Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар - страница 3




Жима к1ант Сайхан.

Цхьа а уллохь воцуш балл диттан буьххье ваьлла 3—4 шо долу жима к1ант Сайхан. Ког а шершина чухецавелла вог1уш, цхьа аьтту а хилла дуткъа гаьннах тасавелла и шина а куьйга къевлина 1ункар чукхозуш хилла, ерриг юкъ 1адош хьоькхуш мохь а болуш.

Мохь хезна, ведда т1евеъначу воккхахволчу вашас Халидас, чукхозуш волу жима воша хьалакхевдина схьалоцуш, аьлла Сайхане:

– Д1ахеца баллан га! Ас схьалаьцна хьо!

– Ма хецийта-а-а! – бохуш воьлхуш хилла Сайхан.

– Х1унда?! – цецваьлла хаьттина Халидас.

– Ас д1ахецахь, дитт охьадужуш ду! – жоп делла дериг дуьне бертал даьлла моьттуш кхеравеллачу жимчу к1анта.


Сайхан а, лулахойн котам а.

Шен дай санна даима а меца цхьа котам яра тхан уьйт1а эхан марзъелла. Пхи шо кхаьчначу вешин к1анте олура аса:

– Д1аэккхае и котам, хьо х1ун деш лаьтта?

Амма котам-м къар ца ялучух тера дара цуьнга. Т1аккха и яхье ваккхан дагахь аса элира:

– Сайхан, и лулахойн котам вайн уьйт1ахь шен ден ц1ахь санна лелар яцар хьуна, хьо стаг велахьара!

– Ваша, сан цуьнан санна ира з1ок ма яц! – бехказа велира хьекъален жима к1ант.


Доьналла долуш волу завхоз Казбек а, дешархо Товсари а.

Урок йара йолалуш, учитал Фатима кечлуш йара шен эшарийн урокана нотийн хьаьркаш д1аязъян.

– Мел стенгахь бу? Сиха г1о мел бан! – дехар дира учаталас.

Товсари бохуш йолу йо1, ша и мох санна сиха араиккхира мел бан. Завхоз волчу Казбекана т1е кхечира йо1. Йедда йеъна, са а кхачийна, ц1ог1 туьйхира Товсарис:

– Мел буй?

– Мел беза хьуна?

– Мел беза суна!

– Собар дехьа! Мел беза хьуна?

– Собар до аса-м! Мел беза!

– И ма дийцахьа! Мел беза хьуна?

– Мел беза!

– Мел беза хьуна! – бохий аса-м, собар кхачалуш дара завхозан.

– Мел беза! – боху аса а, т1ечехан йуьйлира Товсари а.

Х1ара шиъ къийсалуш доллуш, учитал Фатима а схьакхечира орцаха.

– Ванах и мел балан мегаш бац оцу берана?

Х1инца-м Казбекана а, шен доьналла долуш хилла болу дай а дагабаьхкира!

– Ой! Аса бохучуьнга ладуг1уш ма йац йа х1ара йо1 а, йа хьо а, ва Фатима! Мел беза схьаолуш ма дац шу и мел!


*******************************************

МИНИАТЮРАШ Забарен доца дийцарш


Сан доттаг1 Эдин Муса редакцехь.

Сайн доттаг1 Муса болх беш волчу редакци кет1а нисвелча, телпо тоьхнера аса, и балхахь вуй хьажа.

– Х1ун деш лаьтта хьо кет1ахь, утарма а хилла! Чу вола, – бохура доттаг1чо.

– И со а, хьо а эккхарх хира доцург а ца дуьйцуш 1ад 1ехьа, – дийхира аса Мусага.

– Ой! И бохург х1ун ду, цхьа берзалой йац вай! Вайга ца далург и ма доккха х1ума хилан деза! – цецвелира Муса.

– Дера ду и, со санна стомма утарма вайшинна карора йац бохург, – кхетийра аса доттаг1.

24.11.22


Зудчунна х1уш эцар.

Воккха стаг балхара чу моссаза вог1у, дуьхьала йолура зуда, б1аьргаш а къарзабой:

– 90 сом доьхуш долу, х1уш ийцарий ахьа суна? – олуш.

Х1ора дийнахь зудчунна х1уш эца ахча а ца хуьлура, амма воккхачу стага, шена балхахь делкъана х1ума ца йууш а, зудчуна х1уш оьцура, цуьнга б1аьргаш ца къерзабайта.

Тахана-м алапа схьаделла самукъадаьлла вара воккха стаг. Х1уш-м х1ета а эцан дезара тахана, делкъана шена вуззалца х1ума йаъан а аьтто белира воккхачу стеган.

90 сом доьхуш долу х1уш чохь долу къоза пакет а йохьуш чоьхьа велира воккха стаг:

– Хьажал, сан хаза-диканиг, аса хьайна деъна х1уш, тахана алапа схьаделлера суна!

– Ой, и бохург х1ун ду! Алапа схьаделча, х1уш а дохьуш веъна хьо! Наха шоколад ма оьцу шайн зударшна, алапа схьаделча! – б1аьргаш къарзадира зудчо.