Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - страница 12



– Маржа-йаI сан нана! Ма дика хаьа хьуна кху дахаран мах. Хьо санна йолчу къонаха зудчунга бен лалур ма дацара хьан белшашка доьжна и деза дукъ. Сан дас къоналлехь а, ткъа ас хIинца къаналлехь а синтемах йаьккхина хьо, амма хIете а хьуна цкъа а ца хетта хьуо ирс дайна. Тхоьца нийсса хьо а ма йу мостагIашца къуьссуш, хьайн собарца, хьайн доIанашца, ахь вайн кхерчахь латийначу цIарца. МостагIаша тIаьхье йоцуш витинчу сан ден хьо бахьана долуш хIу ца хаьдда. Ахь цуьнга кховдийначу безамца иэцна цо шен хIаллак хиллачу доьзалах чIир. Оьрсийшна уггаре а чIогIа лууш дерг ма ду вай доьза дайар, вайн хIу хадор. Сан дас болийна а, ас дIакхоьхьучу а нийсачу къиссамехь хьо ма йу сан коьрта гIортор, нана! Хьан сатийсамаш кхочуш беш, хьо сайх реза йар йу хьуна сан чолхечу дахаран коьрта Iалашо. Деле со воьхуш, ахь дечу цIеначу доIанах тешаш, майрра ма волу со муьлхха а кхераме новкъа – элира Кутас. ХIора а дош даггара олура цо. Цуьнан озехь хаалуш бара нене болу бовха безам а, кIоргера ларам а. Хьомечу кIентан и къамел хилира Цацина дахарехь мел лайначух хьакъ долу совгIат…



Борзак бекхаман новкъахь

I

Цхьа мIаьрго санна дIаиккхира обарган доьзална ши кIира. Довта-МартантIехь цкъа а ишта дукха хан йаьккхина вацара Кута. Ца лаьара цунна щен доьзалан а, гергара нехан а дахарна ша бахьанехь зулам хилийта.

Буьйсанан боданехь, чабол болар оьцуьйтуш, дIахехкира Кутас, тешаме накъост хилла шен аьрха – Эла цIе йолу дин. Чов дIайоьрзуш, доьзалан гуонехь дикка садоIуш, хан йаьккхина волу Кута ницкъах, дахаре болчу безамах, сатийсамах вуьзна вара. Чергизара Хатухшукай цIе йолчу ломара йуьрта воьдуш вара Кута, шен дуй биъна доттагIа, чергизойн обарг Хьапагож волчу. Шоптакхан говраш Прохладнера сехьа йохучу хенахь иза лазийна аьлла хезнера Кутина. Карабулакийн латтанийн хьаннашкахула ламанийн кIаже боьдура обарга арабаьккхина некъ. Ассински чIожана тIехваьлла, Джейрахе а кхаьчна, ткъа цигара Несаран гIопана ирхнехьа, ХIирийчоь йолчу агIор вахара Кута. Буро-ГIалина а, Бесланна а тIехваьлла дигорски латтанашка кхечира обарг. Кхузахь цо хьошалла лелош, шортта хIирий накъостий бара Кутин, амма цигахь ца соцуш, кхин дIа ГIебарта некъ бира обарга.

Эла цIе йолчу кхуьнан говрана дика девзара хIара некъаш, цундела буьйсанан йуккъехь атталица чекхлелхара иза мел дуьткъачу ламанан тачанашкахула. Амма Урух хих гечохула болуш, кхуьнан дин цIеххьана терсира. Хетарехь говрана бевзира шен Даймохк. Масех чаккхарма бен генахь ма йацара хIара говр йина а, кхиъна а йолу йурт. Дер дика ма йевзара Кутина Кургакора эцна, эла Шарданов Берда кхунна совгIатна йеллачу говран амал. Кхийтира обарг говран аьрха са Даймехкан хIаваъ девзина терсаш хилар.

Кутина цIеххьана дагатессира ГIебартара Урух хи йистехь йолу Прямая пядь цIе йолчу йуьртара Кургако волчу цо шена цIе тоьхна йитина хIара говр иэца ша веана де. ХIетахь билггал хIара говр иэца цига веана хиллера гIебартойн эла Шарданов Берд а.

– Дер ма ирча тIаьхьалонаш хила тарлора цу дийнан нагахь санна Шарданов Берда шен амал хьалхатоттуш, Кутин биллам тIеэцнехь, говр тарраш тIехь къевссинчун хир йу аьлла, амма гIебартойн эла йаьхь а, кхетам а, лаккхара син-оьздангалла а йолуш хиллера. Цо обаргана совгIатна ийцира хIара дин, цул совнаха обарге шен хьошалла а кховдийра. – Ваха веза цхьаьна дийнахь эла волчу хьошалгIа дика совгIат а иэцна – ойла йира Кутас, ткъа шен динан кхесах дайн куьйг а хьокхуш, элира: