Йеха буьйсанаш - страница 66
ГIаттаман тIеман тхьамданех Солтамурд а, Залма а, кхин масех стаг а Берсиний, цуьнан бартахошний тIетевжира. Биснарш, шайна йуккъехь массарна дарвелла Вара а волуш, Къаьхьарма-Хьаьжегахьа бевлира. Оцу дийнахь боьхначу барто Сту Бийначу Арахь цIий Iанийра бехкбоцчу дукха адаман. Цул сов, Шелахь цIийIанор чекхдаьлча, паччахьан Iедало дIалийцира хинболу гIаттаман ах куьйгалхой, цаьрца бертахь болу Iеламнах. Маьрша бисинчех дуккха а коьртахой, тайпанийн тIеман тхьамданаш а, кхерабелла, севцира.
ХIинца дерриг а йухадоло дезара.
Цуьнан ойла йора Маккхалий, Аьрзуссий, хаддаза цхьаъ дуьйцучу жимачу Болате ла а доьгIуш.
Сту Бийна Аре а хадийна, Бесачу-Берда тIе хьала а девлла, ЭгIашта боьдучу новкъа хьуьнха доьлча, Болат луьйчура сацийра Аьрзус.
– ХIан, Болат, тоьур ду ахь тхуна дийцинарг. Хьуьн чохь чIогIa дийца ца мега хабар ду хьайниг. Хьанна хаьа, вайга ладоьгIуш цхьаъ хилахь… Хьоьга ладоьгIначо цхьаммо а эр дац, хьо шозза лам чохь хилла. Самонна дика ца Iамийна хьо къеначу Залмас.
Шен гIалатна бехкалвахана Болат, иэхь хетта, корта а таIийна, вист ца хуьлуш сецира.
– Мичхьа соцу тхойша? – хаьттира Аьрзус Болате.
Болата, саца а сецна, охьа чу пIелг хьажийра.
– И дIо лаьтта ши поп гой шуна? Царна кIел шовда ду. Говрашна церг хьакха бай а бу цигахь. Шуна ца гуш стаг тIевогIийла а дац. Ший а цигахь саца, со сихха йухавогIу.
Коьртара схьабаьккхина бIегIаган куй кара а лаьцна, шен хеча лаккха хьала а оьзна, дIаиккхина Болат, берзинчу когашца ченан кIур гIаттош, цхьа бIе гIулч дIа а вахана, тIаккха некъах дIакъаьстачу цхьана гIашлойн новкъа хьуьн чохь къайлавелира.
Лакха гу тIе хьалаваьлча цхьана зоьрталчу попа тIеваьлла иза, гIa дуькъачу шалгонна тIе а хиъна, дIатийра. Цигара цунна дика гора ша Аьрзуй, Маккхаллий тIехьажийна шовда а, лаьхьа санна, сетташ ломах охьабогIу гIашлойн некъ а. Оцу новкъа схьаван везара Берса. Амма гуш хIумма а дацара. ГондIа бIаьрг бетта кIордийначу Болата шен эттIачу гIовталан чухула хечин борчах йоллу тапча схьайаьккхира. Вуьшта а цIеначу цунна леррина бIегIаган куй хьекхна, мокхазан иралла а зийна, цхьацца хIуманна нийсалла хьежо велира иза. Амма цо сих-сиха бIаьрг тухура гIашлойн новкъа хьала, охьа, шовдане.
Дукха хан йалале гIашлойн новкъахь гучувелира цхьа бере. Урх тесна йитина цуьнан говр меллаша йогIура. Коьртах хьарчийначу башлакхца, тIекхоьллинчу вертанца цунна тIера бере, цхьа а хIума тергал ца деш, кIорггерчу ойланаша лаьцна хеталора.
Болатна бIаьрг ма-кхийтти бевзира кIайн сет а, кIайн когаш а болу Берсин расха дин. Даим гIайгIане, ойлане Берса вовза а дацара цуьрриг хала. Иза гергакхача воьлча, попах схьабаьккхина кIожам бага а лаьцна, гIодаца охьа а веана, лахарчу гаьн тIехь сецира Болат.
Попа кIелхула волучу Берсина букъах цхьа хIума кхийтира. Болат бIаьрнегIар тоха кхиале, Берсин белшех кхозу верта говран гоа тIе дуьйжира, карахь къегира йуьйлина ши тапча.
– ЭхIе-хIе! Кхеравелин хьо! – мохь белира шен забарх там хиллачу Болатан. – ХIоппIахь! XIapa-м со вай!
Ша тIехь Iачу гаьннах кхозалуш, лаьтта охьаиккхира Болат.
– Болат! Хьий, йилбаз, йаI! Хьуьн чохь иштта забар йан мега ткъа?! – барт бетта хIоьттира Берса. – Мила ву а ца хууш, ас, тоьхна, къиг санна, чуваийтинехь, хIун хир дара? ДанчIин кIант хир вацара, сан доттагI а, жима тIемало а вовр вара! Низам талхорна таIзар дан деза хьуна.
Кхеравеллачу Болата шен кIесаркIога мIараш хьаькхира.