Лаьмнашкахь ткъес - страница 20



Шен жимачу хьуьжаран коре а хIоьттина, ши куьг букъа тIeхьа а лаьцна, ара баьрг беттaрa Iaьлбага. Хьалха дуьххьала гучу регIа. Цунна хазацара цхьаьний барта дарс Iамочу мутаIеламийн гIовгIанаш. Денош хоьрцуш схьайогIу цуьнан ойла, берхIитта шо йуханeхьа йахана. Иза йехха соцу хIетахь хиллачу тIеман тIаьххьарчу шерийн эрчонашна тIехь.

Бехха лаьттира кху регIаца бижина кIур, хIаваэхь кхагаран хьожа. ХIор а доьзaлeхь – тезет. Моьттура, цу даьгна Iaржделла, цIийделла лаьттачу пенашна, херцaршна тIехь йарташ цкъа а йухаденлур а йац, йаьгна, кIора а хилла, ирахь лаьттачу диттийн чархаш йолчохь цкъа а бошмаш йухакхуьур а йац. Кху Нохчийчохь цкъа а беларан, самукъанечу иллийн аз а хезар дац…

Амма хено, оцу дарбанечу лоьро, кIез-кIезиг йерзош, эххар мелла а йерзийра и дера чевнаш. ТIexyлa ирча моьнаш а дуьтуш. Царна бухахь, хIораннан даг чохь, цкъа а дерза йиш йоцу даьIнаш дуьтуш. Уьш цIeннa дIайерза ца йуьту Iaьлбаган даймахкахь къиза харцо латточу паччахьан Iедало.

Паччахь-м – паччахь вара. Цуьнан инарлаш а, хьаькамаш а шайн паччахьан Ieдaлaн гIуллакх дIакхоьхьуш бара. Ткъа, цаьргахьа а бевлла, шайн халкъан къамкъарг Іyьйдурш?

Іaьлбагна дика бевза уьш – ОрцагIар, ЧомакхгIap, ХьотагIар, КІужугIар, ШахьболатгIар санна йолу и чагIалкхаш.

ТIекхочийла-кх и де! ТIаккха Iаьлбага бекхам оьцур бу царах.

Набарха ваьлча санна, цIеххьана хеза цунна шайна делла дарс дагахь Iамочу мутаIеламийн бес-бесара аьзнаш:

– «ХIаза – хIара, китабун – жайна ду, мухтассирун – дацдина а долуш, ал пикъхIу – бакъдолчех а долуш…»

«…Бакъдолчех долуш…», «бакъдолчех долуш…», – йуx-йуха а хеза цунна иза. ХIун ду цигахь бакъдерг? Йуьхьанца деша воьлча, теша дерригенах. Цхьана Iилманан кIорге кхочур ву-кх бохуш, хьалха дІaгIeрта. Цига кхача гIерташ, пхийтта шарахь изза къахьегна Iаьлбага. Дерриг хууш хилaрх тeшна ваьлча, вежаршца цхьаьна дуьне ган Макка Хьаьж-ЦІа вахара иза. Ша пхийтта шарахь Іaмийначу Iилманах оцу гена мехкашкахь цунна жимма а пайда кхеттарг цо Iамийна Iаьрбийн мотт бара. Важа дерриг а эрна хилира. Цунна гира исламан коьрта шахьарш: Уьстамал, Макка, Медина.

Халкъe цхьаъ а дуьйцуш, шайна аьтто берг леладо цигахь а хьолахоша.

– «ХIаза – хIара, китабун – жайна…», – доьшуш хезара мутаIеламаша.

«Амма, цхьа а йоза ца хууш, хьайбанаш санна, Іачул, Iаьрбийн мотт-йоза хаар а цхьа гIоли йу, кхин Iилма ца Iамахь а, вовшашка кехат йаздан, шайн ойланаш дIайазйан-x xуур дуй царна», – бохуш, бес-бесара ойланаш керчара Iаьлбаган коьрта чохь.

Йуx-йуха а доьшуш, и масех дош дагахь Iамочу мутаIеламийн йиш хаьллера. Массеран бIaьргаш корехьа дIахьуьйсура. Амма Iаьлбаг цаьргахьа дIахьожуш вац. Йа хаза а ца хеза церан гIовгIанаш.

«Ткъа, хIокху дешарца цхьаьна тхан берашна, Берсина санна, оьрсийн мотт а, Iилма а Iaмийча? – Iаьлбаг гIайгIане велаозаво. – И дойту ткъа Iедало? Соьлжа-ГIалахь оьрсийн хьуьжар йиллина. Тхуна тIехь шен урхалла латто оьшшучул нах Iамо. Тхуна йукъахь шена гIортораш хIитто. ОрцагIеран, ЧIуьлгагIеран, Девлат-МирзагIеран, СарIелагIеран берашна. Ткъа кху чуьрниш саннарш цига аьттехьа а буьтур бац».

Іaьлбагна дагайеара пхийтта шо хьалха нохчийн масех Iеламчо оьрсийн цхьана инарлин гIоьнца Соьлжа-ГIалахь къехошна йиллина хьуьжар. Нохчийн маттахь Іeлaмaш долуш жайна а доккхуш. Ши кIира даьлча, дIачIегIира иза, Iедало гIо а ца лаьцна. Амма луллахь Iедало йиллина важа болх беш йу. Эпсарийн, совдегарийн, динан дайн берашна йиллинарг.