Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - страница 30
Iуьйранна сатасалле араваьллера Кута, ломара хIаваан марзонах Iаба. Гуьржийн жима стаг тIевеара цунна шегара хIун гIо оьшу хатта. Жима стага Мачутадзен латтанаш гойтуш, жимма волавала вигира иза. Малхбалера гуш дара Савардийа лаьмнаш, ткъа церан баххьашкара гIовгIанца чухецаделла догIура Килтикара цIе йолу ахка.
Уьш жимачу кевнашкахула кертара арабевлира. Жима стагана баркалла а аьлла, Кута гу тIе хьалавала ойланца йуьртах аравелира.
Поти агIора схьахьоькхучу хIорданан мохо деана и цIена хIаваъ дIаийнера стоьмийн бошмашкара схьаоьхучу цу мерзачу хьожанца. Кхузахь, Колхетин арахь цхьа шатайпа синпаргIато хьаьрчара берриге а кхетамах, са а, дегI а цIиндеш. Кхузара ирсечу тийналлас дог Iовжийра Кутин, даима сингатттамо а, кхерамо а ша гезган машано санна лаьцна йолу шен хьоме Нохчийчоь дага а тесна. Цигахь хIора ког баьккхинчохь воккхачу стагана а, берана а, зудчунна а, ломара экхана а, лаьттахула доьдучу сагалматана а оьрсийшкара кхерам бу. Цу гIайгIане ойланашца лаьмнаш долчу агIор волавелира иза. ЦIеначу хIаваах доггах кийра Iабош садаьIначул тIаьхьа, шега йуьрта йистехь хьоьжуш волу жимха волчу охьавоьссира Кута. И шиъ цIа веъча, анайистана лекха хьалабаьллера малх. Гуьржийн эла кху шинга хьоьжуш кертахь лаьтташ вара:
Если вам понравилась книга, поддержите автора, купив полную версию по ссылке ниже.
Продолжить чтение