Йеха буьйсанаш - страница 43



Дакашан керт йассало. Массарел хьалха ловзаргара дIабевлла цуьнан вежарий – Iожу, Саьмби, Ловда, Луду. Вахана цуьнан ший а денваша – Мидий, Мусий. Герз буйна лаца ницкъ берг массо а мостагIчунна дуьхьалвахана.

Веккъа цхьа Дакаш, майра Дакаш ву-кх йуьртахь зударшца виснарг…

Дакаш, дегI ма-дду нислуш, хьалагIотту тхов тIехь.

– Хьо ву-кх, дада, дуьххьара тIедеана сан ирсан де кхолийнарг, – боху цо гушвоцчу дега, дехьа peгIa а хьоьжуш. Иза цуьрриг шек вац эскарш далош вогIург шен да хиларх. – И «совгIат» а дохьуш вогIу хир ву хьо хьайн дукхавезачу кIентан ловзарга. ХIан-хIа, Iоса, сан докъа тIехулий бен лам чу гIyp вац хьо!

Тхов тIера охьаиккхинчу Дакаша, божала воьдий, нуьйр туьллий, шен сира дин араозабо.

ТIаккха, воьдий, нускал долчу чуоьккху иза.

Нускалца цхьаьна цIа чохь йу Дакашан йиъ нус. Цуьнан хьажарх кхетта уьш йиъ йист ца хуьлуш арайолу.

– Малика, таханлерчу дийнахь хьайн майра мичхьа хила лаьа хьуна? – хотту цо, шен нускалан куьг а лоций. – Хьоьца кирхьанна тIехьа а хIоттий, дехьа регIахь мостагIийн тарраша цоьстучу, дIаьндаргаша эгочу йуьртахошка а хьоьжуш, цIахь Iе со йа царна йуккъехь сайн меттиг дIалаца ас?

Маликин кийра хьийзаш сийна цIе йу. Шен дог алу тIехь доттуш, морцуш, хебаш хетало цунна. Амма цо садетта, цо майра къурдаш до логе хIуьттучу шодана.

– Малика, хьо йист хIунда ца хуьлу? Йезарг къастош, гIалатваьлла хилла-те со? Йа наха, зудчунна тIекхаччалц бен къонах ца хилла Дакаш, ала лаьа хьуна?

– Йуьртахошна тIаьхьа гIуo, Дакаш, – хеза Дакашна Маликин эсала аз. – Цига ваханчу хIораннан а цIахь доьзалш, безарш бисина. Хьо хIинццалц хилла Дакаш хила лаьа суна даим а. ДIагIо, Дакаш, баьлла бехк боцуш вай хьийзочу Делан мостагIех бекхам иэца!

– ХIай-хIай, иштта нускал ма ду суна дезарг! – боху къоначу майрачо, шен нускал мара а къовлуш. – Малика, хьайн кIайчу куьйгашца схьакховдадехьа соьга сан шийла герзаш.

Маликас, пенах кхозучуьра схьа а оьций, дIакховдадо Дакашан герзаш. Уьш йукъах къовлий, къоначу нускална барт лой, шен сирчу дина а волий, иза маьждиган майдана хоьцу Дакаша. Кхузахь бу цуьнан денвежарий, нийсарой, кхузахь бу цо сий деш лера беза йуьртан тхьамданаш. БIаьрг бузий, Дакаше хьожу цIарна а цIейахана майра Iаба.

– Йуьртан тхьамданаш, шун сий Дала ма дойъийла, иэхьах-бехках шу Дала лардойла, – боху Дакаша, динара а воьссина, йуьртан тхьамданашна тIе а вахана. – Кху доьхначу дийнахь зударшний, берашний йуккъехь йуьрта а хиъна со Iалур вац…

– Вало, Дакаш, вало тхоьца, – боху цуьнга къеначу Iабас. – ГIиллакхех ловзу де дац таханлерниг. ХIан-хIаний, кIентий, везачу Дала гIo дойла-кх вайна!

Шен хьаргIачу динан чож дагош, шед туху Iабас. Амма Дакашан сира дин хьалха бу. Цкъа-шозза шед тухий, тIаккха басех охьа Яьссин тогIи чу хоьцу цо иза. Яьсси чу а ца тосуш, цунна тиллинчу готтачу тIай тIехула дехьаоьккхуьйту сира дин. ДоттагIчунна тIаьхьакхиа гIерташ, шен расха дин къинхетамза лоьллу Василийс. Ах сахьт далале Аьккхийн дукъа кхочу уьш. Кхузахь дений, кIантаний вовшийн го.

– Бакъ дац, дада, хьуна моьттург! Буьгур бац ахь и гаураш тахана лома! – маьхьарца баттара тур а доккхий, мостагIашна йукъа дин хоьцу Дакаша.

…Суьйранна, шен керлачу хIусаме а деана, цIенкъа йуккъе охьадиллира шелделла Дакашан элдара дегI. Къинхетам боцчу тоьпан дIаьндарго бен бинера цуьнан майрачу дага йуккъехь.

Ткъа къона Малика, зуда хила а кхиале, жоьра йисира оцу дийнахь…