Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар - страница 7



– У вас там такие ужасы рассказывают! Что только у вас не творится! Ваших людей укутывают в тряпье! Бандиты кругом!

Нохчийн зудчунна дика хуучух тера дацара оьсийн мотт:

– Не-ет! У нас все хорошо, – жоп делира х1окхо, – это мелкие хулиганы, которые служат в милиции виноваты!

14.09.2022 шо.


Моллина мерза кхор.

Г1уркх а бетташ ишколан луларчу кертана дехьара кхораш дохуш воллура ишкольни учитал-молла. Оцу хенахь кертана дехьа гучувелира кертан да.

– Делахьа ма мерза ду хьан х1ара кхораш! – воьхна хьаьвзира молла.

– Ду, – т1етайра лулахо, – лачкъийна дохуш долу кхораш даима а хуьлу мерза.


Лачкъийна котам.

Иттех шо х1окху ишколехь болх беш, дуьххьара саг1ийна юьртадас котамаш йоькъучу хенахь, котам кхаьчнера Воккхачу стагана-учитална.

– И тхан майрачунна-м ма ца елира оцу юьртадас и котам! – реза яцара истолови чохь болх беш йолу зуда.

– Иттех шарахь болх беш елла х1ара котам а шун майрачуьнаниг хилла-кх! – д1акховдийра учиталас котам.


Молла кхайкхарий!?

– Молла кхайкхарий! Хезарий шуна цхьаннена а! Ламаз дан дезаш вара со! – ша бен ламаз а ца до, аьлла гойтуш, «орца» дохуш, ц1ог1а бохуш чуьра ваьллера цхьа бусалба.

– Ца хезира, – жоп делира цхьана воккхачу стага, эцца уллохула т1ех волуш т1енийсавеллера и.

– Муха ца хезира? Суна-м ма хезира и… х1инцца, – гучудаьккхира шен х1илла бусалбано.

– Суна-м ца хезира, – ца къарлора воккха стаг.

– Муха ца хезира! Ца хазан йиш ма яц! – къовсаме велира бусалба.

– Ца хезира, – шена гонд1аха хьаьжира воккха стаг.

– Вай, со хьера ваьлла ма вац! Х1инцца цхьа минот хьалха молла кхайкха ма кхайкхира!

– Оцу хьан моллас х1ун дира-м ца хаъа суна, амма, эцца чохь 1аш волу тхан ишколан молла-м ца кхайкхира цхьаннега!


Саг1ийна котамаш.

Ишколехь саг1ийна котамаш йоькъуш йара дирекхтор. Шена а котам нийслура яц техьа дагадеъна, учитал Воккха стаг вара шен ма-хуьллу сиха уьйчахула д1аиккхина воьдуш.

– Хьо котам еха воьдуш велахь, исторожегара пакет йехалахь. Цхьа безамехьа хаза пакет ю и волчу чохь. Мел хаза ю, хаьий хьуна! Суна-м ца елира цо и, мел ч1ог1а аса йехарах, – хьехар дира техничкас Розас.

– Х1ун до аса оцу пакетах, суна оьшург котам ма ю? – ца кхийтира Воккха стаг.

– Х1ун до? Х1ун до! Нагахь санна, хьуна котам ца кхачахь а, пакет мукъна хир ю-кх!


Букъарш.

Ишколе чоьхьа волуш вара учитал Воккха стаг. Турникетана халла юккъе а нийсаелла х1оьттина лаьттара: ишколехь шен терзига боцучу безамца а, сихачу меттаца а дика евзаш йолу цхьа жеро-техничка.

– «Букъарш», со ишколе чу вохийтура варий ахьа? – бегаш бира Воккхачу стага.

– Ой! И бохург х1ун ду? Со-м яц «Букъарш»! – реза ца хилира жеро-техничка.

– Хала ма хеталахь, йо1! Воккхачу стага жимачуьнга олуш хуьла и иштта бегашена, – кхетийра Воккхачу стага, бехкала вахана.

Ша и малх санна елаелла, екхна, халла турникетана юккъера араяьлла, дехьа валийтара жерочо учитал:

– Ой! Со жима ю бохург ду хьан и, «ваша»?

– Дац! Со воккха ву, бохург ду-кх! – элира Воккхачу стага учиталас.


Дирехтар доп-п1уп1-образовани!

Цхьа вайна евзаш йоцу доп-п1уп1-организацехь, шайн организацин езалла гучудоккхуш, гайтаран хьама «конференци» яра еш, ишколехь шайн болх беш болучуьра учаталаш юкъаха а баьхна, схьа а гулбина. Дирехтаро лаккхара омрица деш куьйгалла дара, х1окху доп-п1уп1-организацехь иштта а пхи-ялх бен воцучу белхалошна, т1е хьоькхуш мохь бара: «т1е мохь ца хьаькхича х1ара 1овдалаш кхеташ ма бац» – шуна массарна а хаийта.