Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - страница 15
Цара кIело йеш хиллачу оьрсийн эскархошна хIинцале хууш дара, Маьхьди шайна тIаьхьаваьлла лелар, цундела чIогIа ларбора цара шайн меттамотт дукха хьолахь жIаьлешца. Хилозза чевнаш хилла йухавоьрзура Маьхьди, шен накъостийн декъий а дохьуш, амма йухавала дагахь вацара шен йуьртах а, доьзалах а чIир иэца хьаьгна волу нохчо. Дукха хьолахь цунна новкъарло йеш хилларш оьрсийн Iамийна жIаьлеш дара. Геннара а обаргаш гучубевлча, гIовгIа йоккхий, самабохура цара эскархой. Цкъа цхьаьна дийнахь тхан кIотарахь хьошалгIахь вара Приэльбрусьера цхьа къена балкхархо. Цу дийнахь цига кхечира чевнаш хилла нохчочунца Маьхьди а, цуьнан кхин болу ГIебартара накъостий а. Йуха а аьтто ца баьлла вас хиллачу ламанхоша дийцира къаночуьнга оьрсийша хIилла долуш шайна йиначу дуьхьалонах.
– Борз оьшу шуна! – меллаша вистхилира дукха ойла ца йеш воккха стаг. Цунах цхьа а башца ца кхийтира, амма балкхархочо йуха а элира – нагахь санна шуьца борз хилахь, иза тосайелла жIаьлеш, кхераделла, дIалечкъар ду. Воккхачу стагана дагадеанарг хьекъале хIума дара, амма мичахь карор йу борз? Йа муьлха борз лелар йу кхара аьлларг деш, кхарна тIахьа а йаьлла?
Атажуко, сиха воккхачу стагана улло охьахууш, вистхилира:
– Балкхарера лаьмнашкахь каро мегар дара борзан кIеза. Ма чIогIа оьшура иза тхуна. Муха карор дара теша иза?
Ткъа Маьхьдим-м вистхуьлуш вацара, гулбеллачаьрга лерина ладугIуш.
Балкхархойн къаночо, вехха ойла йина жоп делира:
– КIеза оьшу шуна, амма нохчаша цкъа а доккхур дац ненах берзан кIеза. Нохчийн ламастехь дац борз йийсаре латто.
Цуьнан къамелах реза хуьлуш вистхилира Маьхьди:
– Нийса боху ахь. Хьуна дика девзаш хилла тхан къам. Ша тхо санна цхьаьнга а караIамайелла йац борз, цундела хаьржина и экха цкъа а цхьаьнга а къарбелла боцучу нохчаша шайн къоман билгало…
II
И къамел церан бIаьстенан йуьххьехь хиллера, ткъа масех бутт баьлча, йуха а кхечира тхан кIотара воккха стаг балкхархо. Кучукан керта волуш, мохь туьйхира цо:
– Мичахь ву шун нохчо? Берзан кIеза йеана ас цунна.
Массо а арахьедира. Маьхьди а чохь хиллера. Балкхархо забар йеш йа шаьш Iехош ву моьттира ламанхошна, амма цуьнан карахь долчу гали чуьра кIоршаме массеран а бIаьра хьоьжуш, гIигI деш боккъалла а берзан кIеза йара. Цо шех куьйг Iотта а ца вуьтура цхьа а.
– Тхан ломахь догIанаш бахьана долуш дистинчу хис йохийна хиллачух тера ду кхеран Iуьрг. Ша цхьалха карийнера хIара хи йистехь. Леррина хьуна хIара йалош веана со. ХIара кхио а, кхунах хьайна гIуллакх хуьлий а хьажа. Борз барзах кхетар йу – элира балкхархочо Маьхьдига кIеза дIакховдош. – Дуьнен чохь цхьанна а хиъна дац борз караIамо, йа хьоьга а Iамалур йац иза, амма цхьа хIума ду, хьоьх берзан амал шена гича, иза кхетар йу хьо шех лай йан гIерташ воций, цундела хьуна накъост хир йу цунах, ткъа хьо нохчо хиларе терра цкъа а гIертар вац барзах лай йан.
Маьхьдис меллаша караийцира берзан кIеза. Иза лерина хьоьжура цуьнан бIаьра – гIо дехьа суна бехк боцуш Iанийна нохчийн цIих чIир иэца бохуш санна. Дуьнен чохь ша цхьалха виссинчу Маьхьдин дерриге а дахаран маьIна хилира Борзак аьлла цIе тиллинчу берзан кIезах. Нанас бер санна лерина лелош йара цо кIорни. Маьхьдис цкъа а човха ца дора берзан кIеза, хIунда аьлча цунна хаьара борз иза жIаьла дац, цо цкъа а дуьтур дац шена динарг. Бешахь кхобуш, лелош дара цо берзан кIеза. ХIора а буса цуьнан гIийла угIаро шатайпа гIайгIа йоссайора Маьхьдин кийра. ДIаделира цхьа шо. Де дийне долуш, кIезанах къона борз кхиира. Маьхьдина чIогIа тIера йара иза. Иза цIера ваьлча йуучух ца кхеташ, сингаттамо хьовзайора Борзак. Хан мел йоьду, боккхачу балехь вара Маьхьди. Дукха ойланаш йора цо Борзаках. Дала маьрша кхоьллина долу и экха тахана йийсаре хиларна шен бехк хетара цунна. Эххар а сацам бира цо Борзак дIахеца. Iуьйранна сатоссуш, Кушмэзыкъуей йуьртара ламанхошца цхьаьна новкъавелира иза Борзак лаьмнашка дIахеца. Лаьмнийн когашкахь Iуьллучу хьаннийн хотешка кхечира уьш, вордан чохь къона борз а йалош. Маьхьдис меллаша схьадиллира ога: