Кхолламан цхьа де - страница 4



Хьанна моьттура, хІара дахар иштта хаьрцар ду. Ткъа цуьнан сатийсарш, дахаран Іалашонаш?

Карлайелира ша Киевски университетан исторически факультетехь доьшуш хилла хан. ХІетахь цо шен дахарна хьалха йаккхий Іалашонаш хІиттайора. Уггар хьалха – Іаьржа йеха месаш, жугІара бІаьргаш долу аьрха Света Пантелейчук йало. ТІаккха, дика дешарца университет чекхйаьккхина, цхьаьний аспирантуре даха, шиннех а Іилманчаш хила.

Іалашо кхочушхуьлуш дІайоьдура, Светлана а йалийра. Шиммоа тІехдика чекхйаьккхира университет, ший а аспирантуре дахара.Николай Россин XIX бІешеран исторех дисертаци йазйеш вара, ткъа Светлана – арахьарчу мехкийн керлачу исторех. Амма эскарехь гІуллакхдан кхайкхаро, Николайн Іалашо цкъачунна йукъахйаьккхира. Делахь а, иза цуьрриг а шеквацара. Диъ шо дукха хан ма йац. Иза-х къона вара, цуьнан шортта хан йара аспирантура чекхйаккха а, шен Іалашо кхочушйан а. Цо тоамбора зудчун кхиамех. Николайс эскарехь гІуллакх дешшехь, Светланех историн Іилманан кандидат хилира. Иза цхьана Іилманан-талламан институтехь балхахь йара. Кхуьуш жима кІант а вара цаьршиннан. Николайн къеначу нанна шел ирсе стаг дуьненахь а вац моьттура.

ЦІеххьана – тІом. Цо дохийра Николайн доьзалан ирс. ТІом болабеллачу хьалхарчу деношкахь фашистийн бомбанаша дийра Николайн нана а, зуда а, кІант а…

Іилманча а цунах ца хили. Доьзал а бац. Аттала цуьнан ирс ца хили, и хьердаьлла фашистски экха, лаьллина, малхбузехьа а дигна, ша схьадаьллачу тунгари чу а доьллина, цигахь цуьнан корта отуш дакъалаца а. Ткъа цуьнан бІаьхаллин накъостий цига кхочуш лаьтта. Советски латта тоххара цІандина фашистех. ХІинца тІом Германин махка тІехь бу. Стохка дуьйна шаьш бинчу меттигашка йуха дІаоьху тІом болчу хенахь малхбалехьа кхелхина бахархой а. Цигахь йухаметтахІиттош йу йарташ, гІаланаш. Ткъа гвардин капитан хилла, амма хІинца заьІап хьехархо Бороденко кxy лаьмнашка а хиъна Іа.

ХІун дийр ду цо? Дийна йисина йиша а фашисташа Германе дІайигна. Хууш дац, иза дийна йу йац а. Цига йухавирзича а, дерриге а карладийр ду. Йуха а бастабаларна кхоьру хено берзийна деган чевнан муо. Изза кхоллам бу цуьнан зудчун а. Кху эвлахь, кху школехь девзина цаьршинна, кхузахь бозабелира цаьршиннан кхоллам.

Цуьнан майра а вийна Смоленскна уллохь хиллачу тIамехь, Курскехь йийна жима йоІ а. Цунна а ца лаьа Курске йухайерза.

Хало шераш ду хІорш. Цхьа къена нах боцурш, берриге а божарий фронтехь бу. Йуьртбахаман гІуллакх дерриге а зударийн кочахь дисина. Партийни а, советски а, колхозан а куьйгалла xІокху кхааннан карахь ду. Иза ша парторганизацин секретарь ву. Анастасия Федоровна – йуьртсоветан председатель, тІеман заьІапхо Сапар – колхозан председатель. Цара шайн ницкъ ца кхоош къахьоьгу фронтана. Дерриге а толамна, дерриге а оккупацех паргІатйаьхначу малхбузен областашна дІахьийзадо цара. Хала-м ду, амма йуьртара цхьа а вахархо вац чІеІаш. Царна хаьа, мостагІ вохийна, дІаваьккхича бен, Даймахкахь машаре дахар хІуттур доцийла. ХІинца цкъа-м хІор а доьзалехь бала бу. Дукха хан йу ловзарш, эшарш, самукъане иллеш ца хеза.

Йоьхначу тІе а таро йохийна нийсса шо хьалха кхуза балийначу нохчаша. ДІадаханчу шарахь, хІорш кхоъ мел гІертарх, цара латта дIа а ца дийра, массара а колхозан балха тІехь дакъа а ца лецира. Шаьш тахана-кхана Кавказе йухадоьрзур ду моьттуш, Іехабелла къинхьегамна йуьстахбевлла Іийра. Ткъа хІинца цаьрга мацалла хІоьттина. Махкаллин цамгарша ницкъ эшийна церан. Баларш хуьлу денна. Ткъа йуьртарчу Іедалан, колхозан а ницкъ бац царна гІо дан.