Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - страница 16
– ДIагIо, Борзак… хьо маьрша йу хIинца. КъинтIера йалалахь суна.
Борз оган чуьра ара а йаьлла, акха дIасхьахьоьжура, ша боккъалла а маьрша йаларах ца кхеташ, луьстачу хьаннийн цIеначу хIаваах ца Iебаш, хийлозза замано зийначу Кавказан лаьмнийн муьлха дуьткъа тача ша хоржур те ца хууш.
– ДIагIо, Борзак! Маьрша хуьлда хьо лела некъаш! – гIайгIане элира Маьхьдис, ша дагна гергара накъостаца къаьсташ волуш санна.
Борз меллаша хьуьнан йисте дIайолайелира, амма масех гIулч а йаьккхина, йуха хьаьжира иза.
– ДIагIо, Борзак! ДIагIо – йуха а элира Маьхьдис. Борз хьаннийн хотехь къайлайелира. Вехха цунна тIаьхьа хьоьжура Маьхьди. Ма дукха йара цуьнан коьртехь хьере ойланаш. Иза хьоьгура къоначу экханах, цуьнан маьршачу сих а, дегIах а, ткъа хIара-м бекхаман гураша лаьцна ма вара.
Къона ламанхой ворда йоьжначу говраца цIехьа а бахийтина Маьхьди а, Кучук а кхузара гена воцуш Iаш волу шайн хьаша волчу вахара. Иза волчохь дууш-молуш хан а йаьккхина, шолгIачу Iуьйранна Кушмэзыкъуей цIа вогIуш вара Маьхьди шен накъостаца. Кавказан ламастехь ма-хиллара хIусамда хьеший новкъабаха вахара. Йуьрта йисте кхаччалц уьш новкъа бехира цо. Вовшийн Iадика йеш лаьттачу царна цIеххьана хезира адамийн маьхьарий а, жIаьлейн летар а цхьаьна ийна йоккха гIовгIа. Дукха ойла ца йеш цу агIор дIахехкира ламанхоша шайн дой. Дукха хан йалале царна гира ведда вогIу жима кIант, хетарехь иза йуьрта вогIуш вара. – ХIун хилла цигахь аьлла шега деллачу хаттарна бен доцуш жоп делира кIанта – борз лаьцна.
Ловв аьлла цIе летира Маьхьдин кийра.
– Борзак! – мохь белира цуьнга! Багош шен динна шед тоьхна, цуьнга чабол болар оьцуьйтуш, дIахаьхкира цо иза бохам баьллачу меттиге. Цунна тIаьхьахIиттира накъостий а. Борз лаца шайн аьтто баьлла, баккхийбеш болчу ламанхоша тидам а ца бира, Маьхьдин. ГIора дайна, йерриге а цIийх йуьзна Iуьллура Борзак, амма хIете а ша къарйелла ца хилар гойтуш, цергаш хьекхайора цуо.
– Борзак! – мохь туьйхира Маьхьдис, адамийн тобанна йукъаэккхаш. Хьоме аз девзина, къона борз тохайелира. Иза лаьттара хьалагIатта гIертара, амма гIора дацара цуьнгахь.
– Совцаде шайн жIаьлеш! – оьгIазе мохь туьйхира Маьхьдин накъоста Кучука. Маьхьди меллаша барзана улло охьалахвелира. Цо сихонца теллира берзан дегI, хиллачу чевнийн йозаллин барам буста гIерташ.
– ХIун хиллера кхузахь? ХIунда йина аш цунна и гIело? Жима ма йу иза.
ХIун зен динера цо шуна? – оьгIазе хаьттира адамашка Кучука.
– Сийсара йуьрта йистехь жIаьлешна тоссайеллера иза. Ши жIаьла этIийнера цо. Тхо цецдевллера борз ишта йуьртана улло кхачарна. Иза сиха йедда хьуьнха дIагIур йу моьттура тхуна. Амма тахана Iуьйранна сатоссуш, жIаьлейн летаро йерриге а йурт гIаттийнера. Цундела барзана кIело йан арадевллера тхо массо а. Тхуна-м иза шортта ламанца лелла гила борз йу моьттура, ткъа хIара-м цхьа кIеза хилла. – бехказала вахана жоп делира ламанхошна йукъара цхьаммо.
Кучука куьйг кховдийра цуьнга:
– ХIумма а дац. Шу бехке дац. Шуна хала ца хетахь, тхайца дIайуьгур йара оха иза – элира цо.
– Вай дер хетар дац тхуна-м хала – реза хилира гIебарто.
Халла садоьIуш йара Борзак. Цуьнан чевнийн йозалле хьаьжча, иза дийна йуьссур хиларан жимма а догдохийла йацара. Бехчалга йукъа а хьарчийна, говрахь Iаш волчу Маьхьдига дIакховдийра ламанхоша чевнаша гIелйина къона борз. Жима бер санна шен мара къевлира дагна хьоме и ларча Маьхьдис.
– Кхоьлиначу бIаьргашца хьоьжура борз Маьхьдига.