Кхолламан цхьа де - страница 2



БІаьргаш буьззина чухІиттина бІаьрхиш, тІех а даьхкина, татолашца беснешна тІехула охьахьаьлхира Занун. Шен коьрта тиллинчу тишачу йовлакхца хиш дІа а хьоькхуш, кийрахь йоьлхура иза.

– Дера, хаац суна-м, Зану, хІун дийр ду. Цхьа Делан болх бу-кх хІара. Дала динчунна реза а хилла Іийча, хьегнарг цхьа йал йоцуш довр дац хир ду вайн. Дависарг, Іовдалш хили вай-м. Maxкaxдахар гІалат ду, нийса дац, цунах кхеттачу Іедало йуха цІадерзор ду бохуш, колхозо ваьшна деллачу лаьтта тІе стохка бІаьста йалташ ца дийра. Цундела кху бухахь долчу къоманачул хьалха мацалла хІоьттина вайга. Вай, схьа ма-кхеччи, дерриге балха а девллехь, вайна къастийначу латтанаш тІе йалташ а дийнехь, кху хьолехь ца хила а мегара…

– Ма дийцахьа, Хелипат, – элира Занус, доккха са а даьккхина. – Дукха бехк а бацара нехан. Тахана-кхана цІа доьрзу бохуш, кху махках дог ца леташ Іийра-кх. ХІинца а ву массо шаьш Даймахка йухадерза кхана новкъа девр ду моьттуш. Со а, хьо а теша цунах. Вайна иза дагара баьлла минот йац, аттала гІенах а. Ткъа масазза кечйелла со новкъа йала, сайн миска къелгаш1 дІа а хьарчийна? Мацца а цкъа со новкъа йалахь, баа хир бу бохуш, дІабиллина латтош ши кийла мекхан цу бу сан… Латта-м ца дийра. Цкъа-делахь, вай дІагІур ду моьттура, шолгІа-делахь, кхузара латта вайн махкараниг санна лелош дац. Кхузара латта лело говзалла ма йеза.

Новкъарчу тІулгах ког тасабелла, галйаьлла Хелипат, дІакхоссайелла, бердан басех куьг гІортийна, охьа ца кхеташ йисира.

– Доцца аьлча, гІуллакх галдаьлла-кх вайн, – элира цо, куьйгах летта хатташ дІа а бохуш, – дІадаханчу шарахь адамаш даларна бехке-м мацалла а йацара. ХІетахь вайн карахь цІера деана мелла а йалта дара. И чекхдаьлча, карара сал-пал а йухкуш, хІума эца аьтто а хилира. Махкаллаш деш белира дукха нах. Кху Іай гІелдин вай мацалло. Баккъалла а аьлча, дукха нахехь ницкъ а бацара шайна къастийна латта лело, балха баха а.

Хелипата аьллачо Зануна дагадаийтира бІаьста, гуттар шайн гІаддайча, ша куз бохка йахар. Иза бара шиъ-ах метр шуьйра, кхоъ-ах метр беха, хаза кечбина гІажарийн куз. Зану Маиле йеача, ден-цІа а йахана йуха йогІуш нанас совгІатна белла. Зануна хезнера, и куз мацах цкъа шен денанас, гомаш а йоьхкина, эцнера бохуш. Шаьшшиннан долара дерриге хІума доьхкинчул тІаьхьа а ца бухкуш, Занун ден а, ненан а безамна Іалашбеш латтабора цаьршимма иза. Амма кху Іай цІеххьана цомгаш хилла, вехха меттахь висинчу Маилна кхачанна кхин дан хІума а ца хилла, иза бохка арайелира Зану. Цхьана кертара вукху керта хІуьттуш, йуьртах чекхйелира иза. Безачу кузах цуьнга кховдориг йа ах кийла даьтта, йа жимо ши хьокхам хуьлура. Хьанна хаьара, луларчу йарташкахь, къаьсттина царна бархІ километр генарчу узбекийн йуьртахь хІуттучу базарахь кузах ах мах бала а мегара. Амма Занун а, йа цхьана а нохчочун а бакъо йацара комендатурин бертаза цига ваха. Ткъа Маилан (цунна дукхавезачу, цуьнан гІийлачу Маилан) кийра рицкъа дахаза масех де дара. Куз луччух дІабохка дийзира. Иза суьйранна цІа йеара, ах кийла даьттий, ши кийла нехчий, цхьа кийла хьаьжкІийн ахьаррий дохьуш…

– Хелипат! – чІоггІа йистхилира Зану, иза уллохь йоцуш, ткъа цхьана генахь, мохь тоьхча ца хеззехь йолуш санна.

– ХІун боху ахь, Зану? – цецйаьлла хьалатаьІира Хелипат.

– ХІун бехк баьлла доьхкина вай кху къизачу Іазапе? Ма хала ду хІара лан! Цхьа бехк баьлла, таІзар токхуш делхьара а хІумма дацара. Бехк-гуьнахь доцуш цІийнах, махках баьхна бІарзбина лело зударий, бераш… ХІара-м адамана дуьйцу а цахезнарг дай, Хелипат… Стенна бехке ву и велла Іуьллу воккха стаг, вайша, кхин а эзарнаш? Вай хьанна хІун дина, Хелипат?…