Йеха буьйсанаш - страница 52
Дагестанан имамаллин оцу кхаа-деа шарахь цигахь шена йина йамартлонаш, тешнабехкаш ца бицлуш, тIаьхьа цхьа хан йаьхьира Шемала. Ша нохчаша имам кхайкхийча, Нохчийчу веана, массо дагестанхойн Iеламча виэ, хьаьжкIаш иэца баьхкинчаьргара говраш, варраш схьайаха аьлла, омра а дира. Амма дог ца Iийра ца кIадлуш а, шечаьргахьа ца узуш а. ХIинца деш дерг а…
…Шемал бехкбоккхуш хьаьжира чохь болчу шен махкахошка. Цуьнан бIаьрг тIехIоьттинчу xIop а Iеламчин а, наибан а кортош охьадахара. Чергазийн ИбрахIим, гIебартойн Хьаьжа-Нурулла, нохчийн Iусман а вара имаме майрра хьоьжург.
Шемала бIаьргаш тIекъевлира. ТIаккха Iаьрбийн маттахь меллашчу мукъамца гIийлла байт элира:
Сайн дегIан гIагI хетта
Со тешна вежарий,
Де доьхна висинчохь,
МостагIий хилира.
Со ларван кечдина
Уьш пхерчий хеттера,
Амма уьш сан даг тIе
Хьовсийна хиллера…
– Хьо бакъ ву, майра Бир Коьз, – маслаIатна йукъавуьйлира ГIеза-Махьма. – ГIалаташ, цатемаш дага ца лоьцур вай тахана. Кханалерчу дийнахь Дала къастор харц а, бакъ а. Имам, кийча ду тхо хьан омране ладогIа.
Собар доцуш, сиха стаг ву БойсагIар. Шемалан пурба доцуш цунна тIевогIург а, шен дагахь дерг дуьххьал схьаала ваьхьаш верг а веккъа и цхьаъ ву. КIиллолла бохург хIун йу ца хаьа БойсагIарна. Иза майра а, доьналла долуш а, тешаме а хиларна, дерриг а гечдо цунна имамо.
Къармазечу БойсагIара доьхначу тIе а дохийнера имаман дог, хIорш чукхойкхуш ала кечдинарг, даьржина, дайра.
– ХIаъа, гIуллакхаш вуон ду, майра лом БойсагIар, – элира эххар а Шемала, гIовгIа дIатийча. – Нохчийчоь йоьжна. ХIинца шайн берриг ницкъаш Дагестанна дуьхьал гулбина оьрсаша. Вайн кIажаш хьоьшуш, тIаьхьавогIу Уч Коьз. Салатавехула, Темирхан-Шурахула цунна дуьхьалдогIуш ду инарлин Врангелан эскарш. Гуьржехара схьадаьхкина эскарш ду ГIойсица схьадогIуш. Кхаа агIорхула гуо беш бу вайна. Гаурш-м хала а ца хетара суна. Халаниг а, Iаьткъарг а кхин ду. Ткъа шо, пхийтта шо хьалха санна, кхузара йерриг йарташ, цхьа а тайпа дуьхьало ца йеш, мостагIчуьнгахьа йуьйлу. Со мегарг ДаьргIал аравала а кхиале, шаьш царна муьтIахь хиларна тоьшалла деш, гауршна тIе векалш бахийтина Iаьндоша, ашильтоша, согIратIлахоша, гIимроша, унцIукIлахоша, гоцIатIлахоша, хунзахоша, дарадахоша а. Кибит-Махьмас суна дуьхьалйаьхна тIилитIлахойн а, карахийн а йарташ. Дениелбека лаьзгийн йарташ гIовттийна суна дуьхьал. Ахь ма-аллара, со даймехкан лаьтта тIе ма-веллинехь, байтулмалан а, сан сайн а мулк талий…
– Собарде ахь, имам, жимма дехьаваьлча, тIера шарбал йоккхур йу хьан, тIаккха корта боккхур бу йа гауршна вухкур ву. Цхьана чами ахьарх!
Имам оьгIазе дIаьхьаьжира, шен цхьаъ бен боцчу пхьаьрсан гола месалчу куйна тIе а гIортийна, куьйга корта а лаьцна, тевжина Iачу БойсагIаре. Амма шен багара араэккха кечделла шога дош, цергаш таIийна, сацийра Шемала. ТIехула тIе, хIуьттаренна ца алахь, БойсагIаре ала хIумма а дацара. Бакъ ма лоьра иза.
– Гунибе дIадаха кечло! – дах ца деш, омрица чекхдаьккхира имамо шен къамел.
ЦIа чохь тийналла хIоьттира. Цхьаммо а хаттар ца деш йа дуьхьал дош ца олуш. Имаман омрина резахилира а хаац, йа кхерабелла Iара а хаац.
– ХIан, Гунибе дIа-м гIyp дара вай, тIаккха хIун хир ду? – ца Iавелира БойсагIар.
– ТIаккха хиндерг Далла хаьа, майра Бир Коьз, – дохийна жоп делира имамо, доккха са а доккхуш. – Вешан оьмар чекхйаьллехь, лийр ду, ца йаьллехь, дуьсур ду Iожаллин де тIекхаччалц.
– Гаурех тIаьххьара а летта лийр ду цигахь. Гунибал дика чIагIo йац мостагI вохо! – элира Дибира ал Хунзахис.