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина вайна иза. Цо боху къуръан чохь «Ларде ламазаш а, йуккъера ламаз а»8.


Къаьсттина, Веза-Сийлахьчу Дала ларде боху вайга йуккъера ламаз, иза малхбуза ламаз ду. Иза къастийна цуьнан хан иза тергалдан хала йолу дела. Х1унда аьлча малхбуза хенахь нах буьйса т1ейале шайн г1уллакхаш д1адерзада сихло хан йу, ткъа цу г1уллакхашна йуккъехь дицдала тарло цунна малхбуза ламаз, йа дита тарло «х1инца ваьлча до» бохуш, цундела Дала къастийна иза ларде аларца.


Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Баккъаллаъ, уггаре хьалха лайне къемат дийнахь цуьнан 1амалх хоттурйерг ламаз ду. Ткъа иза дика хилахь, баккъаллаъ декъала хилла иза, аьтто хилларг а хилла иза. Амма (ламаз) доьхна хилахь, баккъаллаъ дакъаз ваьлла иза, эшам а хилла цунна».


Гой хьуна, ламазах доьзна ду хьо декъал хилар а, дакъаза валар а. Хьан 1амалех уггаре хьалха хоттурйерг хьан ламаз хилча, хьан ламаз гуттар нийса, дика, кхоччуш хила деза. Цундела, ламаз т1ехь к1адо йан мегар дац. Шен хеннахь нийса, дика дан деза иза, сих а ца луш, х1ора меттехь тем беш, парг1ата дан деза бусалба стага ламаз. Ламазах вада ца г1ерташ, сихха дина т1ера даккха ца г1ерташ дан деза. Цунах самукъа долуш, синтем хуьлуш дан деза ахьа хьайн ламаз. Цундела Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, олуш хилла Билалига, Аллах1 реза хуьлда цунна