Лаьмнашкахь ткъес - страница 24



– Цара хIун дер а, хаац.

– ХIета, вай ваьш гIовттур ду-кх, – хадийра Іaьлбага. – Тоьур ду, хIиццалц садиттича. КхидIа собарна ницкъ бац.

ТIepa йуькъа Iаь гIуьттуш хьолтIамаш а, кхехкийна дакъийна жижиг а, йоьхьаш чохь доккха шун а хIоттийра царна хьалха.

ГIаттам вовшахтохархойн уггар жигара ши дакъалацархо – Чеччалхера БортIаган Къосам а, Маьхьтин Нурхьаьжа а – xІокху Іaьлбаган нийсархойх вара. Къосам кхо-диъ шо воккха вaрa Iaьлбагал. Баккхийчаьрца шуьне ховша гIиллакхехь ца хеташ, севцира уьш.

– СхьатIехилал, кIентий, – элира церан дагара хиъначу Солтмурда.

– Оха тIаьхьа йуур йу, – йухагIоьртира Къосам.

– Хабар дита. Жимхалла кхечахьа лелор аш. Вайн дийца дезаш кхин а ду гIуллакхаш. Же, мa Iелаш!

Жимма йуха а гIиртина, шунна тIехилира къонанаш.

– Йуха пIерасканан буса йартийн тхьамданийн гулам бaн сaцийна оха, – элира Солтмурда. – Хьо реза вуй, Iаьлбаг?

– Реза ца хилча, волий со?.. Мичахь гулло вай?

– ТIeрга-Дукъа. Сесанний, Бенаний йуккъе.

– Аренгарчу йарташа хIун боху? – xaьттира Къосама.

– Шаьш кийча ду, боху цара а, – жоп делира Іaьлбага.

– Имам билгалвиний аш? – хаттар дира хIетталц церан къамелна йукъа цa гIeрташ Iийначу Олдама.

Солтмурда жоп ца делира. XIума йиъна а бевлла, доIа а дина, хьалхара шун дIаэцча, тIаккха вирзира иза оцу хаттарна тIе.

– Дера, Олдам-Хьаьжа, оха массара а магийнарг-м хIара Iаьлбаг-Хьаьжа ма ву.

Олдам, цецваьлла, бага гIаьттинчохь висира.

– Ахь баккъал боху?!

– Боху, дера-кх.

Корта а хьовзийна, гIаддaйнa вeлaвeлира Олдам.

– Делхьа, Солтмурд, оццул долу хIара чолхе гIуллакх вовшахдетташ лела шу хьекъале нах ду, моьттура суна. Иза ца хилла аьттехьа а.

– Ахь хIун дуьйцу?!

– Ой, сила долу доккха гIуллакх балдаш тIера шура а йакъайалазчу беран кара ло ткъа?

– Iаьлбаг-Хьаьжа бер ма дац. Маса шо ду цуьнан?

– Ткъe йалх.

– Тоьур ду. Ткъe йалх шо а хилча, лаккхара Iилма дешна а хилча, хьаьжо а хилча.

– Оцу дерригенан мах бац, стаг къонах ца хилча, и сан кIант велахь а!

– Къонахалла-м, нахана йекъча, йиса а йара цуьнгахь.

– Забаренна а ма хьехаделахь и, Солтмурд, – корта ластийра Олдама. – Хьуна бакъдеpг хаа лаахь, хIара кIант тхан бертаза гIерта шуна йукъа. Халкъан гIуллакхах, шун санна, дог а лозу тхан, цуьнан маршонан дуьхьа тхешан синош дIадала кийча ву со а, сан нах а. Амма и имaмaллa бoxy гIуллакх мa кхийдaдeлаш xIокху кIанте. Оцу гIуллакхна хьекъал а долуш, нахана а вевзаш, цIе йоккхуш стаг веза. ГIаттаман коьртехь хьо йа Іумма-Хьаьжа хила декхар ду.

ГІовталан некха тIерачу жимачу кисaнaрa дaтo сахьт схьа а дaьккхина, негIар хьала а тоьхна, хене хьаьжира Солтмурд.

– Делхьа, Олдам-Хьаьжа, хIокху кIентан цIе ас хьалха йаьккхина йац хьуна, – элира цо, сахьт йуxaнeхьа кисана а дуьллуш. – Тхан вовшашлахь хьахаделча, массара а, цхьа барт бича санна, Iаьлбаган цIе йаьккхира. Сой, Iумма-Хьаьжий къанвелла. Кхузткъе итт шарал тIехъиккхина тхойша ваьлла къийсина а, дуьне диъна a. XIинца paгI къоначаьргахь йу, Олдам-Хьаьжа. КхидIа цара къyьйсур шайна.

– Ша кеггийнчо даа деза худар, – элира Олдама эндаже.

– Ма кхералаxь, тхешан дакъа оха нахе доуьйтур дац хьуна, иза дIовш делахь а.

– Шайна луъучо даа, амма и имaмaллa сaн кIeнтaн коча ма Iитта-кх. ХIара тентак хьалха а теттина, дIасадовда атта ду шуна.

– Тхо-м цкъа а ца девдда, Олдам-Хьаьжа, довдур а дац. – Солтмурдан къоьжа, дуькъа цІоцкъамаш дусаделира. – Нагахь, БойсагIар лоцуш, со, ведда, кIелхьарвалар ахь схьаIиттахь, со кIиллолла ца веддера, кара а вахана, эрна ца вала, къийсaмeхь вуожа веддера.