Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар - страница 5
Цхьацца йолчу ишколехь хуьлу-кх, берашан а, ишколехь кхин ца хилчи а, сагатталур доцуш хьехархо.
– Лида Вахитовна, оцу уьйча а йалий, йист хилахьа оцу берашка, цхьа жимма доккха са доккхура дара-кх, кхин цкъа а урокашка аралелхалий, – дийхира цхьамма-м учиталски чохь.
– Лида Вахитовна, йиста-м ца хилича а х1умма а дац хьуна, уьйча ара хьажахьа! – бохура, Лида Вахитовна йевзаш йолучо.
13.10.2022 шо.
Кхин цхьаъ №8 ишколера доца дийцар.
– Оцу газах, светах ахча д1адала к1ордийна-кх суна! – учиталски чоьхьа елира цхьа майрачех йолу хьехархо. Эцца Г1аламкхойн махкахь учиталаша луш а дац-кх и ахча, цу т1е далахь!
Вуьйш болу хьехархой а бацара кхин дог к1едачех, цара а элира шайна хеташ дериг:
– Эцца и мацала бала бохкуш болчу «газовикашка», схьа а балабай, д1ахадайайта! – хьехар дира цхьамма-м.
– Цулле а дика хира ду, хьо, и хьайн г1овг1ане батт а эцна, оцу «Калмыке» д1а йаг1ача, – эцца х1умма а ца олуш ца 1ен, шен ойла йовзийтира кхин цхьамма а.
13.10.2022 шо.
Лоьмар №8 йолучу ишколан дирехторан г1оьнчин кхочуш хилан тарлуш йолу ойла!
– Вайн дирехторас Зураъас аьлларг хаьий шуна? – т1аьхьа а йисина чоьхьа елира цхьа хьехархо.
Х1инцалца ша олуш дериг элирий цо:
– Кхин т1аьхьа а висина цхьа хьехархо ишколехь гучу валахь, ша и балхара, шен лаамца, ц1ахь вуьтура ву! – хаьттира дирехторан г1оьнчас Раисас.
– Делахьа и хьехархо балхара д1а а ца воккхуш, оцу 8«Б» классе цхьа ши урок йалан вахийтахьара оцу вайн дирехторас! – ойланен элира дирехторан кхин цхьана г1оьнчас.
13.10.2022 шо.
Ибрагимов Хьасанан бераллин доттаг1чунах дош.
– Кхин оцу ишколера ц1а вог1уш ма гайталахь, деъаннала лахара «оценка» а яккхий! – омра дира Сосийн Салман олуш волчу тхан лулахочо шен к1антана Ибрах1имна мацаха мелла а хьалха заманачхь.
Оцу дийнахь Ибрах1имас, ишколехь «аьтто» а баьлла, химина а, биологина а ши шиъ даьккхира!
Ша и лом санна ц1ахь буха хиъна 1аш вара Ибрах1иман да Сосин Салман.
– Масса даьккхира ахьа тахана ишколехь, Ибрах1им? – хаьттира дас к1анте.
– Тахана-м, дада, диъ даьккхира аса, – воьхна вацара к1ант.
Иза-м дукха боккха аьшпаш ца хила там бара, шиннена шиъ т1е тоха хууш волучунна.
13.10.2022 шо.
Хала болх.
Иттех шарахь хьаькиман болх, а бина, т1аккха даржан лаха ваьккхина, ишколехь дирехторан г1оьнча болх, а бина, дуьненахь хилан тарлучу бюрократех чекх а ваьлла, «пенсионерийн хьаькимийн болх бан йиш йац», – аьлла балхара мукъа витина вара цхьа воккха стаг. Х1ора дийнахь: цхьа б1е сов, ишколашна болх бан 1амон, т1ейилинчу хьаькимийн конторашкара схьа мел оьхуш долу хьекъален кехаташна жоьпаш луш болх, а бина волу пенсионер ша шена висира уггаре а балхана т1ера кот ваьллачу хенахь. Шаверг а хьаьким хила лууш хиларна, учитал болх бан ца хаьахь а, учиталаш 1амон хууш хиларна, учиталаш ишколехь тоьуш бацара. Цхьа дика, хьаькимийн болх бан йиш йацахь а, пенсионерийн бакъо йара учиталийн болх бан.
Учитал балха вахара пенсионер. Ишколера техничка а т1ехь, шаверг а ладуг1уш вара – пенсионер дохко маца волу. Оцу хенахь цхьа учитал йеъира учиталски чу, пенсионера урок лучу классан уллохь ладоьг1уш а лаьттина:
– Хьовсийша, вайн пенсионерас лелош дериг!
– Х1ун леладо цо? Заявлени яздеш ву, балхара д1авала!
– Вац! Бегаш беш ву-кх дешархошца! Воьлуш!
22.09.22шо.
Ши учитал автобусана т1ехь.
Ши учитал йара, урокех мукъа а йаьккхина, дешархой а дирехторас мукъа а битина, г1ала йоьдуш. Хьаькимаша Интернет чуьра х1окхарна схьайаьхна, кечйина тесташ д1айала йоьдуш йара х1ара шиъ.