Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - страница 14



– Ассаламу Iалайкум! – самаваьккхина хир ву ас хьо? Цхьа жимма мукъне а садаIар хиллий хьан? – Кутина улло охьалахвелира гIебарто.

– ВаIалайкум ассалам! – дегI нисдеш, гIаьттира Кута. – ЧIогIа дика наб йира ас хIумма а новкъа доцуш. Кху хIусамехь дукха наб йан дог ца догIу сан. Йерриге а ойланаш дIалоцу дех боьзна болчу дагалецамаша. Кхета лаьа муха хилла теша цуьнан ойланаш, дахар. Цхьа чIир йоцург, дуьнен чохь цо сатуьйсуш а, сагатдеш, хIума хилла хир ма дай.

– Кушмэзыкъуевохь хьошалла деш ву сан дешича – Атажукон кIант Жанхот. Цунна дукха хIума хаьа хьан дех лаьцна. Кегий нах болчу хенахь, сан деца цхьаьна дукхозза хьан да волчохь хьошалгIахь хилла бу уьш. Вайга вогIур ву иза тахана. – элира Мисоста.

Цара къамел дечу хенахь делкъ ламазана молла кхайкхира.

– Доккхачу цIа чохь хьоьга хьоьжуш хир ду тхо. Цигахь цхьаьна ламазаш дийр ду вай, кхачанах а кхетар бу. Кестта лор а вогIур ву хьан чевне хьажа – элира Мисоста.

Делкъе йеш, Мисост волчохь гулбеллера КушмэзыкъуевгIеран тайпанера шортта йаьхь йолу гIебартой. Царна йукъахь вара къано Жанхот а, Мисостан шича Тауби а, иштта Аслангери а, Джилйахстан а, Закирей а, Гошанашхо а, Тембот а, Тан а. Кута уггаре а хьалха къано Жанхотана маракхийтира.

– Де дика дойла хьан, Жанхот! Ма хазахета суна хьо тхайн гуонехь могуш-маьрша гуш. ГIебартойшна хилла ца Iаш, йерриге а Кавказана оьшуш стаг ма ву хьо! МостагIаша новкъарло йеш ца хилча, йерриге а Кавказехула дIасалело везаш вара хьо, вайн дайша вовшашца латтийначу ларамах а, церан уьйрашах а хьоьга дуьйцутуш! – элира Кутас.

– Диканца дукха вехийла хьо! Ма хаза хета тхуна хьо ГIебартахь гича! Хьайн ден весеташ кхочуш дан араваьлла хила тарло хьо. Цуьнан боккха лаам бара Кавказан тоьлла къонахий вовшахтоха оьрсийшна дуьхьал бечу къиссамехь. Цуьнан иза кхочуш дан аьтто ца белира, амма ахь цу гIуллакхехь баккхий кхиамаш баьхна. Кавказхой теша хьоьх, хьуна тIаьхьахIитта кийча а бу уьш. Адыгаш даима хир бу хьоьца! – Жанхота куьйг кховдош, массо а стоьла хьалха кхайкхира.

– Кута, кхузахь вовшахкхеттарш, хьо теша мегар долуш, хьан вежарий бу хьуна. Хьан ден а ца байнера тхоьх тешам, цундела хьан тешам ца байта а хьовсур ду тхо. – элира обарге Мисоста.

Йуучух кхеттачул тIаьхьа, чай молуш, Iаш болу ламанхой Жанхоте хьоьжура, цо цхьаъ дийцаре сатуьйсуш. Ишта ду Кавказан сирла ламаст – хуьлийла иза той йа тезет, амма къаночунгара зеделлачух пайда иэца безаш хуьлу ламанхой. Жанхот кхийтира ламанхой шен къамеле ладогIа хьаьгна хиларах. Мисоста элира соьга, хьайн дас ГIебартахь лелийнарг а, цо кхузахь дIакхехьна некъаш а довза лууш ву хьо аьлла – вистхилира Жанхот Куте. Йерриге а ГIебартана девзара хьан ден йист йоцу доьналла, амма сан иэсехь даима баха биссина цуьнан дахарера цхьа шатайпа хилам – генарчу паналле хьоьжуш, велакъежара къано. Хетарехь иза дагалецамийн йийсарехь вара.

– Хьан да Маьхьди шатайпа стаг вара. Шу нохчий наггахь сонта а, чIогIа аьрха амал йолуш а, собар доцуш а къам ду. Амма цуьнгахь цхьа шатайпа кIоргера синтем бара. Дийнна де доккхура цо цхьа дош ца олуш, цхьаьнга а вист ца хуьлуш. Ца хаьа, балано ша Iовжорна а хила тарлора иза ишта. Амма цуьнгахь болчу синтема, иза тIех тийна а, паргIат а хиларо ма чIогIа Iехабора цуьнан мостагIий. Къиссамашкахь самайолура цуьнан кийрахь нохчочун кIоршамалла а, аьрхалла а. Сан дас дукха дуьйцура цо гайтинчу доьналлех лаьцна, амма суна тахана дийца лаьа суо теш хилларг. Мисостан деца Алхасаца дукха жима волуш дуьйна хьан деца йовха уьйр хилла ву со. ГIебартахь Iаш вара иза хIетахь, Довта-Мартанан бахархойх чIир иэца делла дош кхочуш деш. Цуьнца цхьаьна нохчий а хуьлура – дукха хьолахь Маьхьдин шичой Нохмарза а, Ахмарза а, амма коьртачу декъехь Маьхьдица лелаш гIебартой бара, тхан кучмузуково тайпанера нах.