Йеха буьйсанаш - страница 31



Ши хьаша ойлане велира.

– Цхьа бахьана ца хилча, хала хир ду, – жоп делира Шахьбис, дикка ойла йиначул тIаьхьа.

– Бахьана-м долуш дара. Кху Iай соьгара йухалург йаьхьна цунна тIехь цхьа гали хьаьжкIаш йу сан.

– Кхин хIун некъ лоьху ахь? – куьг ластийра Товсолтас. – Хьуна схьайала хьаьжкIаш цуьнан цкъа а хир йац. Ахий, тIекIелтаса ахь ирзу.

– ГIуллакх шарIе даьлча, дIадерзо хуур дуй шуна?

– Иза-м дийца а ца оьшура! – хадийра Шахьбис. – ТIехула тIе, дукха хан йоццуш хилла бусалба а ву иза. Йа ирзо цо даьккхина а дац. Стундех дисина.

Товсолтас, резахилла, корта таIийра.

И гIуллакх чекхдаьлла лерира Iocac.

– Кхин а ду цхьаъ, – долийра цо, жимма Iийна. – Аьрзуй, Маккхаллий стенга вахана, хаьий шуьшинна?

Цо и стенна хоьтту хиъна, ши хьаша сема хилира.

– Деллахьа, ца хаьа суна-м, – белшаш саттийра Товсолтас.

– ТIехьа aгIop вахара бохуш, хезна суна, кхин муьлхачу йуьрта вахна-м, хаац, – кIелхьарвелира Шахьби.

– Кху Iай дуьйна дуьйцу, марха даьстича Iедална дуьхьал тIом болабо бохуш. Марха даьстина а даьлла, уьш меттахъхьовш а бац. Церан дагахь хIун ду ца хууш, сагатделла округан начальникан.

– Цунах-м кхоьрийла йацара, – корта ластийра Шахьбис. – Цара вовшахдеттачу гIуллакхан коьрта тхьамданаш кху Iай лецна. Бисинчех дукхахберш царах дIакъаьстина. Суна хетарехь, тIамна цара вовшахдетта гIуллакхаш, кхин ваьштадогIур доцуш, даьржина.

– ХIан-хIа, хIуъу делахь а, къайллаха цхьаъ вовшахдетта цара. И хаа деза вайна.

Шахьбис доккха садаьккхира.

– Хьо стенна гIелвелла? – хаьттира Iocac.

– Оцу гIуллакхашна йукъагIерта лаац суна, Ioca.

– ХIунда?

– Хьуна шера хаьа, шайн гIуллакхна айкхваьлларг, йамарт хилларг виэн цара Къуръан тIехь дуйнаш биъна хилар. Доцца аьлча, xIapa дуьне дезачу со хIинцца ваьлла.

Шахьбина тIетовш, корта теIабора Товсолтас.

Iоса оьгIазвахара.

– Даа бепиг а, ловзо чкъург а – шиъ хир дац шуна. Чай, борззий вовшахлоьтуьйтуш, шаьш даьттан гуьмалк йууш, гIуллакх чекхдер ду шуна моттахь, и бакъ хир дац.

Товсолтел майро волу Шахьби цавешаш велавелира.

– Хаац боху дош деши ду. Хьуна а тоьлу иштта Iийча. Хьан мекарло бахьана долуш, ца вуьйш, таханенга ваьлла хьо, амма адам цкъа а ца хиллачу тайпана дера ду хIинца. Наха ловзор вац хьо.

– Тола-м, ша витахь, IадъIийча тоьлу, – корта теIабора Товсолтас.

– Дика ду, хIета. Ас начальнике эр ду-кх, Iедало хIоттийначу моллас а, къедас а йуьртахь низам латто суна гIo ца до.

Iосин ши хьаша гIелвелира. КхоалгIаниг новкъа вара царах хIоранна а. Шиъ цхьаьний бен ца хилча, атта хин болу барт, ца хуьлуш, бахбала буьйлира. Ши хьаша, дуьхьало йан ца хIуттуш, дIатийра. Вешех а ца тешачу йаьлла xIapa зама. Ткъа Iocex тешийла йанне а йац. ХIокхунна башхо йац шен да а, ваша а, доьзалхо а. И царна хуу дукха хан йу. Къа ца хеташ, тангIалкхах хьала-м дера уллур ву. Амма Iедалал а кхераме бу вуьш. Дика-м, шина а агIорчарна гIo а деш, чекхвалавелча дара. Кхаъ ца кхачахь а, цIока-х Iалашлур йарий. Йуххехь теш волуш мукъана, хIунда хоьтту хIокхо…

Воьхна хьийза ши хьаша кIелхьарваьккхира, хьерадовла санна, арахь лета девллачу Iосин жен-жIаьлеша. Араваьлла хIусамда сихха чувеара, ХортIа а валош.

– Ванах, боккха болх бу-кх иза! Сох дуолаза дуьсуш дохку-кх и жIаьлеш. Эцца хьо ара ца ваьллехь, верина, кескаш йина, охьавуьллура-кх цара со. Ой, хьо волчохь-м хьеший хилла! Ассалам Iалайкум!

– Ва Iалайкум салам!

Шахьби а, Товсолта а шаьш Iачуьра халла хаалуш меттахъхьайра. Лепачу баьццарчу атлазан гIовталций, хечиций шур-шур деш, чучча ши ког боьллина, охьахиира ХортIа. Цо коьртара месала куй дIабаьккхича чиркхан серлонехь къегира кIесаркIаг чохь а, лергаш тIехула а цхьа масех чо бен ца буьсуш тилла, йоьзан тас санна, къегина боккха корта.