Йеха буьйсанаш - страница 25



– Ва Чора! – кхайкхира Iела.

Чора, беттачуьра хьокха а сацийна, хьалатаьIира.

– Схьадуьйлийша, цхьаьний хIума кхалла вай?

– Баркалла, Iела, гIоза йоийла! Шуьгахь доллу дабагIа ду тхойшингахь а. Суьйранна цхьаъ дер вай.

И шиъ схьа ца догIуш сецча, Iела йуучунна тIехилира. Шена хьалхара сискалан доккхахдолу дакъа зудчунна хьалха а диллина, цуьнниг шена хьалха уьйзира цо.

– Ас даим олуш ду хьоьга, йуучунна тIехь со толо ма гIерта.

Айзас сискалан йуьхк майрачунна хьалха теттира:

– Стаг, хьо-м къахьоьгуш вай, вуззалц хIума йууш ца хилча, дегIехь ницкъ хир бац.

– Асчул тIех къахьоьгу ахь. Соьца болх бина ахь, хIинца, со садаIа агIорваьлча, берашна гуонаха хьийза а деза. Цул сов, айхьа йуург бераца а йоькъу.

Кхача мел миска белахь а, цул чомехь хIума ца хийтира Iелина. Йекъа сискал, дуьра нитташ, шийла шовда. Иза тешна вара, тахана кхин биэн-берса кхача буур болуш оцу регIаца, оцу ирзошца стаг вацарх. Бакъду, керлачу йуьртден Iосин, Шахьбин, ХортIин шортта даьхний а, жижиг а, дама а ду, амма шаьш йолах лецначу ахархошна цара уьш бIаьрга-м ца гойту. Йолахошна йал а ца ло цара. ДуьххьалдIа Iосас а, молла Шахьбис а, совдегаро ХортIас а – цара, цхьа масех стага, шайна кхаш лелориг оцу нахана ирзош аха гота ло. Ткъа шаьш, наггахь цара хIун до хьовса а богIуш, цIахь бийшина Iохку.

Делкъе йиначул тIаьхьа Iела садаIа дIатевжира. Ламаз а дина охьахиъна Айза хьалагIаттийра аганахь самаваьллачу кIанта. Цунна тIаьххье меттахъхьайра Iумар а.

«Ма декъаза хIуманаш йу-кх зударий, – ойла йора Iелас, берашна там бан гIертачу зудчуьнга а хьоьжуш. – Дийнахь а, буса а синтем бац церан».

Шен декъах йаьккхина сискал кара а йелла, Iумар дIа а тевина, аганан гIожа тIе тевжира Айза. Шурех буьзна, пхенаш сенделла кIайн накха беран бага а боьллина, вукхунна йоьссина шура сацо гIерташ, тIе куьг а диллина, кIанте хьоьжуш, дIатийра иза.

БIаьстенан махо Iаржйинчу йуьхьа тIехь хIиттина, тхи санна, хьацаран тIадамаш. ЧIагарш хилла, хьийзина хьаьжа тIехулара месаш. КIайн лаг хьоьстуш, тIехьаьрчина Iаьржа-стомма кIажар. Къинхетаме, эсала, Iаьржа баккхий бIаьргаш. Шабарца кIант хьоьстуш, меттахъхьера малхо этIийна балдаш, горгачу йуьхьан беснеш тIе хIиттинера кегий кIаьгнаш.

«Хаза зуда нисйелла суна, – ойла йора Iелас. – Хаза, дика, онда, къинхетаме. Дуьненахь ас хьегна бала бицбайта, сох къинхетам бина, Дала нисйи-кх. Шиъ кIант ву, цхьа сту а бу. Дех дисина ирзо а ду. Кхин суна оьшуш хIумма а дац. Дела, Хьо дика ву-кх. Амма, Аьрзу… Цо хIинца а зуда ца йалийна…»

– Тахана, кха тIе йогIуш, новкъахь Эсет кхийтира сох, – элира Айзас, Iелин дагара хиъча санна.

– Мила Эсет? – хаьттира цецваьллачу Iелас.

– Мила Эсет бохург хIун ду? Гати-Юьртахь цхьаъ бен йуй Эсет?

– Гатин зуда йуьйцу ахь?

– Цхьацца дуьйцуш йогIуш, КIант хьахавелира тхойшиннан. Цаьршинна хIинца а деза вовшийн…

– Эрна деза. Иза йеза декхар дац Аьрзун. Цаьршимма дицдан деза вовшийн. Марехь зуда йу Эсет. Стаг оьзда хила веза.

– Цаьршиннан дагара цхьанне а ца хаьа…

– Дика ду-кх, ца хиъча. Хиъча, иэхь а ду.

– Иштта ала атта ду, стаг. Хьо, хьайна йеззарг а йалийна, охьахиъча, дезаш вовшехдаьллачу цаьршиннах дог ца лозу хьан?

– Ас хIун дан деза? Азаллехь рицкъанаш цхьаьна йазделла ца хилла-кх цаьршиннан.

Шина а некхах декхначу берана йуха а наб кхийтира. Аганна тIе шен тиша, боьзан кортали а тесна, гаьнгали лестош, Iелина улло охьахиира Айза.

Генна регIан баса а вогIавелла, ойлане велира Iела. ХIаъ, дукха хан йара байлахь висинчу шина вешин зударий бало хан йуьзна. Шайна безаш мехкарий боцуш а, йа шаьшшиъ мехкаршна ца везаш а ца Iийра и шиъ ткъе итт-пхийтта шераш дуззалц. И неIалт хилла тIом бара дерригенна а бехке. Оцу тIамо ца вуьтуру и шиъ цIийнан лаппагIа йогIа а, денза дисинчу ирзо тIе хьовза а. Дерриг халкъо санна, цаьршимма а мерза сатийсира тIом чекхбаларе. Виэзачу шиннан аьттоне хьоьжуш, мехкарийн хенал тIехтилира Айза а, Эсет а. Амма Нохчмахкахь тIаьххьара тIом хуьлучу шарахь винчу йуьртахь, шен ворхI бер салтийн къизаллех лардеш, букъа тIехьа а лаьцна, шен неIсагIи тIехь вуьйжира Эсетан да Билал.