Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар - страница 2
– 1адлан, ма дика ду ахьа «пхиъ» даьккхина. Иштта деша ахьа, оьшура ду хьуна дахарехь, – хастийра Заремас к1ант, туьма д1а а кховдош.
К1анта туьма схьа ца ийцира, реза вацар а хаалуш дара цуьнан хьажарехь. Ден йиша цецйоккхуш д1аса а хьаьжира и.
– 1адлан, туьма ца оьшу хьуна? – хаьттира Заремас.
– Тоьта, оцу туьманах х1умма а ма ца йог1у х1инца! – хаийтира к1анта шен дог-ойла.
– Х1унда? – хаьттира ден йишас.
– Инфляци! – кхетийра к1анта.
– Инфляци х1ун ю? – теллира Заремас к1ентан хаарш.
– Тоьта, инфляци х1ун ю, ца хаьа хьуна? Цхьа туьма а эцна буфете ваг1ача, хьалха санна пираьжка ца ло-кх!
1адланан хьалхарчу классехь хьалхара де.
Дуьххьара ишколе вахана ц1а кхечира жима к1ант 1адлан.
– Нана! Ва, нана! – уьйт1а кхоччушехь ц1ог1 туьйхира цо.
– Х1ун боху ахь, сан дашониг! – олуш дуьхьала хьаьдира нана, цунна т1еххье баба а, воккха дада а.
– Ахь соьга урок пхиъ хуьлу х1унда ца элира хьалххе!? Суна-м цхьаъ бен ца хуьлу моьттура! – т1ечевхира к1ант массарна а.
– Ой, сан дашониг, ишколан директора иштта нисдина-кх и, – бехказа йелира нана.
– Оцу директорца-м ас кхана къастор ду и. Ткъа ишколе х1оа дийнахь эхан деза х1унда ца элира аша? Со-м цхьана дийнахь вахача волу моьттуш ма вара?! – велха уозош шен т1оьрмиг нанна хьалха кхоьссира 1адланас.
Хьалхара класс.
Дуьххьара школе а, хьалхара классе вахана ц1авог1уш вара 1адлан.
– Вай, со йала хьан! Хьо ма хьалхехьа ц1а вог1у! Урокаш чеккха-м ца йевлера шу? – дуьхьала елира нана.
– Ца йевллера! – жоп делира к1анта.
– Ткъа хьо ц1а ма вог1у?
– Сайнарш йевлла чекх!
– Муха хьайнарш! Шун классан урокаш йевлла чекх? – ца кхетара нана.
– Ца йевла классанарш а! Сайнарш йевлла чекх!
13.09.22
Автобусна чохь жима йо1.
Арахь тов хьийзош йовха яра. Нохчийн пешана чохь чулла жимма бен шийла йоцучу «Газелан» салона чу елира цхьа зуда х1инцца кога яг1ана хир йолуш жима йоь1ан куьг а лаьцна. Йо1-м воккха стаг санна шен, сирлачу б1аьргашца чохь 1аш болучу нахе а хьаьжина десса лаьттачу г1анта т1еяг1ана д1ах1оьттира. Г1антана т1ехаа хьалаялан х1инца а жима яра и. Т1ехьайог1учу нанас, ша хьалха охьа а хууш, шен кера хаийра керахь хаза буьрка а йолуш йолу йо1 а. Хьацаран т1адамаш дара йоь1ан хьаьжт1ехь тоьхна, зезагана 1уьйренца т1едиллина долу тхи санна. Нанас-м киснара жима йовлакх схьадаьккхина, цу т1ера берийн суьрташ а гойтуш даржийна йоь1ан хьаьжт1е хьаькхира и. Йо1 цецъяьлча санна шега хьаьжича, нанас элира:
– Хьуна хьацар даьлла, сан йо1. Вайшимма иштта жима йовлакх а хьаькхина д1адоккхур ду иза.
– На-н, соьга ло зим йовлак, – дийхира йо1а нене.
– Хьо х1ун да йоллу цунах? Аса хьокхур ду хьуна, – элира нанас.
– Буьркана хьакха йоллу со. Цунна а даьлла хьацар, – кхетийра йо1а шен нана.
Ши к1ант-дешархо.
Ишколан шуьйрачу, ехачу уьйченаш екош, маьхьарий Хьоькхуш, ловзуш, 1ункар-берташ кхийсалуш, кхоалг1ачу г1ате хьаьвзина хьалабоьдучу ламин аг1онна т1ехула чухехкалуш, каде хьийзара ши дешархо.
– Шу цирке х1унда ца доьлху, кхузахь харцхьа а ца лелаш? – хаьттира эццахь гучуваьллачу хьехархочо-воккхачу стага.
– Ваша, тхоьгахь ахча дац цирке даг1ан! Ахьа лохьа тхуна «шай-кай», тхойшиъ-м хаза а хеташ г1ур вара цирке, – дехарашка велира ши к1ант.
– Аса-м цирке балха х1унда ца воьду шу шиъ, боху, – ши к1ант кхетон г1оьртира хьехархо.
– Ой, цо х1ун дуьйцу? Оха х1ун болх бийра бу циркехь? – ца кхетара ши к1ант.
– Х1ун болх бийра бу бохург и х1ун ду? Маймалийн метта хир ву-кх шу шиъ! – кхетийра хьехархочо аьрха ши к1ант.