Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь - страница 18
МостагIчун корехь богура чиркх. КIедачу меттахь паргIатваьлла Iуьллуш вара майор, набарна товжа кийча. Цунна уллохь хьийзара тайначу аматехь зуда, хезаш дара берийн аьзнаш. Цхьа а шатайпалла йацара Маьхьдина гиначу суьртаца – ишта хуьлу доьзалан ирс. Ткъе итт шеран йохаллехь тIулг санна чIагIделла нохчочун дог ца Iевжира, ца делхийра цо тахана ирсах марзо оьцучу мостагIчо хIаллак дина долу шен ирс…
Иза меллаша чоьхьавелира, топ йулуш, ткъа цуьнан накъосташа цIенон гуо лецира. Герзах воьттина, цIий Iано хьаьгна экха санна дера нохчо шена йуьхьдуьхьал хIоьттича, дерригенах а кхийтира майор – бекхаман мах дIабала хан кхаьчна. Пенаца нийсса лаьттара майоран Iадийна зуда, шийла кхерам кегийчу дегнашка буссуш, дIатийра бераш. Йа мостагIа а йа чIирхо а вовшашка вистхуьлуш вацара. Майор цецваьллера шен кертара жIаьла а ца леташ, Маьхьди чоьхьаваларах. Маьхьдис айдира герз, амма цу мIаьргонехь чоьхьавелира, хетарехь майоран уггаре а жимох волу кIант. Стигла санна сийна а, цIена а долчу беран бIаьргаш чохь бацара жимма а кхерам – иза ца кхетара хуьлуш долчунах. Жима кIант велакъажарца хьаьжира кхайкхаза веанчу хьаше, ткъа йуха шен дена доггах марахьаьрчира, тховса иза шена тIаьххьара гуш хилар жимачу даго хьехча санна. Шен ден некха тIе корта а биллина, вехха хьоьжура жима кIант Маьхьдин бIаьра. Маьхьди кхетара шен кийрахь йаьлла цIе мостагIчун беран бIаьргийн сийналло йойуш хиларах…
ХIинца а чIагделла ца хилла замано шерашца чахчийна дог. Дуьхьал тессира шен делла Iуьллуш хилла пхи бер. Йеллачу ненан дегI маракъевлина хилла церан кегий куьйгаш, йаьххьаш тIехь йиссина нуьре серло, хьомечу йуьрта тIехула айделла хилла сийна кIараш, къиза байинчу махкахойн декъий. ХIун ойла хилла те кхуьнан доьзалан дахаран тIаьххьарчу мIаьргонехь? Кхойкхуш хиллий те уьш хьомсара дега, боьхуш хиллий те цара мостагIчунга къинхетам? Кхуьнан дахар а ма дара ишта ирсе а, токхе а, тахана хIара кхайкхаза хьаша хилла чоьхьаваьллачу кхуьнан мостагIчун санна. Безам а бара, синтем а бара, дахаре шовкъ а йара, кхууьш тIаьхье а йара, чуверза хIусам а йара. Цу ша дерригенах а цхьаьна дийнахь ваьллера Маьхьди, ткъа цул тIаьхьа дерриге а дахар чIир хилла дIаделира. Кхуьнан дахарехь хIинца диссина хIумма а дацара, бекхам боцург. ЧIир иэца хIоттийначу Iалашоно дузийнера кхуьнан дахар маьIнехь, ткъа кху буса бекхаман рузманехь дIалуьстур йу тIаьххьара агIо. Довта-Мартанна къиза тIелатар дан омра луш, куьйгаллехь мел хилларг ткъе итта шеран йохаллехь хIаллак вина Маьхьдис, тIаьххьара виссинарг хIара майор ву. Тоьпан лаг озо кийча вара нохчо, амма цунна гуш вацара мостагIа, цуьнан цIийх Iийдалучу деган уггаре а йаьккхийчу кIоргенашка кхийдаш хьоьжура жимачу беран сийна ши бIаьрг. Цо маракъуьйлура шен да, цуьнан йовхонах ца Iебаш санна. Эххар а, арахь лаьтташ, хIара сурт тергал деш болуш шен накъостий а, и майор а, цуьнан зуда а – массо а инзар воккхуш, Маьхьдис охьадахийтира герз. Цо меллаша тIевахана беран хьаьрса месаш ловзош, коьртах куьйг хьаькхира кIантана. Бер хазахетта доьлура, шен корта ден некха тIехь лачкъо а гIерташ…
Маьхьди аравелира, Iадийна доьзал а буьтуш. Корах ара хьаьжначу майорана гира говрашка хиъна масех бере кертара ара волуш, ткъа царна йуккъехь, говрана тIаьхьа йаьлла бекъа санна, когашка а хьерчаш доьдура йуьхьанцара цунна жIаьлех тарделла цхьа экха.
– Борз хир ма йац иза?! – цецвелира майор, ткъа йуха цIеххьана дагатессира шен кертара жIаьла летта ца хилар…